– ХIунда гIур вац хьо?
– Йалх беран да хьо а ма ца вахана цхьанхьа а дIа. Зудчун букъа тIехьа лечкъа суна-м ца лаьа. Со гIур вац, Расул. Бэлла кхузара дIайига гIо де суна.
– Дер, Руслан, со хьоьх кхета ма кхета. Хьоьга ала хIума дац сан… ас а бийр бара ишта сацам, хьан метта хилча. Са ма гатде ахь, Бэлла сихонца дIайуьгур йу вайшиммо кхузара.
Биъ бутт баьлча бен аьтто ца белира Русланан Бэлла Махачкала дIайига. Иза сихонца лоьрана тIе йахара. Зудчунна мелла а сиха хаьа лаьара шен доьзалхочух дерг, лаьара цуьнан детталучу жимачу даге ладогIа. Бэллина лаьара шен кIант хилийта. Цунна хаьара дуьнен чохь дог эца нана а, улло хIотта ваша а, жоп дала да а воцучу Руслана мел чIогIа сатуьйсу шен кIант хиларе. Бэлла ша а ма йара Руслан санна цхьалха. Цхьаллин шийлачу мехаша човхийначунна бен хуур дац цу дешан маьIна. Де доьхначу дийнахь, дала орца доцуш леллачунна бен хуур дац, адамийн къоьлла дуьнен чохь уггаре а хала хIума хилар. Дахаран новкъахь Руслан воцург кхин уллора стаг воцучу Бэллина тамашийна хетара шен кийрахь бер моссазза тохало. ХIинца и шиъ цхьалха дац. Кеста кхеран дахарна керла маьIна луш, жима адам дуьненчу дер ду, ткъа Бэллин хазахетаран доза дацара лоьро шега кIант хир ву аьлча.
– Руслан, кIант ма ву иза! – мохь беттара цо телефончухула.
– Кхин цхьа къонаха хир ву-кх вайн къоман! Варийлахь, ларлолахь. Ларвелахь сан кIант – элира Руслана. Бэла кхин а цхьаъ ала гIертара, амма дешнаш ца карийна охьайиллира цо телефон. Ма-дарра аьлча, Бэллина лаьара Руслан уллохь хила, амма иза кхетара шен хIусамда чолхе киртиг тIехIоьттинчу мIаьргонехь даима шен къомаца вуьссур хиларах.
Масех де даьлча, Бэлла йолчу медйиша йеара:
– Бэлла, Людмила Ивановнас ша йолчу чуйола боху хьоьга.
Ловв аьлла кийрахь цIе летира Бэллин. Цхьаъ тосаделча санна сингаттаме детталуш дара цуьнан дог, лор йолчу чуйоьдуш. Маршалла а ца хоттуш, чоьхьайаьллачу Бэллас сиха хаьттира лоьре:
– ХIун хилла сан берана?
– Хьан берана хIумма а ца хилла! – жоп делира лоьро.
– Далла бу хастам! Ма кхерайеллера со – дагах катухуш, гIанта охьалахйелира Бэлла.
Къена лор йехха хьоьжура цуьнан бIаьра. И тайпа ирча кхаъ ша хийлозза баьккхина боллушшехь, хIоразза а хала хуьлура цунна зударийн бIаьра а хьоьжуш, и шийла сацам царна бовзийта.
– Бэлла, хьан дахарна боккха кхерам бу. Айхьа дог лоцуш гирий хьуна хIинца? Дог могуш дац хьан. Йешшехьа хилла чолхе деган лазар ду хьан. И бер далур дац хьоьга.
– Ткъа берана хIун хир ду?
– Берана-м хIумма а хир дац. Хьуна кхераме ду иза дан. Хьо дийна йуьссий ца хаьа. Цундела хьайн дахаран ойла йан йеза ахь.
– Хьуна хетарехь хIун дан деза ас? – йоьхна хаьттира Бэллас.
– Бэлла, бер дIадаккха деза ахь.
ДогIанан Iовраш санна охьахьевдира Бэллин йуьхьтIехула бIаьрхиш, ткъа и къамел шена хезча санна, кийрахь тохаделира бер. Иза цхьа тамашийна детталора – ма даккха сан са, аш харц ду бахахь а, амма суна лаьа маьлхан дуьне ган – бохуш санна.
ГайтIехула куьйг а хьоькхуш Бэллас меллаша элира:
– Ас цкъа а дуьйр дац иза…
Меллаша йистхиллачу Бэллин озехь цо биначу сацаман ницкъ бара хаалуш, цундела Людмила Ивановна кхийтира цо ша аьлла дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах. Кхузткъа шарера тIехйаьллачу лоьра, шен дахарера ткъе пхийтта шо дIаделлера зударийн лоьран корматаллина. Ма дукха зударий гинера цунна, тайп-тайпана хенашкара, къомера, амма уьш массо а цхьаьнатухург уьш наной хилар дара. Цундела хIоразза а – хьан бер дIадаккха деза, йа хьан бер делла – ала чIогIа хала хуьлура цунна.
