Оценить:
 Рейтинг: 0

Ламазан догIа

Год написания книги
2023
<< 1 2 3 4 5 6 >>
На страницу:
4 из 6
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

2-Ж1ала т1оьхулара т1еда далахь, цунах хьакхаелла меттиг боьха лору.

3-Ж1алин екъа меттиг т1еда меттигах хьакхалахь и меттиг боьха лору.

Кху кхаа хьолехь ж1алехь хьакаелла бех елла х1ума ворх1за йила еза, цхьауза латтаца юьлуш.

– Ж1алин екъа меттиг екъачу меттигахь хьакхалахь, и меттиг боьха ца лору.

Ж1алах хьакхавалар дериге а хьакхах хьакхавелча а ду.

НАЖАСАН МЕТТИГ Ц1АН ЯР

(1) -Ша шен дег1аца нажас йолу х1ума нажас йолучера д1ацайолу. Масала: ж1ал, хьакх, къе елларг, ц1ий, хьат1, боьхал, иштта кхи йолу нажас х1ума а. Нажас йолчера ц1анлуш ер кхоъ ю, ч1аг1ари, къе еллачун ц1оьки, къе еллачух кхоллаелла са долу х1ума. Уьш ц1анялар ишта хуьлу:

1-Ч1аг1ар ц1ена хуьлу иза ша ч1аг1ар долучера хийцаделла, цунах уксус хилахь, адамо хийцина доцуш. Иштта кхолладелла уксус ц1ена лору. Амма адамо хийцина хилахь, из ц1ена ца лору.

2-Яа хьанал йолу х1ума къе елча иза ериге нажас ю Делахь а, цуьнан ц1ока дабг1а дарца ц1анлуш ю.

3-Къе еллачу х1умах кхоллаелла са долу х1ума ц1ена ю. Масала: къе еллачу х1умах кхоллабелла н1ана. Иза ц1ена бу.

(2) -Ж1алин, хьакхин нажасах бехъелла х1ума ворх1уза ц1еначу хица йила еза, цхьауза латтаца юьлуш. Ворх1аза йилар д1адолало нажасан дег1 д1адаьккхинчул т1ехьа. Амма ж1алин я хьакхин нажас т1ехь гуш йолуш, цуьнан дег1 д1адаккхаза долуш нажасах меттиг йила мегар дац. Ворх1аза юьлуш латта хьалхара йиларца лелор дикох ду. Латта ц1ена хила деза, шеца йоцу кхи х1умма шех иэелла йоцуш.

(3) -Яах1ума яаза а, малаза а, векхаш бен воцу к1ента[36 - – Вакхош волу.] хьат1 кхетта меттиг йиттар т1ехь дац, цунна т1е хи доьттича кхачам бу, нагахь санна хьат1ан чам, хьожа, бос д1абалахь. Д1ацабалахь д1абаккха беза.

(4) -Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ента хьат1 кхетта меттиг нажасах ц1аняр хьахий вай. Амма кхи йолу муьлха нажаса цхьауза йилча тоьуш ду. Амма цхьауза йилча ц1анцалахь, ц1анаяллалца йила еза. Нажас д1айоккхуш х1ара бехкамаш ларбан беза:

– Юьлуш йолучу х1уман т1ера нажаси дег1, чам, бос, хьож д1аялийта еза.

– Йилча чам бисахь, боссий хьожий д1ааяьлла, и меттиг ц1аньелла яц.

– Йилча боссий, чаммий д1ааабаьлла хьожа д1айолуш яцахь, иза ц1ена лору.

– Йилча чаммий, хьожий д1ааяьлла бос д1аболуш бацахь, иза ц1ена лору.

– Йилча чам д1аабаьлла, хьожий-боссий цхьаний биснехь, иза ц1анъелла ца лору.

– Нажасац бехъелла х1ума юьттуш иза 1овдар т1ехь дац[37 - – Не объязательно.], амма 1оьвдича дика ду.

– Нажас д1айоккхуш саба я цу кепара кхи х1ума лело мегаш ю, цулт1ех ц1еначу хих яьккхичхан.

– Ж1алий, хьакхий, вакхош волу к1ент1а хьат1 доцуриг, кхи йолу нажас д1айоккхуш меттиг цхьауза хица йилича кхачам бу элар ас лакхахь. Делахь а, цхьауза йилча иза ц1анлахь а, шоллаг1а а, кхозлаг1а а йилар дика ду.

