Къамел деш уьш Iачу хенахь кертара белхалочо хаам бира Татарханан ваша веъна аьлла.
– Кхуза чоьхьавала ала цуьнга – элира хIусамдас.
Жимма хан йаьлча, чоьхьа велира тIеман духар а долуш, майор цIе лелош волу Джансуг. Оьрсийша-м Георгий олура цунах. Шен вееш корта а таIийна, цо кхарачочуьнга куьйг кховдийра:
– Муха Iаш ду шу, эла? ХIинца-м хьо волчу ца вогIуш Iийр вац хьуна со – велакъежара иза, ткъа йуха цо Куте куьйг кховдийра.
– Джансуг, девзаш хир ду шу! ХIара Нохчийчуьр сан уллера накъост ву – вовзийтира Ислама вешина шен доттагIа. Джансуг вешина улло охьахиира. Дадешкелиани вежарий шайн хьешашна дуьххьал Iаш бара. Ислама а, Татархана а хоьттура эпсаре цуьнан гIуллакхаш муха ду, тIеман урхаллера керлачух лаьцна. Цаьрца къамел деш волу иза к?елд?ашхула нохчочуьнга хьоьжура. ткъа цIеххьана шена хантIе кхозучу тепчан мукъа тIе куьйг а дуьллуш иза хьалаиккхира:
– Со вала велла! Кута ма ву иза! – йоккхуш йерг шен цIе йоцуш санна меттаха ца волуш Iаш волчу нохчочунна тIера бIаьрг ца боккхура эпсара.
– Мила Кута? – цецваьлла хьоьжура шен веше Татархан.
– Нохчийн обарг Кута ву-кх! – шен ваша ша дуьйцучух ца кхетарна оьгIаз оьхура Джансуг.
– Хьуна вевза иза? – йуха а цецваларца веше хаттар дира Ислама.
– Вай хьанна ца вевза иза? – цIеххьана мохь беттачуьра соцуш, меллаша жоп делира Джансуга.
– Ма эхь ду иза! Суна-м ца воьвзу иза – цхьаъ дагадеана леррина нохчочуьнга хьоьжура эпсар.
– Со кхуза чоьхьа воллушшехь и сайна мичахь гина те бохуш, цуьнан терго еш Iаш вара со – велакъажарца стоьла хьалхара гIоттуш, хьешашна тIеволавелира эпсар, ткъа йуха Куте куьйг кховдош, цо элира:
– Буро а, Грозная а гIопашкахь массо а меттехь хьан суьрташ ду, ткъа хьан коьртах хIоттийна боккха мах а бу. Оьрсий кхоьру хьоьх, амма ламанхоша хьан сий до.
– ХIан! ХIинца вайна массо а вовше дика вевза – велавелира вист ца хуьлуш, Iаш хилла эла. Гулбеллачара йуха а дийцаре дира Кутас деана гIуллакх.
– Ислам, хьо тан доттагIа ву. Тхан дас Тенгиза чIогIа гергарло лелийнера хьан деца. ХIинца дуьйна хьан накъост Кута а тхан доттагIа хир ву. И кIант цу йийсарера маьрша ваккха мел а дукха ахча кхоор дац оха – шайн къамелана реза болуш, вовшашка хьоьжура ДадешкелианигIар.
– Ас кхана Геловани эла волчу а вахана дуьйцур ду кIантах дерг – ша бина сацам бовзийтира Татархана.
Iуьйре йекхна йара, амма делкъехь чIогIа йохлур йу. Сванетехь бIаьсте хьалххе йеанера Кавказан дукъа тIехьачул. Эланан кертахь заза даьккхинера стоьмийн дитташа, ткъа керла йаьллачу бецан баьццарчу куза тIехь даьржинера бес-бесара зезагаш. Геловани волчу массо а цхьаьна гIур ду аьлла сацам бира хьешаша. Дадешкелиани шен хьешашца а, иштта кхин болчу уллора накъосташца а эла Геловани Илико кхечира. Кхаьрга хьоьжуш хилча санна, сиха схьадиллира кевнаш. Геннара гуш вара кертахь стоьла хьалха Iаш вара ойланашка вахана къена эла. Говрашкара буьссуш, уьш эланна тIебахара. Керта богIу нах гича, эла меллаша хьалагIаьттира, ша карахь ловзош хилла шаьлта йуьстах а йоккхуш.