– Жимма а догдохийла йуй сан, и бер деш суо дийна йуьссур хиларан?
– Йац… сан корматаллин хааршца кхолладеллачу хьолан мах хадийча, догдохийла йан а йац – гIийла жоп делира лоьра.
– Людмила Ивановна, тIедогIучу деношкахь сан хIусамда ву кхуза ван везаш. Мацах цхьаьна хенахь шортта нах болуш хилла стаг ву иза, амма карарчу хенахь сан санна йа ваша а, йа йиша а йа да-нана а дац цуьнан. Азаллехь дуьйна ала мегар долуш, кху бере сатуьйсуш ву иза. Иза ду коьрта бахьана ас биначу сацаман, ткъа шолгIа бахьана – муьлхха а зудчунна санна суна лаьа нана хила, бер дуьненчу доккхучу Iазапан марзо лан а лаьа, мел боккха мах цунах белла а. Цундела цхьа доккха дехара ду сан хьоьга – ма дийца цуьнга хIумма а. Ткъа со дIайаьллачул тIаьхьа, ас йаздина кехат дIало цуьнга – легашкара къаьхьа къурд бостуш, йуха а охьахевдира бIаьрхиш…
Лазаран цIийнан учехула синтем бойна дIасхьаоьхура Руслан. Цо сатуьйсура шен кIентан дуьххьара мохь хезна, хазачу кхааца лоьраш арабовларе, амма корта оллийна йогIучу Людмила Ивановни боларах милла а кхетар вара, иза дика хаам бохьуш йогIуш ца хиларах. Русланна иза гIелйелла хир йу моьттура, амма хIете а цхьа шатайпа гIайгIа йоьссира даге.
– Людмила Ивановна муха ву кIант? Муха ву Микаил? – меллаша хаьттира цо.
– Микаил дика ву. Цуьнан жима дог детталуш ду, амма Бэллин дог сецна… Нана йоцуш кхууьр ву хьан кIант… Дала собар лойла хьуна – элира лоьро…
III
Валенси гIалара «Hyatt» хьешан цIийнахь сецира Руслан Микаилна гена доцуш. Русланна хиира кIентан ишколера гIуллакхаш дийнахь ши сахьт даьлча чекхдовлуш хилар, ткъа цул тIаьхьа иза ишколан автобусаца цIа воьду. Ши сахьт ткъе итт минот йаьлча, автобус Микаилан цIенна дуьххьал сецира, цундела Руслана гена доцуш сацийра шен машен.
Автобус гучуйаьлча, Русланан дерриге а дегI дуладеллера, ткъа детталучу деган тата кхуьнан лерехь хезара. Руслана бIаьрг тIера ца боккхура вовшашка Iадика йеш лаьттачу берийн. Массо а кхин дIа урамехула охьаволавелира, ткъа Микаил некъал дехьа волуш вара. Руслана тидам бира иза чIогIа ненах тера хиларан – цо санна аьтто агIор корта охьатаIор а, Бэллин санна бесни тIера тIеда а. Иза шен цIенон кертахь къайлаваллалц Микаилан тидам бира Руслана, ткъа йуха меллаша машенахь тIаьхьа волавелира. Дукха хан йалале Микаил неIсагIехь йуха а гучувелира карахь скейтборд а йолуш. Лами тIехула охьавуссуш цо нохчийн а, оьрсийн а дешнаш кегош мохь туьйхира:
– Дада, сан кханенна цIера болх бац, со цхьа сахьт даьлча цIа вогIур ву.
Русланан хазахетаран доза дацара. Цо сатийсинарг ма дара иза – шен кIантана кхо мотт хаьар. Микаил кхиийначунна доггах баркалла ала лаьара Русланна, цо мало ца йеш кIантана оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморна, амма йуха ойла йира цо нагахь санна иза нуьцкъала лачкъийна дIавигна ца хиллехь, кхо ша Iамор ма дара цунна и меттанаш а, цунах вуьззина нохчо а кхиор вара, хийрачу стеган а ца йоккхуш, шен ден йоккхур ма йара цо и сийлахь дада цIе. ХIинца-м Руслан шен куьйга и стаг вийча а Iебар вацара, амма цо сиха дIайеккхира даг чуьра оьгIазло. Руслан кхетара цхьа дика доцуш вуо хир доций. Дала адамаш даима зуьйш ду, ткъа массеран а ца тоьу ницкъ цу зерах доьналлица чекхдовла. ХIоразза а шен дахарехь цхьа чолхе киртиг тIехIоьттича, Русланна дагатоссура сийлахь дезачу КъорIанна йукъара дешнаш: «Дала адаман лан ницкъ кхочур болу бала бен боссор бац.»
