Сване леррина хьаьжна, Кутас хаьттира:
– Хьо тойне ваха араваьлла-м вац, шаьлта а оьллина, чоа а доьхна?
– Вац! Соьгахь кхин а топ а йу. Со тойне ваха араваьлла вац, со тIом бан араваьлла ву. Кутас ловзарга суо кхойкхур воций хаьа суна – забар йира эла Ратианис. ТIакхха цо нохчочунна бовзийтира шеца баьхкина накъостий:
– Кута, хIара Хергиани Дато ву – сан бераллера тешаме доттагIа. ХIара ца хиллехь со кхуза тахана кхочур а вацара – элира Мушнис, зоьртала дегIехь, куц долу ламанхо Кутина тIе а валош.
Дато леррина хьоьжура шена дуьххьара гуш волчу Кавказехь цIейаххана волчу нохчийн обарге:
– Суна дукха хезна хьоьх лаьцна дуьйцуш. Фатикас хьоьга доккха салам-маршалла а ло бахара, хьо вихкина а Сванети дIакхачаве а бахара цо – элира гуьржичо Кутига куьйг а луш.
Хьеший йоккха чоь дIалаьцна охьахевшира. Пенна хьалха лаьттачу пешахь, цIарул цIен суйнаш дIасхьа а кхуьссуш самукъне лелхара дечиг. Беха некъ бина гIелбеллачу хьешийн догIмаш мерзачу кхачано а, хIусамера йовхоно а малдинера. ХIусамда вистхилира:
– Кута, вайн хьеший гIелбелла. Хетарехь, вай тховса садаIа деза, ткъа кхана паргIат вайн гIуллакх дийцаре дийр ду вай.
– ХIан-хIан! Оццул гIелвелла а вац со, Кутас со хIунда кхайкхина хIинццехь ла ца доггIал – элира Мушнис, лерина шен нохчо доттагIчун бIаьра а хьоьжуш. Цуьнца реза хилла корта лестош вара Хергиани Дато а.
– ТIаккха-м, хетарехь вайн суьйре дикка йахлур йу аьлла хета суна – велакъежира Ахия.
НеIсагIехь лаьттачу шен вешин кIанте а хьаьжна, хIусамдас элира:
– Цундела чай даима а довха а хила деза!
Буьйсанан тийналла хьаьрчира хIусамах. Массо а Куте ладогIа кийча вара. Нохчийн обарга дийца долийра ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву:
– Ши кIира хьалха цхьа нохчо волчохь со хьошалгIахь волчу хенахь, суна хиира Геловани Илико гуьржийн эла волчохь закъалтана лаьцна нохчийн жима кIант хилар. Иза Нохчийчу цIа а вигна, шен волчарга дIавала веза ас. Амма цкъа суна хаьа деза и кIант дийна ву йа вац, боккъалла а и эла волчохь ву и кIант йа вац – Кута сатийсамца хьоьжура Сванетера шен накъосташка.
– Тхуна хаьа цунах лаьцна – гIайгIане шен доттагIчуьнга Датога хьаьжира Мушни. – Масех бутт хьалха, нохчийн цхьаьна совдегара дукха ахча дара цу кIантах луш, амма къена эла ша аьлачунна тIера вер волуш вац – элира Мушнис, геналле бIаьрг бетташ.
– КIант иэцалур вац. Иликонна ахчанан мах ца хета дукха хан йу – къамелана тIевирзира Хергиани. – Суна хетарехь и хаттар ДадешкеланигIара къастор дара. Ма-дарра аьлча, цара дакъазадаьккхина а дара ГелованигIеран тайпа. Цхьаьна хенахь Дадешкилиани Тенгиза цхьа чIогIа доккха гIуллакх дина хилла боху Геловани Иликонна, цундела иза цунна хьалха декхарийлахь ву. Ша Тенгиз хIинца вац, амма цуьнан кIантана Татарханна хууш ду ша дерриге а. Нагахь санна хьан цу ДадешкелианигIарна тIекхача аьтто балахь, ахь хIумма а хала ца воккхуш, кIелхьаравоккхур вара и кIант – хехар дира Кутина Датос.
– ДадешкелианигIар болчохь кест-кеста хьошалгIахь хуьлу кхарачойн эла Крымшамхалов – элира Мушнис.
– Крымшамхалов Ислам суна дика вевза! Тхойшиъ доттагIалла лелош а ву – хазахийтира Кутина. ХIинцалц вистхилар доцуш хиллачу хIусамдас элира, Кутина сатийсам бохош:
– Схьахетарехь, Илико Геловани кIоршаме стаг а ву, ша аьллачунна тIера вер волуш а вац. Нагахь санна цо ДадешкелианигIеран дехара а жоп ца луш дитахь, тIаккха хIун дийр ду вай? Цу тIехь ойла йан йеза вай!