– Маршалла ду хьоьга, сан хьоме Илико! – куьйг кховдийра цуьнга Татархана. Къеначу элане маршалла хаьттира Ислама а. Кутас корта таIийра, амма куьйг ца кховдийра.
Массаьрга а лерина хьажарца, гуьржийн элас уьш стоьле кхайкхира.
– Хьо лаа веаний, Татархан со волчу? ХIун гIо оьшу хьуна соьгара? – щен хьешан бIаьргийн хьежарехь цхьаъ деша гIерташ санна хаьттира къеначу элас.
– Соьца сан накъостий бу, кхарачойн эла Крымшамхалов Ислам а, нохчо Кута а – бовзийтира Татархана шен накъостий.
– Суна вевзара кхуьнан да – Исламе дIахьаьжира гуьрже. – ЧIогIа гергарло лелош вара тхойшиъ, ткъа нохчийн обарг а вуьйцуш хезна – элира элас.
– Илико, хьуна хаьа тхойшиъ хIун гIуллакх эцна араваьлла. Айхьа хIоттийна мах ала, тIаккха оха кIант дIавуьгур ву. Иза шен нахана дIавала веза. Берашца тIом беш а ца хуьлу, берашкара чIир оьцуш а ца хуьлу – эланна тIера бIаьрг ца боккхуш, элира Татархана.
– Ас дукха хан йу массаьрга а дIааьлла: кIант со волчохь вац. Шаьш ца тешахь, хIара керт талла – жоп делира элас Куте а хьоьжуш. Кхета мегар дара элас кIант дIалур воций. Хьеший хьалагIевттира. Кутас ша кертара араволуш, йуха а хьаьжна элира:
– Диц ма делахь вайшиъ йуха а гур хилар! – кхин вист ца хуьлуш кертара аравелира Кута. Воккхачу стеган Iодика а йина шайн доттагIчунна тIаьхье аравелира Ислам а, Татархан а.
Илико волчуьра ДадешкелианигIаьрга хIорш цIа баьхкича, хIинца а дIаваханза хиллачу Джансуга элира:
– Кута, тхо тарковски элийн цхьа тIаьхье йу. Доьзална йукъахь хилла дар-дацар бахьана долуш, Сванетехь тхайн паргIато леха дезна тхан. Сайн белхан гIуллакхашкахула со дуккхозза а хилла Дагестанехь а, Нохчийчоьхь а. Къилбаседа Кавказан сардалан гуонехь болх бина ас. Со тешна ву тхан дай а хьо волчохь Довта-МартантIехь хилла хир бу. Хьо дикачу дайх, йаьхь йолчу къомах схьаваьлла а ву, Паччахьан эскар хьайх цецдоккхуш майра турпалхо а ву. ХIинца дуьйна хьо тхан уллора накъост а ву. Хьуна гIо эшча, тхайн ницкъ кхочург дан тхо кийча а ду – Кутех бIаьрг буьзна хьоьжура эпсар.
– Ас даггара баркалла боху суна тахана гIо дан мел гIоьртинчунна. Хьуна а, Ислам, хьайн массо а гIуллакх дIа а тесна, соьца Гуьржеха веана волчу. Шуна а – ДадешкелианигIаьрга хьаьжира Кута. – Аш шайн ницкъ кхочург дира и кIант цIа верзо. Баркалла шуна. Амма хIинца цкъа а хила йиш йац моьттург дан деза, иза ас дийр а ду – велавелира Кута.
Шен накъосташка Iодика а йина, Кутас йуьхьарлецира Маьршачу Сванете боьду некъ – шен доттагIа эла Ратиани а, цуьнан зуда, Кутин ду биъна йиша Фатика а йолчу. Татархана шен нах бахийтира Кутица цхьаьна, иза ша воьдучу дIакхаччалц цуьнан кхерамазалла ларйан.
