Товсолта-Хьаьжина дагадеанарг хаа лууш, сакIамделла нах тапъаьлла тийна лаьттара.
– Тхан хьомсара хьаша, тхан лераме хьаькам эла Авалу! – тийналлехь даьржира Товсолта-Хьаьжин мукъаме, дуькъа аз. – XIара таханлера де цкъа а дицлур дац тхан йуьртана. Тхан къоьлле, мискалле ца хьоьжуш, тхуна куралла ца йеш, кхуза веанчу хьуна Дела реза хуьлда, Дала йуьхьк?омаца дукха а вахавойла хьо! Тхо цхьадолчийн лааме диллича, тахана вайн воьдург виъ хилла Iийр вацара. Оха уьш бIе хуьлуьйтур вара. Ма-луъу ца хилча – ма-торру, олуш ду тхан. Тхешан ницкъ кхаьчнарг дина оха. XIара тхешан бераш, хьалха – Делан, шолгIа – хьан кара ло оха. Тхуна боккха синтем бу х?орш Момин Хьотица эскаре боьлхуш хилар а. Момин Хьота майра а, хьекъале а къонах ву. Иштта ша хилар цо гайтина вайн паччахьан мостагIашцарчу тIамехь. Ткъа шу, к?ентий, – тIехьа лаьттачу веанна тIевирзира Товсолта-Хьаьжа, – шу ледара ма хилалаш. Вайн сийлахьчу дена – паччахьна – шайн муьтIахьалла гайталаш. Хьаькамаша шайга сийначу цIерга лелха алахь – б?аьрнегIар ца тухуш, йукъалелха. Варийлаш, шайх бехк балийтий, кIиллолла йалийтий, цIа ма дерзалаш. Гатийуьртахой тешна буьсу аш паччахьний, Россиний хьалха шайн декхар кхочушдийриг хиларх. Дала могаш-маьрша, толамца шайн доьзалшна т?е цIа дерзадойла шу!..
Аваловс цхьа масех дош аьлча, чардакх т?ера чувоьссинчу Момин Хьотас, тIе а вахана, хьалха Товсолта-Хьаьжин, тIаккха веа лаамхочун куьйгаш а лоцуш, баркалла элира царний, церан дайшний.
Цхьа масех минот йаьлча хьеший, ХортIина тIаьхьа а х?иттина, йуьрта бахара.
Кхузахь тахана гинарш дийцаре а деш, д?асабахара нах а.
II корта. БЕРСА
XIан-хIа, г?оли йу
Дорцах ницкъ бустар,
Садаллалц, бакъ къуьйсуш,
къийсамехь летар,
Тийначу бердашка а хиъна
ЧIeIачул, чевнашка а хьоьжуш.
А. Мицкевич
1
Шайн совгIатех баккхийбе Мохьмаддий, Iумаррий, Iyсманний сихха Iала-Мохьмадца йуьрта дIа а хьовсийна, адам к?езиг лела некъ къастийна, Iаьлбагца регIа хьалаволавелира Къайсаррий, Болаттий.
Толамца ша йаьккхина к?айчу маьIан мукъ болу шаьлта а, детица кхелина тапча а Мохьмадна йелира Болата. Доза дацара к?ентан воккхаверан. Детица кхолуш кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тIexула тIе, тайниг санна, хаза тапча а. Ма ирсе вара-кх иза, биллина дог огуш цхьа бала бацахьара! ДIайаханчу гурахь лаьцна Сибрех вахийтинера цуьнан ден ваша а, цунна дика хилла Маккхал а. Дерригенах а ца кхетара жима Мохьмад, амма ден вешин а, ден доттагIчун а ойланаш гушдоцчу пхенаш чухула цуьнан дагах йоьллера. Тахана оццул хаза деана xIара ловзаран де а къахьделира цунна, маьлхан зIаьнаршлахь белшашний, накхошний тIера деши, дети лепош чардакха тIехь лаьтта и берстина эпсарш гича. Уьш бу, иза дуьнен чу а валале, цуьнан да Аьрзу гена, хийрачу махка вахарна а, цигахь иза кхалхарна а, цхьайолчу цхьана ненаца иза байлахь висарна а, цуьнан ден ваший, ден доттаггIий Сибрех хьажорна а бехке.
Дависарг-йаI, цкъа пхийттара валахьара иза! TIаккха-м цо чIир оьцур йара царах! Амма гена йу-кх и хан а. XIинца а – кхо шо!
Элхьамцан, хьаьмцан, стовн диттийн йуькъачу хьуьна чухула басех хьала, лаьхьанах сетташ, эвла боьдучу готтачу новкъа т?аьхьий-хьалхий могIа бина воьдура кхо дошло. Хьалха Къайсар, йуккъехь – Iаьлбаг, тIаьхьа Болат а волуш.