– Нажас юьлуш ният дар т1ехь дац.

– Нажас д1аяккха сихо яр дика ду.

ДАЛА ГЕЧ ДИНА НАЖАСАШ

Нажас д1аяккхар, цунах лар валар т1ехь ду массо хьолехь. Делахь а, шарий1ато геч дина д1аяккха хала йолчу я шех лар вала хала долчу цхьайолчу нажасах, адаман атталла яра хьам, царна т1ера хало д1аойуш. Шарий1ато геч дина нажасаш кхетта меттиг йила ца еза, я и нажас д1аяккха г1ерта ца веза, х1унда аьлча, Дала геч дина цунна. Шарий1ато геч дина нажасаш х1орш ю:

1-Б1аьрган[38 - – Б1аьрса са дика долчун б1аьрган гуш йоцург. Амма б1аьрса са вон долчун ца гарха тергам беш бац.] гуш доцу хьатт1ан ц1инш. Уьш бедарна, дег1ан, меттиган т1е кхетнехь а. Амма б1аьрган гуш долуш хьатт1ан ц1инш кхетта меттиг йила еза. Иштта б1арго ца лоцу кхи йолу нажасаш а.

2-К1езиг ц1ий, нот1 дег1ац я бедарц хилча геч дина ду, нагахь санна стага ша шена т1е тоьхна дацахь иза.

3-Дийнат ялтан т1оьхула лелаш ялтан т1е кхеташ долу дийнати хьатан, кхон геч дина.

Дийнат узуш схьаяьллу шура чу дужу кхон а хьат1ан а геч дина нагахь санна шура чу доьжна кхо а хьат1 а дукха дацахь, шура хийцал[39 - – Шури бос я чам я хьож хийцнехь, шура боьха ю.]. Амма иза дукха хилла цо шура хийцнехь, т1аккха и шура нажас ю. Ца хийцнехь нажас яц.

Дийнати шин т1ехь йолу нажас шура чу йожарна а геч дина.

4-Ч1ери боьхал хи чохь йолу геч дина, нагахь санна цунах хи хийцаделла дацахь. Олахзарийн[40 - – Птицы.] боьхалан геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера. Иза т1екхетта меттиг ц1ена лору, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.

5-Дийнатан урс хьокхучун т1екхеташ долчу ц1ийна геч дина, дийнатан урс хьаькхина вортан чуьра дог1уш хилда иза я жижигица хилда иза. Амма урс хьокхучун т1е кхетта ц1иш дукха хилахь, т1аккха царна геч ца до, д1адаха деза бедар т1ера.

6-Беро декхачу хена хьала1аьттинарг. Амма яах1ума яа дола делча 1аьттинарг д1аяккха еза, цунна геч ца дина.

Вижина волучуьн багара оьху шаттан геч дина, иза даима хуьлуш ялахь. Амма наггахь бен хуьлуш яцахь, бага ц1ан ян еза.

7-Некъаца хуьлу хот шеца нажас йолу, иза т1е кхетча цунах геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.

8-Меже яьккхича охь 1енаш ц1ий доцу са долу х1ума, ша коча х1уман чу йоьжча я цхьам цу чу кхоьссича, иза цу чохь елча цунах геч дина. Амма коча х1уман чу эгна елла йолу чохь са долу х1уманаш дукха хилла цара коча х1ума хийцнехь[41 - – Коча х1уми бос я чам я хьож хийцахь.], т1аккха и коча х1ума нажас лору.

9— Ши б1е (200) литр доцучу хинчу б1аьрго ца лоцу жима нажас йоьжнехь, цуьнца хи хийца ца деллехь и хи ц1ена ду.

– Ши б1е (200) литр доцу хинчу са долу х1ума[42 - – Кхузахь лууш йолу са долу х1ума шен меже яьккхича ц1ий ца оьхуш ерг ю, лакхахь хьахийнаш санна.] йоьжьна еллехь, масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, зинтиг иштта царех тера кхиерг а, и хи т1ох1у?р хуьлу. Хи чохь цуьнан меже яьлла ц1ий далахь а хи т1ох1у?р хуьлу.

Амма хи ши б1е литр далахь а я дацахь а, цу чу легна са долу х1уманаш дукха ялахь, уьш яла елла цара хи хийцинехь, т1аккха и хи лело мегар дац, нажас хуьлу иза.