Эла Мачутадзе
Кута эла Дадешкелиани волчу веана аьлла Мушнинна цу дийнахь хезира, амма ламанхойн Iадатаца догIуш дац нехан хьеший хьебан, нагахь санна и хьаша хьан уллера накъост велахь а. Фатика-м йоккха йина а ца йолура. Дукха хан йара цу шиммо Кута шайга хьошалгIа кхойкху, ткъа хIинца эххар а тIекхечира цара сатийссина мIаьрго. Буьйса йаллалц Iаш йара Фатика Кута схьакхачаре хьоьжуш, амма Мушнис элира цуьнга:
– Фатика, нохчаша чIогIа лардо хьошаллин хьалхара кхо де. ХIусамден ларам беш и кхо де лардеш хир ву Кута.
ШолгIа де а чаккхенга лестара. Iуьйранна дуьйна Местия дIавахана вара Мушни. Фатика шен кертахь гIуллакхаш деш йара. Иза йоьдучу тIаьхьа оьхуш, цуьнан кучан йухах а тассавелла вара церан ши шо кхаьчна волу жима кIант. Мушнис шен доттагIчунна сийнна Дато цIе тиллинера цунна. Делкъал тIаьхьа Мушни ша вехачу, Шхара ломан когашкахь Iуьллучу Ушгули йуьрта цIа веара.
Шавцкала (Iаьржа хи) хи Энгури хих кхетачу хьоста йистера, лаьмнийн марахь Iуьллу и исбаьхьа хаза йурт РатианигIара йиллинера.
– Тахана Кута нахаца къена Илико волчу веана хилла. Цуьнан аьтто а ца баьллачух тера ду – ойланца Фатике хьоьжура Мушни, говрара вуссуш. Цунна хаьара Кута кIант воцуш дIагIур воций, цундела иза схьакхачале ойла йеш вара иза хIун дан мегар ду а, мила цу гIуллакхна тIеверзо оьшу а. Шен дена дуьхьалхьаьдира кIант.
Мушнис иза маравоьллина, говрана тIе хаийра. Датон жима куьйг говран луьстачу кхесана йукъахь дIадовра.
– Кийча хилалахь хьеший тIеэца – элира Мушнис Фатике. Ткъа жима Дато-м воккха бере санна дозаллица говрахь Iаш вара, шина а куьйгаца цунах кхесах тасса а велла.
– Кута варе хьоьжуш вуй хьо? – хаьттира Фатикас.
– Кута кхана ван тарло. Тахана ас кхайкхина Хергиани а, эла Мачутадзе Александр а. Иза а нохчочун доттагIа ву. Дагаловла деза тхо кхин дIа хIун дан деза.
Хергиани хIинцале схьакхечира Мушни волчу.
Фатикас стоьла тIе кхача охьабуьллучу хенахь, царна хезира цхьаммо ков тухуш.
– Эла Мачутадзе веана – ков схьаделла вахара Мушни. ХIусамдена гира масех бере. Царех цхьаммо сихвелла кхунна тIевогIуш элира:
– Ас хьаша валийна шуна.
Кута ша йочано хьулйина гуьйренан стигла санна мокха вара. Амма Мушни гича сирла йелира цуьнан йуьхь. Ша жимха санна парт аьлла говрара охьа а вуссуш, шен доттагIчунна доггах маракхийтира иза.
– Шуна хьошалла дийр ду аьлла айса делла дош кхочушдина-кх ас – велакъежара обарг.
– Кута, тхан хьоме ваша! Хьо ДадешкелианигIаьрга веана вуй а хууш, ма сатуьйсура оха сихонца тхайн хIусамехь ган – маравоьллинчуьра дIа ца хоьцура обарг Мушнис.
– Чоьхьадовла. ХIусамда реза хир ву аьлла хета суна шуна хьошалла дан – элира Кутас ша новкъаваккха баьхкина хиллачаьрга.
– Ас чIогIа доьху шуьга сан хIусамера рицкъанах кхетахьара шу – дихйира Мушнис эла Дадешкелианис бахкийтиначу нахе.
– Беркат ма эшадойла хьан хIусамехь. Оха тхайна тIедиллина декхара кхочуш дина, цундела сихонца дIадаха а деза – элира береша, шайн говраш кертара ара а йохуш.
Къамелаш а хезна аравелира Хергиани, ткъа цунна тIаьхьа меллаша ког боккхуш, кIант а карахь йогIура Фатика.