Оценить:
 Рейтинг: 0

ЧIир. Роман

Год написания книги
2022
<< 1 2 3 4 5 6 7 ... 13 >>
На страницу:
3 из 13
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

– Руслан, телевизорчухула гойтуш Iамаьркан передача йара. Цигахь дуьйцура нохчийн эммигрантийн доьзалах лаьцна. Церан кIант вара… Руслан, ас видео йаьккхина, иза хьан электронни почте дехьакхоьссина. Суна хетарехь, и кIант…

Руслан телефон охьакхуссуш, шен цхьаьнакхетар а, дерриге а дуьне а дицделла, компьютер йолчу дIатассавелира. Кийрара араэккха доллуш санна, детталора Русланан дог. Цхьаъ цхьанна тIаьхьа хийцалуш, бIаьргаш хьалха хIуьттура дIаэхначу заманера суьрташ. Видео тIехь гуш вара, нийсса йалхийтта шо хьалха хIара лачкъийна хилла волу стаг. Ткъа цул тIаьхьа Русланна гира шен кIант. Сийсара кхуьнан гIенахь санна вара Микаил – хазачу аматехь, кхиъна ваьлла жимха. Цу суьрто Iадийнера Русланан берриге а кхетам. Шена чуьра са дIадоьдуш санна хеттачу Русланна ши бIаьрг схьабиллича гира шена уллохь хьийза лоьраш а, лазаран цIийнан кIайн пенош а.

– Руслан, сан кIант, къинтIера валалахь суна. Айса дика болх бо моьттинера суна… – элира Лидияс.

Руслана йукъахдеккхира цуьнан къамел.

– Нана, иза ву Микаил. Сан кIант дийна ву, ткъа иза ду уггаре а коьртаниг. Дала мукъ лахь суна карор ву иза…

Ши де даьккхира Руслана больницехь. Ткъа цIа веъча, дукха хан ца йойуш, шен накъосте телефон туьйхира.

– Олег Григорьевич, со Руслан ву.

– ЛадугIуш ву, сан диканиг! Соьгара хIун накъосталла оьшу хьуна?

– Цхьа стаг ву ас лаха везаш. Гельдман Яков йу цуьнан цIе. Иза ша ГIизларера (Кизляр) ву, эзар исс бIе дезткъе кхоалгIачу шарахь вина а ву.

Дукха хан йалале инарла зIене велира. Цо хаам бира Яков Iамаьркахь вехаш ву аьлла. Цуьнан телефонан номер каро хала ца хиллера, цундела шолгIачу дийнахь Руслан Гельдманца зIене велира.

– Хеллоу! – хезира Русланна ингалс маттахь, ткъа аз дагна гергара а, хьоме а дара. Цкъа а дицлур дацара Русланна шаьш цхьаьна йийсарехь йаьккхина хан, лайна бала, вовшашка кхийдош хилла сатийсам.

– Яша, цкъа а воха мегар дац! – маршалла ца хоттуш, жимма соцунгIа а йина жоп делира Руслана. Цунна хаьа лаьара Яковна дицделлий шайн билламан дош.

– Руслан! Хьо стенгахь ву? Муха ву хьо? Нохчийчоьхь вуй хьо? – хазахетаран мохь белира Яше. Телефончухула хезаш дара иза Iаш волчура схьалаиккхина, чухула дIасаидар.

– Яша, со карарчу хенахь Москвахь ву, амма ши де даьлча Лос-Анджелесехь хила дагахь ву. Ас ша дерриге а дуьйцур ду хьоьга, амма хьоьгара жимма гIо оьшуш хьал ду соьгахь.

– Руслан, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас хьуна. Сан дахар лардина стаг ма ву хьо, цундела хьуна вошалла ца дича ца волу со! Цхьа а лачкъо а, вадо а дезаш хьал-м дац цигахь? – велавелира Яков…

II

Билгалйиначу хенахь охьалахделира Москва-Лос-Анджелес кема.

Тай-тайпаначу къаьмнех йуьзна йара, хIара йоккха гIала. Массанхьара схьахезара церан къамелийн гIовгIа. Дахар кхехкаш дара кхузахь. Эпсара Русланан паспорте а хьаьжна, хаьттира:

– Дуьххьара вогIуш вуй хьо, Iамаьрка?

– Ву!

– Белхан гIуллакх долуш йа, хьошалгIа веана хьо?

– ХьошалгIа веана кIант волчу. Кхузахь доьшуш ву иза – велакъежира Руслан.

– Дукха хан йуй хьуна кIант ганза?

– Йалхийтта шо ду!

– Мел хан йу хьан кIентан? – хаьттира эпсара, Русланан паспорта тIе штамп а тухуш.

– ВуьрхIитта шо ду!

Эпсар цецваьлла хьоьжура Руслане:

– Оццул хьайн кIант ца гуш хIун деш Iаш вара хьо? Са ца гатделлера хьан?

– ЧIогIа гатделла, сэр, амма сан дахаран хьелаш ишта нисделла. Со бехке вац хьуна.

– Дика ду тIаккха! Дала аьтто бойла хьан! Марша а вогIийла хьо, Iамаьрка.

– Баркалла хьуна!

Кхаа шарахь са ца доIуш болх бина волчу Руслана, хIинца кхойтта сахьт кеман тIехь даьккхинера, амма дегIаца гIелвалар ца хаьалора цунна, хIунда аьлча са паргIат дара. Йалхийтта шарахь ша сатийсинчу дийне кхаьчна волчу цунна тховса гуш кхин хIумма а дацара, гIенашкахь дуьхьал тийссина хилла шен кIентан гIаларт бен.