Х1ара дериге ду нагахь санна са долу х1уманаш хи чу легаш дийна хиллехь. Амма стага елла са долу х1ума хи чу кхоьссича хи нажас хуьлу, хи ши б1е (200) литр далахь а я дацахь а. 200 литр далахь, цу чу кхоьссина елла х1умано иза хийца ца хийцнехь иза ц1ена ду.

КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: ПХЬЕГ1АШ

Муьлха ц1енчу х1умах йина пхьег1а ц1ена ю, ц1аналлехь[43 - – Ламаз оьцуш, луьйчуш, кхидолучу х1уманна хи лело.] лело мегар ю, и пхьег1а т1улгах я дечигах я ц1оках я джовхарах я кхечу муьлхачу ц1еначу х1уманах йина елахь а. Цунах юккъера доккху деший, детий. Деши, дети нажас дац, ц1ена ду и шиъ, адамо шен г1уллакхашкахь лело мегаш ду. Амма дешех, детехь пхьег1а ян магийна дац, хьарам ду иза. Дешин, детин пхьег1аца яах1ума яа а, мала а магийна дац. Цершинца хи лелош ламаз эцар, лийчар хьарам ду. Иза дериге стагна а, зудчунна а цхьабоьсса хьарам ду. Дешех я детех йина я и шиъ т1етоьхна[44 - – Позолоченный, посеребренный.] цхьа а х1ума лело мегаш яц, масала: х1ума тоьгу маха, церган юкъа 1утту х1ума, кхи йолу муьлха х1ума а.

Иштта дешин, детин пхьег1а цхьанни х1умангахь лелош яцахь а, чохь д1ах1оттина латто а хьарам ду. И пхьег1а шегахь лелор магийна дац шарий1атехь.

Иштта хьарам ю дешех, детех йина яцахь а, и шиъ т1оьхула т1етоьхна[45 - – Позолоченный, посеребренный.] йолу пхьег1а. Нагахь санна шен т1е деши я дети тоьхна пхьег1а ц1ар т1е лаьцча цунахь цхьа жиммал а деши схьадалахь я дети схьадалахь, и пхег1а хьарам ю. Амма шена т1е деши я дети тоьхна пхег1а ц1ар т1е лаьцча цунах цхьа жиммал а деши я дети схьацадалахь, и пхег1а лело мегаш ю.

– Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.

Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.

Кериста неха пхьег1ашна а бедаршна а т1ехь нажас юй я яций ца хаахь, уьш лелаярха лар велча дика ду, х1унда аьлча уьш нажасах ларлуш боцун дера, делахьа йилина а, йиттина а йоцуш лело мегар ду уьш, ца лелийча мелехь ду. Амма царна т1ехь билгалла нажас яций хаахь, т1аккха лело мегар ду йилин а йиттин а яцахь а. Амма царна т1ехь билгалла нажас ялахь, нажасах ц1ан йиний бен лело мегар дац уьш. Иштта ю нажасах лар цалуш волу бусалба стега пхьег1аш а, бедарш а ю, цаьрца[46 - – Нажасах лара цалуш волу бусалба стега пхьег1аца а, бедарца а.] лелон дезарг кериста неха пхег1ашца а бедаршца а лакхахь лело дезаш билгалла даьккхинарг ду.

– Дезачу т1улгех[47 - – Брилианты, изумруды, жемчуги ти. д.] йина пхьег1аш ламаз-оьцуш, луьйчуш, чохь д1ах1иттош, яах1ума юуш а молуш а, кхечу муьлхачу белхашкахь лело магийна ду.

– Нажасах йиначу пхьег1а чохь 200 литр барамел доцу хи лело мегар дац, х1унда аьлча 200 литр доцу хи нажас-пхьег1а чу доьттича и хи нажас хуьлун дера. Амма нажасах йиначу пхьег1ачохь схьаоьцу хи 200 литр я кхиъ сов далахь, т1аккха и хи ц1ена ду нагахь санна хин чохь нажаси бос я чам я хьожа гучу ца яьллехь.

Нажасах йиначу пхьег1а чохь ц1ена йолу екъа х1ума лело мега, т1еда х1ума лело ца мега, нагахь санна и т1еда х1ума 200 литр яцахь. 200 литр яцахь, иза нажас лорур ю.
<< 1 2 3 4 5 6 >>
На страницу:
4 из 6