Цхьа-ши бутт хьалха боьлуш хуьлучу доттагIаша, цхьанна хазарна кхоьруш санна, лохха къамелаш дора. Iаьлбага хоьттура, кхузахь даьхний Iаьнах муха девлла, б?аьстенан йалташ дер дIа муха доьду. Къайсара дукха ладегIнера Макка ваханчу кхаа вашас цигахь а, новкъахь а шайна гинарг дуьйцуш. Амма цаьрга хеттарш цкъа а ца кхачалора Къайсаран. XIинца а къамел хьовззийна оцу тIе далийра цо.
– Уьш дитахьа, Iаьлбаг, и Iаьрбий х?ун тайпа къам ду?
– Ой, масазза аьлла хьоьга, йен бух санна, Iаьржа адамаш ду.
– Ас-м и ца хоьттий. Майра къам дуй иза?
Iаьлбаг жоьпана сих ца велира.
– Муха эр дара иза? – дош ца карадора цунна. – И къам ша кIилло ду, олийла йац. КIиллочу адамийн мохк бац буьрса лаьмнаш, йовха гIамарш а. Цул сов, жайнаша дуьйцучун ойла йича, Пайхамаран, цуьнан асхьабийн а заманахь туьраца даржийна цара бусалба дин. Шемахула, Мисархула, Бухарехула, XIиндехула, вайна буьйцу а ца хезначу мехкашкахула. И дерриг а хьалха хилла. Ткъа хIинца и Iаьрбийн къаьмнаш цхьадерш туркойн, кхинаш перангийн а, ингалсийн а когаш к?ел дохку, боху. Маршонах хаьдда, шайн мехкийн дай а боцуш. Иза а, важа а цаьргара дIайаьккхина оцу мехкашдIалецархоша.
Цхьана масех минотехь сецира доттагIийн къамел. Iаьлбаган т?аьххьарчу дешнаша ойлане бехира уьш. Баккъал а, х?ун йу маьрша доцу къам? Лай ду-кх. Старо санна, болх бийр бу цо, шен гай йузо. КхидIа дац-кх. Амма и гай а хуьлу цуьнан даим тутмакхан санна. Дуьне дац цо дуург. Лай хилла вехачул, шен маршонехьа къуьйсуш, валар г?оле йу.
Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйинчу бес-бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн к?айчу, стовн дитташна т?ерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна х?аваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина Iохку моьлкъарчий, х?орш гергакхочуш, шарх-ширххехь дIауьдуш, коьллашлахь къайладуьйлура. Баьццара холхаз хилла рег?а т?е йижинчу варшахь, вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш йеттара олхазарша. Амма берешна ца гора б?аьстенан Iаламан и исбаьхьалла, олхазарийн и даккхийдер. Болатна хьалхах?уьттура мацца а цкъа Гати-Юьрта цIа боьрзу болу ХортIин Асхьаб, Товсолтин Хьуьси, Бораханан СaьIид. Дикачу дойшкахь, дезачу герзех боттабелла, белшаш тIехь хьесан погонаш, накхош т?ехь ордалш, мидалш а лепаш. Iедало буьтур ма бац уьш, цара диначу г?уллакхна, церан муьтIахьаллина цхьа йал йоцуш. T?аккха кхитIе а халкъана бале бевр бу…
– Iелин а, Маккхалан а хабар дуй? – тийналла йохийра Iаьлбага.
– Кехаташ даьхкина цаьргара. Могаш-дийна ву ший а. Сибрех дIакхаьчна шаьш, боху.
– Цхьаьна буй х?орш?
– XIан-х?а. Къастийна.
– Мича хьолехь бу?
– Хетарехь, г?уллакхаш дика дац. Iелас, шаьш лаьттах эчиг доккхуш ду, ткъа МаккхалгIар хьун хьокхуш бу, боху. Шийла, цхьа пана мохк бу, боху.
Iаьлбаг, кхин хеттарш ца деш, ойланашка вахана, сецира. Д?адахана шийтта шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. Халкъо собаре садеттара шена тIетеIочу харцонна. Мохк-м тоххарехь дIабаьккхинера цаьргара. Д?абаьккхина бохург дицделлера цуьнан керлачу долахошна. Моьттур дара, иза, церан ворхIе дайх бисина, царна кхаьчна. X?ор а шарахь дебара нохчийн къомах дуьйлу цIубдарш. Эпсарш, совдегарш, молланаш. Уьш массо а хьаькам вара къечу нохчочунна. Ницкъ цаьргахьа бара. Уьш шен тIома к?ел лаьцнера Iедало. Царна т?e a тевжина, халкъ таладора цо. Нохчочунна дихкинера БIаьн-Некъал лаха вала. Г?алахь гучуваьлча, йаппарш йеш, сийсазвора. Шен кха т?е йаьлла вир санна, лоллура.
