Оценить:
 Рейтинг: 0

Ламазан догIа

Год написания книги
2023
<< 1 2 3 4 5 6 >>
На страницу:
3 из 6
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь зезагах даьккхина хи ду, цершиннах ц1еннарг муьлхнаг ду, зезаган хи муьлхнаг ду ца хаа, х1ун дан деза?

Цершиннах ц1ена дерг муьлхнаг ду хьажархьам и талла ца толлуш, шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь, тема дийра ду.

– Цхьан пхьег1а чохь ц1ена хи ду, вукху пхьег1а чохь хьат1 ду, цершиннах ц1еннаг муьлханаг ду, хьат1 муьлханаг ду ца хаа, х1ун дан деза?

Шийи д1а1анадина, кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду.

КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: НАЖАС хiуманаш

Шарий1атехь нажас лору х1уманаш дукха ю. Нажасах бусалба стаг ларвала везаш ву, цунах ц1анвала везаш ву. Къаьстина 1ибадат деш бусалба стега дег1а т1ехь я бедар т1ехь я 1ибадат до меттехь нажас хила йиш яц. Нажас т1ехь йолуш дина 1ибадат нийса лоруш дац шарий1атехь. Цундела, шарий1атехь нажас лору х1ума йовзар т1ехь ду х1ора кхииначу бусалба стагна а, зудчунна а.

ШАРИЙ1АТО ШЕХ ЛАРВАЛА Т1ЕДИЛЛИНА НАЖАСАШ:

1-АДАМИ ХЬАТ1, БОЬХАЛ

Адами хьат1 а, боьхал а нажас ю. Амма адами[15 - – Стега а, зудчуьн а.] хи[16 - – Сперма.] нажас дац, ц1ена ду, х1унда аьлча Дала сийлахь кхоьллинчу адамин бух болун дера иза. Амма и хи хьатт1ац иэделла далахь иза нажас ду.

Амма дийнати хи[17 - – Сперма.] ц1ена ду. Ж1алинагий, хьакхинагий, цершиннах[18 - – Масала: Ж1алий, хьакхий хилла доьзал.] я цершин цхьаннах[19 - – Масала: Ж1алий устаг1ий хилла доьзалхо. Я хьакхий эсех хилла доьзал.] схьаяьллачуьн хи доцург, иза нажас ду.

Зудчун хьалхарчу бехке меттера йолу т1уналлах[20 - – Белое выделение.] нажас ерг ю, йоцург а ю. Зуда нишкахь когаш т1е оьха хиича цуьнан хьалхарчу бехке меттера гучу йолу т1уьналла нажас яц. Амма стега бехке меттиг зудчун бехке метте чу кхочучу[21 - – Ойхьаза юкъа меттиг хуьлуш (При половом акте).] барамер ара йолу т1унал а нажас яц. Амма цулла дехьа йолчу меттера йолу т1уналла нажас ю.

Амма т1ехьарчу бехке меттера ара йолу т1уналла нажас ю.

2-ДИЙНАТИ[22 - – Животное.] ХЬАТ1 А, БОЬХАЛ А

Яа хьанал йолу а хьанал йоцу а муьлха дийнати хьат1 а, боьхал а нажас ю.

3-ХЬАЛА1АЬТТИНАРГ

Адамо хьера[23 - – Желудок.] чуьра хьала1аьттинарг нажас ю, хьала1аьттинарг кхоллуш ма хиллар ялахь а я хийцаелла ялахь а. Амма некхара[24 - – Из груди.] я легашкара хьала1аьттинаг нажас яц, х1унда аьлча хьера чу кхечна йоцун дера иза.

Муьлха дийнато хьала1аьттинарг а нажас ю.

4-МАЗЬЮ

Мазью – иза к1айчу басахь йолуш, чекх са гуш юькъа йоцуш т1унал[25 - – Выделение.] ю, шах1ват[26 - – Возбуждение.] меттах даьлча бехке меттера йолуш ю иза. Иза нажас ю. Стагна а, зудчунна йолуш хуьлу иза. Иза т1екхетта меттиг цунах ц1ан ян еза. Мазью стагна а, зудчунна а йолуш хуьлу.

5-ВАДЬЮ

Вадью – иза к1ай йолуш, юькъа т1унала[27 - – Выделение.] ю, хьат1 телча йолуш хуьлу иза, могуш ца хилча йолу иза. Еза х1ума аййича а йолуш хуьлу иза. Стагна а, зудчунна а хуьлу иза. Иза нажас ю, д1аяккха езаш.

6-ОХЬ ДОЬДУ Ц1ИЙ

Охь доьду ц1ий нажас ду, адами ц1ий далахь а я дийнати ц1ий далахь а. Амма адами дег1а т1ехь чов хилла я сурх 1оьвдина ц1ий даьллехь, делахь а иза охь доьдуш доцуш гучу даьлла лаьтташ далахь, иза дита мегаш ду, Дала геч дина цунна, амма иза охь доьдуш далахь дита мегар дац, д1адаккха деза.

Амма кхечу адами ц1ий стагна т1екхетахь, иза къезиг далахь цунна геч дина, амма иза дукха далахь, т1аккха д1адаккха деза иза. Амма цо кхечун ц1и ша шена т1е тохахь, т1аккха цунна геч ца до иза к1езиг далахь а.