– Руслан, со кхузахь ву! – цуьнан ойланаш йукъахйехира дуьхьал вогIучу Яшас.

ДоттагIий доггах маракхийтира. Йалхийтта шо хьалха, ткъе итт де йийсаре а даьккхина араваьллачу хенахь санна, тахана а лаьттара и шиъ вовшах къаста ца луш. Якове хьоьжура Руслан. Хала дара теша, хIара гIеметтахIоьттина, маж йаьлла стаг, кхуьнца цхьаьна йийсарехь бала лайна волу пхийттара ваьлла жимха хиларах. ХIетахь, Руслан тIе ца кхаьчнехь кханенах дог диллина ваьллера иза, ткъа хIинца кхолламо йуха а заманан майданехь цхьаьнатоьхна ши накъост.

– Яша, маж ледар ма йац хьан! Жуьгтийн молла-м ца хилла хьоьх?

– Ца хилла. Со операторан болх беш ву, амма хIора шот дийнахь со синагоге а воьду, мокъа хан хилча Товрат а, Инжил а, КъорIан а доьшу. – Велакъежира иза. Хьо бахьана долуш вирзина хьуна со Деле. Ахь дика гIо дира суна даг чохь иман кхио. Сийлахь дезачу йозанаш йукъара хийла чулацаме дийцарш довзийтинера ахь суна. Цкъа а дицлур дац суна ахь Муса Пайхамарах лаьцна дийцина хилларг. Муса Пайхамар шен нахаца хIордан йистехь тIекхача орца доцуш виссича, цо шен нахе аьлла хилла:

– Деле деха! Дала къинхетам боцуш буьтур бац собаре хилларш! Тоьла чохь вайшиъ йийсаре волуш, ас а доьхура Деле. Со тешна вара цо гIо дийр ду аьлла. Цо вайн доIанаш жоп доцуш а ца дитира. ХIетахь цу халачу, цу чолхечу мIаьргонехь хьоьх суна а ма хиллера Муса Пайхамар.

СоцунгIа хилира. Ойланаша цу ирча деношка йухаверзийна ши накъост вист ца хуьлуш, дIатийра. Эххар а, тийналла йохош, вистхилира Яша.

– Руслан, дийцахь мичахь Iаш ву хьо? ХIун лелош ву? Муха ду хIинца Нохчийчоьхь?

– Яша, чайн стака молуш, паргIат дуьйцур ду вайшиммо. Вало!

Даг чохь цхьа а гIайгIа йоцу ши накъост, ирсе велакъежаш, машенаш йолчу агIор дIаволавелира.

– Ма къегина лепаш бу малх! – элира Руслана, ткъа йуха Iадийча санна вовшашка хьаьжира и шиъ. Цу шинна дагатессира хIетахь, йийсарехь Руслана аьлла дешнаш, кхеран гергарло долийна дешнаш. Боьхачу тоьла чохь самаваьллачу Русланна боданехь халла къаьстара шена тIехь лаьттачу кIентан сибат.

– Муха ву хьо? Муха хета хьуна? – хаьттира цо Руслане, ткъа са а, дегI а доза доцуш лозучу Руслана халла жоп делира:

– Кхузахь малх ца лепа…

Амма тахана къеггина бара малх. Цуьнан зIаьнарш Русланан йуьхь тIехь санна, даг чохь а лепара. И ирча хан геналлехь йиссира шен мокхачу боданца, наг-наггахь Русланан кийрара иэс сама а дохуш. Иза ларамза а дацара, хIунда аьлча селхане цкъа а йиц ца ло, иза стеган дахаран цхьа дакъа ду…

– Руслан, цу акхачу Нохчийчуьра веанчух тера а ма вац хьо! Европан йа, Малхбузен вахархочух къасталур волуш а вац – велавелира Яков, ткъа йуха соцунгIа а йина элира – бехк ма биллалахь суна, ас ишта аларна.

– ХIумма а дац, Яков! Ас хIинца гойтур йу хьуна и «акха» Нохчийчоь. – Руслана цхьаъ цхьанна тIаьхьа дIалуьстура телефон тIехь суьрташ, ткъа царна тIехь гуш йара Соьлжа-ГIалин стигла кхийда, леккха гIишлош, заза даьккхина бошмаш, маьждигийн дашо мимарш, самукъне берийн ирсе йаьххьаш.

– ХIара суна гуш йерг Соьлжа-ГIала йу ала гIерташ-м вац хьо? – цецваьллера Яков.

– Ала гIерташ вац, иза боккъалла а Соьлжа-ГIала йу. Дер Нохчийчоь хIинца хийца ма йелла, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан тоьллачу гIаланех къасталур йоцуш хазйелла. Цуьнан бахархой а бу хIинца кхин. Кхууьш йу Iилма долу, дешна, ирсе тIаьхье. Нохчийн берашна Iамаьркан кегирхошначул дикох йевза смартфонаш а, IT технологиш а.

Яковна ша цецваккха хIума диссина а дац моьттура дуьнен чохь, амма гиначу суьрто иза боккъалла а Iадийнера. Уггаре а чIогIа иза цецваьллера, дуьнен чохь цIейаххана болчу артисташца а, спортсменашца а Русланан суьрташ гича.
<< 1 2 3 4 5 6 7 ... 13 >>
На страницу:
3 из 13