Халкъо садеттара, амма, кхидIа сацо ницкъ боцуш, цуьнан дог дуьзнера дералло, цхьа суй оьшура кхузахь ц?е лато, оцу харцонашна дуьхьал халкъ г?атто.
ДIадаханчу шарахь дагахь доцург хилира гIаттаман кечамна. Цхьаннан маттаца куьйгалхойх масех стаг лецира. Бакъдерг аьлча, коьртачех кхоъ бен ца нисвелла царна йукъа: Муслон ШoIип, Iабдурахьмин Маккхал, Абубакаран Iела а. XIетахь Iаьлбаг цIахь вацара, деций, вежаршций Макка вахана.
Дарц дала герга ду хIинца. Цуьнан куьйгалхойх ву Iаьлбаг а.
«XIун хир-те сох? – хоьтту цо шега. – Йа, шайх Мансур санна, махкахваьккхина, доь доцуш войъур-те, йа, Бийболат санна, тешнабехкаца тIаьхьашха тоьхна, вуьйр-те, йа имам Г?еза-Махьма санна, турпала вужур-те, йа, БойсaгIар санна, тангIалкха т?е хьалаозор-те?»
Кхо бере йуьрта йисте кхочуш, дехьа басахула охьа шовданна т?ебог?учу гIашлойн новкъахь, пхьаьрсах тесна г?ели диллина цIестан к?айн к?удал а йолуш, кегийра г?улчаш йохуш йогIу йоI гучуйелира. БIаьстенан мелачу махо хьоьстура, цуьнан коьртарчу гуьлмаьнди к?елхьара ара а г?оьртина, шерачу хьаьжа т?ехь чIaгаршца охкайелла Iаьржа месаш. ДIа мел боккхучу когаца, нийсачу букъа т?ехь ха хоьрцуш, цкъа цхьана, т?аккха вукху агIор керчара настарш т?е охьайеана йеха, стомма к?ажар. Оцу боцачу новкъахь маситтазза а хийцабелира цуьнан йуьхьа т?ера бос. Севсина, ховха балдаш цкъацкъа делалой, шагатIулгах йича санна йолу кIайн, нийса цергаш гучуйовлура. Ло санна, к?айчу, дехочу логаний, горгачу беснешний т?ехула, цIен бос баржош, йовха тулг?е хьодура, г?одайукъ къовлуш тIейуьйхинчу готтачу гIабали к?ел, хьерадаьлча санна, тохалора дог. Хеталора, некха тIера дато чарпазаш эххар а ткъаршшехь лоьлхуьйтур йу.
TIаккха, жимма Iай, йоьIан хазачу йуьхьа т?ехула сингаттаман мархаш йаьржара. TIепаза бовра ал бос, хиллачу баьллех тера балдаш а к?айлора, ца тохалуш совцура бIаьрнегIарш а.
ЙоьIан кийрахь къуьйсуш шиъ мостагI вара: безам, цабезам. Амма цуьнан карахь бацара шен кхоллам. Цо иза Делан кара беллера, дог ца дуьллура ирсах…
Боьрахула хьалавогIучу кхаа беречух цIеххьана бIaьрг кхетча, кхерайелла, дегI дeгийра цуьнан. Амма, Къайсар а, Болат а вевзина, дегIан массо пхенашка йовхо хьаьдира. Хьалха вoгIу Къайсар, шена тIаьхьарчу беречуьнга масех дош аьлла, шовданeхьа охьавирзича, шен болар сихдира йоIа. Чу хи а кхерзина, шен кIудал xe Iapждинчу дечиган апари кIел хIоттийна, кIудалан гай декош зурманца чуIеначу шийлачу шовдане ла а доьгIуш, шен везаран доттaгI тIекхачаре хьоьжуш, сeцира иза.
«Болат хIунда ца веа-те? – даг чу кхерам тесира цунна. – Наха дуьйцучух тийши-те иза?..»
– Хьан де дика хуьлда, Деши! – чу а воьссина, багара гаьллаш дIа а йаьхна, говр ной тIe хийцира Къайсара.
– Диканца дукха вехийла хьо а, Къайсар!
Дуткъачу гуьлмаьндин тIам, логах хьарчош, тIехьа а тесна, хьаьжа тIера месаш къайла а йаьхна, Къайсарна тIе хаттаре хьажар дуьйгIира йоIа.
– Хьо тахана ма хьалхе йеана хи тIе?
ЙоIа доккха сaдaьккхира.
– Сагатделла сан. Аш толамаш баьхна бохуш, хезира суна. Тахана санна, аш дуьнен чохь йоккхучу йерриг ханна Дала йуьхькIам болда шуна!
– Дела реза хуьлда хьуна, Деши. Хьуна хаза мукъане а хийтин-те?
– Хетта а хоьттий ахь, Къайсар! – хаза балдаш дегабааме саттийра йоIа.