Микаил шен скейтборд лаьтта охьа а кхоьссина, цунна тIехь хахкавелла, урамехула охьавахара. Руслан меллаша машенаца кIантана тIаьхьавахара. Пхи минот йалале цунна гира «Санта-Кларитин» скейтпарк аьлла йоза. Руслан кхийтира мичахь каро мегар ду Микаил.
Дукха ойланаш а йина, эххар а Русланан сацам хилира, кхана кхуза Микаил волчу а веана, цуьнга ша цуьнан ден накъост ву ала, ткъа цул тIаьхьа дагахь доцуш Кантина хьошалла дан.
Ткъа цкъачуна Русланна лаьара мелла а шен кIентан тидам бан, жимма а цуьнан амалах кхета.
Паркан пена тIехь йоза дара: «Шлем йоцуш хехкавала кхераме ду», амма и йоза Руслан воцучо цхьаммо а доьшучух тера дацара, массо а бераш коьртахь шлемаш йоцуш хехкалуш дара. Скейтераш охьабетталуш гича, Руслана ойла йира:
– Дала мукъ лахь уггаре а дика шлем а оьцур йу ас цунна, Рублевкехь скейт-парк а йийр йу.» Русланна дагахь а дацара Микаилана ша да хетар вац йа, Росси дIаваха цо дуьхьало йийр йу аьлла. ЦIеххьана цунна гира Микаила кхераме трюк йеш, ткъа минот йалале, когаш бухара скейтборд дIаиккхина, иза лаьтта охьакхийтира. Руслан аьрзунан сихаллица тIехьаьдира шен кIантана. Микаил ши бIаьрг белла гIертара, шена хиллачух кхета гIерташ. Эххар а цунна гира шен ши накъост Эрик а, Алек а. И шиъ цхьаъ дуьйцуш вара, амма Микаилана хIумма а хезаш дацара. Меттахвала гIоьртича, иза кхийтира ша цхьаммо къевлина маравоьллина хиларах, цул совнаха и стаг нохчийн маттахь цхьаъ дуьйцуш а вара. Цецваьллачу Микаила нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:
– Хьо мила ву?
Руслан вистхила ца ларош, парке схьакхечира сихачу гIоьнан машен. Лор цхьацца хеттарш луш вара Микаиле, амма Руслана цуьнга дош ца кхочуьйтуш жоьпаш дара луш. Микаил кхета гIертара мила ву и ца вевза стаг? Иза мичара ваьлла, стенна сагатдо цо ишта шена? ХIунда буьйцу цо нохчийн мотт? Лоьра Микаил лазаран цIийне дIавига веза элира, коьртана компьютерни томограмма йаккха.
– Воьдуш вуй хьо лазаран цIийне? – хаьттира лоьра.
– Хьашт дац аьлла хета суна цига ваха. Сан хIумма а ца лозу – элира Микаила.
– Дика ду! ТIакхха кху кехатана куьйг йаздан деза, шен лаамехь лоьрийн гIо тIе ца эцна аьлла, амма хьо хIинца а берхIиттара валанза хиларна, куьйг йаздан бакъо ден йа, ненан бен йац. – Элира лоьра.
– И хала дац. Со ву кху кIентан да – элира Руслана, лоьра схьакховдийначу кехата тIе куьйг а йаздеш. Цунна моьттура Микаил кхералур ву, йа цецвер ву, амма иза мелхо а реза хилла, велакъажарца Руслане бIаьрг теIош вара.
Русланна кIант цIа кхаччалц дIакхето лиира, ткъа Микаила дуьхьало ца йира. Меллаша машенна тIевахара и шиъ.
Микаила велакъажарца шен скейтборд багажникана чукхуссуш, элира Руслане:
– Ма дика дагадеара хьуна хьо сан да ву ала. Ахь и ца аьллехь, цара со цIа вуьгур вара, тIаккха суна цIахь хIума кхетар йара.
– Микаил, со боккъалла а хьан да ма ву! – машенан корах ара а хьоьжуш, меллаша элира Руслана, ткъа йуха ша аьлларг тIечIагIдеш санна, кхин цкъа а элира – со ву хьан да!
Микаилан макхйеллачу йуьхьтIера бIаьргийн хьежар шеконах дуьзна дара.
– ОьгIаз а ца воьдуш, ладогIа соьга, Микаил. Ас жимма тIаьхьа, ша дерриге а ма-дарра дуьйцур ду хьоьга, амма уггаре а хьалха со Канте вистхила везаш ву.