ДИОЛАГ1А ДАКЪА: СИВАК
Цергашна сивак хьакхар суннат ду. Сивак лелор бохург: дечигац я кхечу х1уманца[48 - – Бехчалг, цергаш юьлу щётка (зубная щётка) я кхи ерг.] цергаш ц1ан яр, царна гуона?р мот а, доьла а ц1андар, вуо хьожа д1аяккхар ду.
Алла?х1ан Элчо, Алла?х1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: <<Аса умматан хало йийра яцахьара, аса церга омра дийра дара х1ора ламазан сивак хьакхарца>>.
Кху хьадийсо гойту Пайхамарна Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, шен уммато сивак лело мел ч1ог1а лууш хилла. Делахь а, шен умматах къинхетам а бина, царна иза суннат[49 - – Суннат дина х1ума ца дича къа дац, амма фарз ца дича къа ду, и башхалла ю цершин юккъахь.] йина йитина цо, фарз ца еш, царна хало ца ярхьам. Делахь а, иза фарз ца ярх иза лелор т1ехь мало еш хила бохург дац иза, мелла иза лелор т1ехь ч1ог1а хила бохург ду.
Иштта Пайхамаро, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла:
<<Сивако бага ц1ан йо, Алла?х1 реза во>>.
Цундела, сивак лелочунна Алла?х1 реза хуьлу.
Сивакац даима цергаш ц1ан яр дика ду. Массо хьелашкахь суннат ю иза марха кхобуш воцучун. Марха[50 - – Фарз я суннат марх, башхала яц.] кхобуш волучун делкъа хан хиллалц лелор дика ду, делкъан т1ехь марх дасталца ца лелор дика ду. Сивак гуттар ч1ог1а хьакхар деза лоруш къаьстина хьелаш ду, уьш:
1-Муьлха ламаза далле хьалха хьакхар, фарз-ламазна а суннат-ламазна а.
2-Ламаз эца волавалле. Ламаз оьцуш сивак хьокху меттиг куьйгаш дилича, бага-мерчу хи кхарзале ю.
3-Цергаш маж елчера ц1анярхьам, церан хаза бос хилийтархьам. Я цергашна юккъахь йисина яах1ум д1аяккхархьам.
4-Къуръан я 1илман дарс[51 - – Урок шариатских знаний.] я хьадис[52 - – Хьадис, – иза Делан Элчо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла дешнаш ду.] доьшуш.
5-Набарх сама ваьлча дийнахь хилда иза я буьйсана.
6-Шен х1усаме чу воьдуш. Микъда?д ибн Шурайхьо дийцина шен дас 1аишате[53 - – 1а?ишат Делан Элчи Делера салават а, салам а хуьлда цунна х1усам нана ю.] (Дела реза хилда цунна) хаьттинера:
<<Пайхамар Делера салават а, салам а хуьлда цунна хьалхара х1ун дора ша шен х1усаме чу веъча? 1а?ишато Дела реза хилда цунна элира: «Сивакац»>>[54 - – Муслим: 253.].
7-Багара вуо хьожа йоуьйту х1ума йиича, масала: сармсекх, хох, сигаьрк, иштта царех тера муьлха х1ума.
8-Яах1ума яаза хан яьлла багара хьожа еъча.
9-Багара вуо хьожа еъча.
СИВАК ХЬАКХАРАН Г1ИЛЛАКХАШ
1-Сивак дукха к1еда ца хилар церг1аш ц1ан ца еш я дукха ч1ог1а ца хилар доьлан чов еш, к1адалини-ч1аг1алини юккъахь хилар.
2-Сивак муьлха ч1ог1ачу ц1еначу х1уманах я мегаш ду, цергин можа бос д1абоккхуш йолучух. Суннат ду сивак муьлха дечигах хилар, дечигах «1уд» олуш ерг лелор кхиъ ч1ог1а суннат ду, цуьнан хаза хьожа хилар кхиъ ч1ог1а суннат ду. 1удах йолу сивакех уггаре вуолехь ерг, хица т1адаярца къад йина ч1ог1а ерг ю.
3-Сивак цергин лакхара лаха охьа ца хьокху доьла лаза ца дайта. Амма цергийн цхьан аг1онера вукха аг1оне хьокху. Маттан а сивак хьакхар суннат ду. Маттан сивак маттан лакхара лаха охьа хьокхура ю.