– ТIаккха вай нуьцкъала цуьнан хIусаме чу а девлла, кIант Куте дIалур ву-кх – дIахьедира Мушнис.
Ах буьйса йаьллера. Пешахь лелхачу дечиган тата бен ца хезаш, йуха а тийналла йоьссира.
– Со бахьанехь цхьаьна а стагаца шу девне ас довлуьйтур дац. Суна хаьа сванийн йукъараллехь чIир боху дош муха маьIна йолуш ду. Суна шуьгара оьшург гIо бен дац, ас цIий Iанаде ца боху шуьга. КIентан да а вийна элас шен цхьаъ бен воцучу кIантах чIир эцна. – Алу хилла догура Кутин бIаьргаш. Нохчийн зудчун дахар гIеметтахIоьттинчу шина къонахчун дахаран меха ду – элира Кутас, къона нохчийн зуда йалар дагчуьра ца долуш…
Кавказехь цу деношкахь кхин а чIогIа шелйелира. Цу хьолехь шен хьеший новкъа ца бовлийтира Ахияс. Цундела цара кхин а масех де даьккхира Балкхарехь. Накъостийн барт хилира бIаьста, жимма а некъаш аттачу девлча, Кута кхарарчойн элаца Крымшамхаловца Дадешкелиани элий болчу Сванете хьошалгIа а веана, церан гIоьнца кIант цIа верзо хьожур ву аьлла. Нагахь санна ишта а аьтто ца балахь Кутас ламанхойн тобанца Сванете а вогIий, нуьцкъала кIант схьавоккху, ткъа цуьнан накъосташа сванаша Доккхачу дукъа тIехьахула Балкхаре дехьавала гIо до цунна.
Цу тIехь барт хилла дIасакъаьстира накъостий. Мушни шен доттагIчуьнца Хергианица къоьжачу Кавказан ирхенаш рогIера йаха дIатасвелира, ткъа Кута шен накъостаца ГIебарта вахара, цигахь жимма са доIуш, хан а йаьккхина, Нохчийчу дехьавала дагахь.
Кхарачара Ислам
1901-чу шеран шело ца кхоош деана и буьрса Iа хуьйцуш, Кавказан лаьтта йоьссира къона бIаьсте. Баьццарчу духаро кечйира хьаннаш, ткъа бес-бесара зезагийн кузо хьулйира шера аренаш а, некъан йистош а. КхоалгIа де дара Кута Йоккхачу Кхарачара Учкулан олучу йуьртахь меттигера эла Крымшамхалов Ислам волчохь хьошалгIахь волу.
Масех эзар стаг веха йоккха йурт йара Учкулан. Кхузахь масех маьждиг а, туьканаш а, пхьаьлгIанаш а йара. Учкулан олучу хи йистехь, Уллу-Кам олу кхин цхьа ахка цу хих кхетачу исбаьхьа хазачу меттигехь Iуьллура и йурт. Иза цIейаххана йара даьхний а, наккхармозий а лелорца.
Ши де хьалха Ислама шен нах Накра дукъал дехьара хьал муха ду хьажа дIахьажийнера, Гуьржийн махка дехьавалар таро хир йуй талла.
Кутас дийцира Исламе ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву. Кхарачойн элас тешо йира Кутина гIо дан ша шен ницкъ кхочург дийр ду аьлла.
ШолгIачу сарахь Крымшамхаловс бахийтина хилла нах цIа баьхкира. Цара хаам бира Гуьржеха боьду некъ биллина бу аьлла.
Кхин цхьа де даьлча, шен нах вовшах а тоьхна, Кута цхьаьна а волуш, кхарачойн эла Гуьржеха ваха новкъавелира. Арабаьккхина некъ атта бацара, ткъа лаьмнашка лекха хьала мел волу, иза кхин а чолхе а, хала а хуьлура. Амма Iаламан хазалло а, Шат-Ломан буьххьера схьахьоькхучу цIеначу хIавао а гIо дора Кавказан ирхенаш атталица йаха.
ШолгIачу сарахь хьеший Сванетера ДадешкелианигIар болчу кхечира. Хаза тайина церан хIусамна гонаха йина лекха керта йара, ткъа уьйтIахь лаьттара кху махкахь уггаре а лекха лоруш йолу бIов. Кевнаш схьа а диллина, царна дуьхьал веанчу ламанхочо хIорш муьлш бу а ца хоттуш, чубигира.
ДадешкелианигIеран ков-керт вуно хаза кечйина йара. Гуш дара иза бехаш болчу нехан ков – керт хилар. ЦIенна гонаха а, кертан йистошкахула а дIадийна шортта тайп-тайпана дитташ а, зезагаш а дара. Ткъа цIенна тIехьара гуш дара говрийн доккха божала а, пхьалгIанаш а.
