Кута Хергианина маракхийтира:
– Ма хаза хийти суна хьо кхузахь гина. Муха ду шун Бечо йуьртара дахар? – хаьттира обарга.
Фатика уллохь лаьттара. Иза жимма йоьхна йара. Дагалецамаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа уьдура цуьнан бIаьргаш хьалха. ЦIийелла йогура беснеш. Атта дацара бердах доьдучура хьан ирс лардина волу стаг ган. Ма дукха хIуманна декхарийлахь йара иза Кутина. Иза ма вара цуьнан дахаран маьIна хилла безам лечуьра баьккхинарг.
Кутас Фатикина мара а кхеташ хаьттира:
– Маршалла ду хьоьга сан йиша. ХIун деш йу хьо? Сванаша хьийза-м ца йо хьо? – забар йира Кутас. ХIинца бен ца гира цунна ненан карара охьа а воьссина, цуьнан кучах тийссалуш лаьтта жима Дато. Малх санна нуьре лепачу, горгачу йуьхьтIера шен даккхий бIаьргаш къерзош, цецваьлла хьоьжура иза шена дуьххьара гуш волчу стаге. Кутас кIант лекха хьала а ойуш элира:
– Вийца а ца оьшуш, хьенан ву хуур долуш ву!
Ткъа йуха леррина кIанте а хьаьжна Кута, гIеметтахIоьттинчу стаге санна вистхилира цуьнга:
– Со теша хьоьх хьайн да санна вуьззина къонаха хир ву аьлла. – КIентан коьртах куьйг а хьаькхна, шен йуьткъачу гIодайуккъера тIехь шаьлтий, тепчий кхозу датоца кхийлина доьхка Фатике дIакховдийра цо:
– ХIара соьгара совгIат ду кIантана.
Массарна а боккха тIеIаткъам бинера кху цхьаьнакхетаро. Кху доьзалан дахарехь йоккха лар йитина стаг ма вара Кута, ткъа хIинца шен дахарехь чолхе киртиг тIехоьттича, кхаьргара гIо оьшуш а вара.
Массо а чоьхьавелира, хIинца а йолийна ца хилла делкъе йан. Кутас дийцира шен Гелованица хиллачу цхьаьнакхетарах лаьцна:
– Ахчанца эцалур волуш вац и эла. И кIант нуьцкъала ваккха веза цуьнгара. И гIуллакх къасто кхин агIо йац – хаам бира шен накъосташка Кутас.
– Дер Кута, суна иза хууш ма дара, цундела ма кхайкхинера ас Дато а. Кеста схьакхача везаш хьан кхин цхьа доттагIа а ву – эла Мачутадзе – жоп делира Мушнис. Кута цхьаъ дагадеъча санна велавелира:
– Дер иза чIогIа кIоршаме а, тIех майра а стаг ву, амма шен оьздангаллица иза дерриге а хьулда хаьа цунна – элира Кутас. – Шен элаллийн куралла охьа-м ца йиллина кхо? – велавелира Кута.
– Эла хиларал а чIогIа дозалла до цо ша интеллигент хиларах – элира Хергианис.
– Кута, хьо гена некъ бина гIелвелла. Ахь садоIучуна ханна, эла а схьакхочур ву. ТIаккха цхьа ойла йийр йу вай кIант муха маьрша ваккха веза – стоьла хьалхара гIаьттира Мушни, Кутина куьйгаца хьешан цIа а гойтуш.
Кута садаIа дIа а вахийтина, Мушнис а, Датос уьстагIна урс хьаькхира. Фатика аьхкенан пеша уллохь цхьацца дезарш деш йара. Церан массеран а куьйгаллехь волуш санна, дозаллица корта а айбина, хьийзара, нохчийн говзанчас Дускис йина шаьлта шена тIехь кхозу, Кутас делла дато доьхка а дихкина волу жима Дато.
Шекъа санна баьржира стиглахь маьркIажен бода. Кута ламаз деш вара. Ламаз дина а ваьлла хьешан цIийнара ара ваьлча, цунна гира шен накъосташна йуккъахь Iаш волу цхьа ламанхо. Кутина иза вевзаш вацара.