4-Суннат ду сивак хьакха волалуш баган аьтто аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца бен ца хьакхар. Цулт1ехь баган аьро аг1ора д1аволавелла цергашна юккъе кхаччалца хьакхар. Цергашна т1е сивак хьокхуш к1еда хьакха еза, доьлаш лаза цадархьам.
5-Суннат ду сивак хьаькханачул т1ехь сивак хица йилар цунна т1ера боьхал я хьожа я кхиерг д1аяккхархьам.
6-Суннат ду бера жималехь дуьйна сивакан марзадар.
7-Сивак хьокхуш суннат кхочуш деш ву ша аьлла нийят хила деза, т1аккха цунна сивак хьакхаран Делера йоккха ял хьулу.
СИВАКАН ПАЙДАНАШ
Сивакан дуккха пайданаш бу, царех бу:
Бага ц1аняр, сивак хьокхучун Дела реза хилар, цергаш к1ай яр, багара хьож дика хилар, доьла ч1аг1 дар, къеж валар т1ехьо хилар, букъ нис балар, кхетам та балар, доьла шел ца далар, г1иллакх та далар, х1ума дагахь сацар ч1аг1 далар, ял сов хилар, са атта далар, шах1адат дага диийтар[55 - – Шах1адат: Ла? ила?х1а иллалло?х1 – алар ду. 1ожул т1ееъча сивак хьокхучунна шах1адат а дага дог1ура ду.].
ПХИОЛАГ1А ДАКЪА: АДАМИ СУННАТАШ
Адами суннаташ – уьш ларт1ахь долчу адмаца хила деза х1уманаш ду. Уьш Ислам – динан г1иллакхаш ду.
1-БАГА ХИ КХАРЗАР
Ламаз оьцуш бага хи кхарзар.
2-МЕРЧУ ХИ КХАРЗАР
Ламаз оьцуш мерчу хи кхарзар
3-СИВАК
Сивак лелор тайпа-тайпанчу хьелашкахь[56 - – Сиваках лаьцна лакхахь дийцина.].
4-СТАГА МЕКХ ДАЦ ДАР
Мекх дац дар Ислам динан а, Пайхамари а (Алла?х1ера салават-салам хуьлда цунна) суннат ду. Мекх дац даран куца шиъ ду:
1-Мекх до?лу лакхарчу балда т1ера ч1ор гучу даллалц мекх дац дар, ч1оьра т1екхаччалца лах цадеш. Я д1аацадошуш.
2-Лакхара ц1е балдах т1ех долуш дерг д1адаккхар ц1е балда гучу даллалц, цулла т1ех ца долийтуш.
Суннат ду мекх дац да д1аволавалар аьтто аг1ора. Суннат ду 40 де ца далийтар мекх дац цадеш. Мекх ша дац да мегаш ду я кхечуьнга дац дайта мегаш ду.
5-СТАГА МАЖ ЯХ ЯЛИЙТАР
Йоккха еха маж хилар суннат ду. Пайхамаро, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Маж охь хеца>>.
Кхечу шен хьадийсехь цо аьлла: <<Маж гул е>>.
Мажан яхали дикох болу барам: ч1енги т1ера буй бича буйно д1алоцург бу, цулт1ех яьлларг д1ахадор дика ду йитича а х1умма дац. Буйни барамел лахара маж лелаяр дика дац, амма къа дац. Маж яц ян мегаш ду, генара хьаьжича юьхь т1ехь маж ю аьлла гуш йолучу барамел. Амма маж д1аяшар хьарам ду, къилахь ду. Маж яхка хьокхуш лелаяр суннат ду.
Коьрта месаш шар яр, царна даьтта хьакхар[57 - – Коьртанн меш шаръяр а, даьтта хьакхар а х1ора дийнахь хила мегар дац, юкъа денош довлуьйтуш хила деза.], пайхамаро, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шен меш йолучу, церан сий дойла>>.
Меш коьрта юккъула сиз боккхуш шина аг1ора[58 - – Аьтто а, аьро а.] д1асахьакхар пайхамари, Алла?х1ера салават а, салам хуьлда цунна, суннат ду. Корта д1абаша мегаш ду. Коьртан меш т1ера а, маж юкъара а к1ежбелла чо д1абаккхар дика дац, ша ма бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца[59 - – Можанаги, ц1енаги боцуш.] а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.
Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор[60 - – Татуировка.] хьарам ду.
6-М1АРАШ ХЕДАЯР