Беха некъ бина хьеший жимма дег меттах доккхуш боллушшехь, цIийнан ламитIехь гучувелира цIен чоа а дуьхна, гIеметтахIоьтина стаг. Цуьнан гIодайуккъехь дихкина дара дашо хIур биллина доьхка.
Крымшамхалов Ислам шена гушшехь иза хазахетарца ламитIера охьахьедира:
– Дала бакъ де суна суна гуш дерг! ХIара ма доккха совгIат ду – мохь туьйхира цо.
Ислам а, Кута а хIусамдена дуьхьал вахара, ткъа ши эла дегайовхонца маракхийтира.
Дадешкелиани Татархан воккхавийна а ца волура кхарачойн элас шена хьошалла дарна:
– Делахь, боккъалла а ма доккха совгIат хили суна ахь дина хьошалла – олура цо сих-сиха. Элана хIинца бен ца гира йуьстах ваьлла шайн цхьаьнакхетаран терго йеш лаьтташ волу нохчо.
Цуьнга куьйг луш Дадешкелианина гира нохчийн обарган и кIоргера хьежар.
Дадешкелианин хIусам йан а йара боккъалла а эла вехачу хIусамах тера. Хьешан цIенна нийсса йуккъехь лаьттара папан дечигах йина горга стол, ткъа цунна гонаха дара Iаьржа тIаьрсиг тоьхна гIанташ. Товханна хьалха лаьттара черчийн цIоканаш тIетессина даккхий, кIеда гIанташ.
Ткъа чоьнан малхаблен агIор доьзалан да Махвши охьахууш волу кечдина леккха гIант. Хьешан цIа сирла доккхуш, догура иттанаш чIурамаш.
Ткъа стоьла тIера чимтоссургана чохь кIур бетташ Iуьллура еза тонка чохь луьлла.
Хьеший йуучух кхетта, жимма садаIа паргIат битира, ткъа буьйсанна папан дечигах йиначу, кхачанах кечйинчу йоккхачу стоьла хьалха охьахевшира уьш. Татархан лерина хьаьжира шен хьешашка:
– Ислам, нагахь санна хьо со волчу кху нохчочунца веанехь – Куте хьаьжира иза, цхьаьна гIуллакхо соьгара гIо оьшуш араваьккхина хир ву-кх хьо?
– Татархан, ахь нийса боху! Хьогара гIо оьшуш араваьлла ву тхойшиъ. Кутас ша и хьоьга дийцича нийса а хетар дара суна – элира Ислама. Обарга жимма соцунгIа а йина, долийра шен къамел:
– Гуьржийна къена эла Геловани Илико волчохь ши шо ду закъалтана лаьцна нохчийн бер долу. Цу кIентан дас дов даьллачохь къеначу эланан кIант вийнера, ткъа шен кIантах чIир оьцуш элас тур тоьхна и нохчо а вийна. Эланан йийсарера йада гIоьртина цу нохчочун зуда Бурунтуша дукъа тIехьа йолуш, шелонах гIорийна йелла. Дийна виссина волу и жима кIант элас закъалтана лаьцна ша волчохь сецош ву. Заманан йохалла суна хезна дацара кавказхоша зударшца а, берашца а тIом бо аьлла. Со кIантана тIаьхьа веана. Иза шен цIа верзо веза, шен гергарчу нахе дIавала веза.
Обарг паргIат вистхуьлуш хиллехь а, амма цуьнан доьналлех дуьзначу сибатана тIехьаьжча а гуш дара, иза ша аьллачунна тIера цкъа а вер волуш воций.
– Суна хезна цунах лаьцна. Соьга дийцира и хаттар къасто гIерташ эла Ратиани ву аьлла. Цкъа мацах бIо булуш хилла и ГелованигIеран элийн тайпа тахана дикка гIелделла ду, амма шайн йаьхьах доьхна дац. Амма ма-дарра аьлча чуьра ара а ца волуш, массарех а дIакъовлавелла волчу Иликон коьртехь хIун ду хууш Дела ша воцург цхьа а вац – ойла йеш вара хIусамда.
– Татархан, хIара тахана сингаттаме волу нохчо суна ваша санна ву хьуна. Кху дахарехь Iедало а, ахчано а гIо ца дечу хенахь, дош лелаш волчу Кутех хуьлу сан мокхаза гIортор. Ас хIумма а шеко йоцуш эр ду хьоьга, цо и кIант йа дийна йа велла цу йийсарера маьрша воккхур ву хьуна. Со ца хьоьгу хьуна кхунна новкъарло еш дуьхьал вер волчунах а. Цундела хьайн ницкъ кхочург де и гIуллакх маьрша дIадерзо. КIант воцуш кху махкара дIадаха йиш йолуш дац хьуна тхо – кхарачойн эланна лаьара шаьш кхуза кхачаран мехаллех Татархан кхетийта.