Массо а хьалагIаьттира. Кута ламанхочуьнга куьйг кховдош, Мушнина йуххе охьахиира.
– Кута, масех шо ду хIара стаг эла Илико волчохь болх беш волу. Кхуьнга ладугIур ду вай – элира Мушнис.
– КIант дийна ву. Суна дукхозза гина иза эла волчохь. Стомара дийнахь делкъхенахь, эла волчу веанчу цхьаьна стага хаам бира кIантана тIаьхьа вогIуш нохчийн обарг ву аьлла. Эла чIогIа воьхнера. Иза кхоьрура нохчий шегара кIант ваккха шен керта лелхарна. МаьркIаже хенахь, цо кIант Кутаиси дIавигийтира – элира ламанхочо.
– КIант цомгуш-м вац? – корта хьала ца ойуш, хаьттира Кутас.
– Вац, могуш ву, амма чIогIа гIайгIане ву-кх даима – корта ластийра ламанхочо.
– Маса шо ду цуьнан? – хаьттира обарга.
– Диъ-пхи шо хила тарло – ойла йеш жоп делира хьашас. Иза новкъа а ваьккхина, Мушни чоьхьа велира.
– ГIуллакхашах дерг тIаьхьа дуьйцур ду аш, цкъа йуучух кхетийтиша вайн хьаша – бохуш Фатика дIасауьдучу хенахь, цхьаммо церан ков туьйхира. Мушни чехка аравелира. Хергиани неIсагIехь лаьттара, ткъа Фатика нохчийн обаргана уллохь. Арара схьахезаш гIовгIа йара. Керта велира чопа йаьлла хихкинчу говрашкахь масех бере.
– Эла Мачутадзе а схьакхечи! – хазахетарца Куте вистхуьлуш ламиштIехула охьахьаьдира Дато.
Паччахь веъча а ца хьийза-кх Гуьржехь ишта боьхна хьо веъча санна. Марша вогIийла хьо! – забар йеш Кутина маракхийтира эла.
– Делера салам-маршалла хуьлда! Хьо верг ву-кх хьо! Элийн сийллалий, ламанхочун сонталлий цхьаьна ийна стаг хьо бен гина вац суна – велавелира Кута.
Тайп-тайпанчу даарех йуьзначу стоьла хьалха охьахевшира накъостий.
– Эла, хьан нахана сехьа чохь йуург кечйина – элира Мушнис.
Пхьор деш накъосташа доттагIаллин хьелашкахь, мерза хан йоккхура, дIаэхнарш, хилларш дуьйцуш. Йуучух кхетта а девлла, накъостий шаьш биссича, эла Мачутадзес элира:
– Дика хаамаш бохьуш веана вац шуна со. Обарг Кута Сванетехь хиларах лаьцна Гелованис оьрсишка хаам бина. Кхана Iуьйранна Мушни вехачу кху хIусаман кхолха гуо лоцур бу. ХIинцале Местера йаьккхийчу тоьпашца арайаьлла саьлтийн ши тоба. Бурунташе а, Киркит-Ауше а, Накре а доьду ламанан некъаш хIинцале эскаран тергонехь ду. КIантаца дерг цкъа хIара дIа а дерзийтина бен дуьйцийла йац. ХIинца ас шун хьаша, шуна мел халахетахь а, суо волчу Нигоити дIавуьгур ву – ша бина сацам бовзийтира эла Мачутадзес.
Массо а кхетара кхолладеллачу хьолахь, цундела Александра аьллачунна дуьхьал ца хилира цхьа а.
– Маца дагахь ду шу новкъадовла? – хаьттира Мушнис.
Эла Мачутадзе Александр
– Цхьа мIаьрго а эрна дIайахийта йиш йац. Буьйса йуккъе йаханчул тIаьхьа, уьш Ушгулехь хир бу. Ас новкъахь битина сайн нах церан терго йан.