Амма ж1алий, хьакхий ц1и т1екхетахь иза дита мегар дац, иза мел къезиг далахь а, д1адаккха деза иза.

Амма урс хьаькхинчу дийнати до1ахки, 1онжари[28 - – Селезёнка.] ц1ена ду, даа мегаш ду и шиъ ц1их кхолладелла далахь а.

Урс хьаькхан йиначу дийнати даь1ахкан а, жижиган а т1ехь долу ц1ий нажас дац.

7-НОТ1

Нот1 нажас ю.

8- ЧОЙНА Т1ЕРА ХИ, АХКАРГАН ХИ

Чойн т1ехь гуллуш долу хи а, ч1ор дагича я лазадича цунна бухахь гулло хи, я ахкарган бухах гулло хи ц1ена ду нагахь санна цуьнан хьожа яцахь. Амма цуьнан хожа ялахь, нажас хи ду иза.

9-КЪЕ ЕЛЛАРГ

Къе елларг, – иза шарий1ато т1е ма диллар урс хьаькхина ца йинарг ю.

Къе елларг ериге нажас ю. Цуьнан чо а, мас а, т1арг1а а, цуьнан кийрахь йолу шура, цуьнан массо х1ума а нажас ю.

– Амма делчу адами дег1 я цуьнан меже нажас яц, иза бусалба я кериста хиллехь а, стаг я зуда хиллехь а.

– Къе белла ч1ара, къе делла ц1оз а хьанал ду, нажас ца лору и шиъ. Цундела, белла ч1ара карабахь, я делла ц1оз карадахь, и шиъ яа хьанал ю. Амма ч1ара жима балахь цхьауз кхаллар бен боцуш, цуьнан кийрахь дерг даа мегар ду. Амма ч1ара боккха балахь цхьауз кхалларца бериг д1акхаллур боцуш, т1аккха цуьнан кийрара нажас д1аяяккха еза.

– Шен меже яьккхича шен охь 1енаш ц1ий доцург а нажас яц. Масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, къийзорг[29 - – Клоп.], сегал[30 - – Блоха.], стоьма юккъахь кхоллабелла н1ана, юучу х1уман юккъахь кхолбелла н1ана. Царех цхьаъ хичу йоьжна цу чохь елча хи бехцало.

Амма уьш хи чохь дукха ялахь, уьш елла ялахь, уьш бахьна долуш хи хийцаделлехь, т1аккха хи нажас ду. Хийца цаделлехь нажас дац.

Амма шен охь 1енаш ц1ий доцург елла йолуш хичу кхоьссича и хи нажас хуьлу, амма и хи 200 литр далахь, хи хийцаделла дацахь, т1аккха хи т1ох1у?р хуьлу.

10-ДИЙНА ЙОЛЧУ ДИЙНАТЕХ СХЬАЯЬЛЛАРГ

Дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла йолу муьлха меже нажас ю, х1унда аьлча иза къе елларг санна йолун дера. Пайхамаро, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнат дийна долуш цунах яьккхинарг къе елларг ю»[31 - – Хьа?ким, 4/239.].

Вайна даа хьанал долу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла шура, мас, чо, т1арг1, пух, хьацар а, багар шат а ц1ена ю. Амма цуьнан ма1, м1ар, берг[32 - – Копыта.] я кхиерг нажас ю. Амма иза делча цуьнан муьлха х1ума нажас ю.

Амма даа хьанал доцучу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла цуьнан шур, чо, мас, т1арг, ма1, берг, кхи йолу муьлха х1ума а нажас ю.

11- Ч1АГ1АР

Ч1аг1ар нажас ду, иза кемсех, тамрех, я кхечу х1уманех даьккхина далахь а.

Ч1аг1ар бохург ша мелча вахош йолу х1ума ю. Иштта аларан бахьана, молуш йоцуш амма вахош йолу х1уманаш хуьлун дера ду. Масала: анаша, таблетк, иштта кхин а. Уьш хьарам ю, делахь а, царех хьакхавелча бех цало, х1унда аьлча уьш нажас яц. Амма вахош йолу молуш йолу коча х1ума хьарам ю, нажас а ю, иза кхетта меттиг боьха лору.

12-Ж1АЛА, ХЬАКХА

И шиъ нажас ю. Цершиннах[33 - – Ж1алехи, хьакхахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан да-нана ж1алий, хьакхий долун дера.] схьаяьлларг я цершинах цхьаннах[34 - – Масала: хьакхехий, цицигахий схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ хьакх йолундера. Иштта ж1алица а хуьлу. Масала: ж1алехи, котамахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ ж1ала долун дера.] схьаяьлларг нажас ю.

Ж1АЛЕХ ХЬАКХА ВАЛАР:

1-Ж1алин т1еда меттиг[35 - – мот, мар, багара шат, хьат1, боьхал, цуьнан кхи йолу т1еда х1ума.] цхьаннех хьакхалахь, иза хьакхаелла меттиг боьха лору.
<< 1 2 3 4 5 6 >>
На страницу:
3 из 6