Мушни сиха аравелира обарган говр кечйан. Кхин деха къамелаш ца деш, накъостий дIакъаьстира. Гуьржийн эла Мачутадзе нохчийн обарг Кутица цхьаьна Ланчхутина уллора шен дай баьхначу Нигоити йуьрта дIавахара. Минот йалале церан масачу дойн гIаларташ Iаьржачу буьйсанан боданехь дайра.
БIаьстенан буьйса екхна йара. Лаккхарчу Сванетин лаьмнашкахь мел герга дара седарчий. Хеталора куьйг кховдийча, ша байтIера зезаг санна и стиглара баккхалур бу. Ушгулира охьанехьа беш болу некъ чолхе бара. Беттасан серло йацахь-м муххале а кхераме хир дара. Ломара ши бере аренга ваьлча, царна дуьхьал баьхкинчу эланан наха хаам бира Лалхорара эскархой Ушгули йолчу агIор дIагIерташ бу аьлла. Мачутадзеца хиллачу масех свана тоба Местияна гуо баьккхина, кхечу некъахула йигира. Шаьш Сванетера дозанал арадевлча, некъан йистера цхьаьна нилха хьунна йуххехь саца а соцуш, Мачутадзес элира:
– Кута, вай хIинца Мингрелехь ду. Кхузара гена йоцуш сан доттагIа вехаш йурт йу. Иза волчохь жимма соцур ву вайшиъ.
– Со хьан хьаша ву, цундела ахь дIагIо аьллачу дIаваха кийча а ву – реза хуьлуш жоп делира Кутас.
– Со волчу Нигоити дIаваха кхин а масех де деза вайшинна. Суна хетарехь дика хир ду Сванетера вай гена ца довлахь, тIаккха атта хир ду вайна Иликонна тIекхача. Ткъа хIинца вайшиъ соцур ву ширачу Мингрелин Зугдиди олучу коьрта шахьарехь. Цигахь веха сан стунден гергара стаг эла Дадиани. Вайна мел оьшу а кхераме хIумма а доцуш хан йаккха йиш хир йу вайшинан цигахь – обарга хIун олу ладугIуш вара эла.
– Со реза ву ахь бохучуьнца. Дика хир ду вай кIантана гена ца довлахь – реза хуьлуш, корта лестабора Кутас.
Зугдидихь накъостий гIалара ши гIатт йолчу, хаза кечдинчу ши гIатт йолчу цIено чохь дIатарвира. Керт йоккха йацахь а, амма хаза а, паргIат а йара. Жимачу беша а, кертахь довлучу зезагаша а шатайпа синтем боссабора кийра. Гуш дара хIусамдай Iаламца хийра ца хилар. ШолгIачу дийнахь Кута шен накъостий болчохь а витина Мачутадзе шен гIуллакхашкахула дIавахара. Ткъа Кута-м гуьржиша тайп-тайпана кхачанаш кечбеш хIумма а вуо лелош вацара.
Цхьа кIира даьлча, эла йухавеара:
– Кута, хьо Зугдидехь а витина, тхо Сванети ма даханера. Ас цигахь ши де даьккхира. КIант вац эла волчохь. Цхьанхьа дIавигначух тера ду цо иза, хетарехь шайн тайпанера нах бехачу Кутаиси. Хьуна совгIат дан дагахь вара со, амма гIуллакх ца хили-кх сан.
Кута гIайгIане вара. Цуьнан дагахь дерг хууш цхьа Дела бен вацара.
– Баркалла хьуна, эла! Дукха качвина аш со кхузахь. Мерзаниг йууш, кIедачу метта охьавуьжуш, суо обарг хилар а дицдина аш суна, цундела дIаваха веза со Нохчийчу. Ткъа кIантана тIаьхьа со йуха а вогIур ву – хьалаиккхира обарг.
– Кута! Вай хIинца со волчу Нигоити доьлхуш ма ду. Вайга хьоьжуш ма бу цигахь. Ас хаам бан стаг ма вахийтина.
Кута башха лууш вацара ишта гена Гуьржеха дIа чу ваха, амма Александра ша хьаша а валош вогIуш ву аьлла цIерчаьрга хаам бина хилча, ца вахча ца волура иза.