– Иза сан доттагI ву. Хьуна муха ца вевза иза? Тахана а ма вара иза-м тхоьгахь! Хьалхарчу дийнахь дуьйна вара тхойша наха лелочуьнга хьоьжуш. Дуккха а адам гулделлера Шела. МаьI-маьIIера баьхкинера уьш. Зударий бара дуккха а. Шина дийнахь дехарш дира цара инарле, Киши-Хьаьжа схьавоьхуш. Ткъа инарлас шина а дийнахь Iехийра уьш, схьалур ву бохуш, амма эххар а элира, паччахьера пурба ца хилча шен иза йухалойла дац. Киши-Хьаьжа генна Сибрех дIавигна, иштта сиха схьакхачалур вац аьлла. Наха дуьйцура, инарла харцлуьй, Киши-Хьаьжа Соьлжа-ГIалин набахтехь ву бохуш. И набахте хIун йу, Маккхал? – хаьттира цо, Маккхална йуххе а иккхина, цуьнан луьйтанах а тасавелла.
– Нах чубухкуш меттиг йу-кх, Болат.
– ХIунда бухку уьш цу чу?
– Iедална новкъара дIабаха.
– Киши-Хьаьжа новкъа вара ткъа?
– Хилла-кх.
– ХIунда?
– Хаац, Болат. Жима ву хьо, ас дийцича а, хIинца кхетар вац.
Шен хаттарна дуьхьал кхачамболлуш жоп ца хезча чам байна Болат, доккха са а даьккхина, сецира, амма, шена гинарг дийцаза ца Iавелла иза, йуха а къамеле велира.
– ТIаккха, кхоалгIачу дийнахь Киши-Хьаьжа схьа ца велча, дIа ца бовла сацамбина, дIо гIопе бахара нах. Кхечу йарташкара баьхкинарш нахе пхиппа, йалх-йалх дIатарбелира. Нагахь дала дезаш меттиг хIоттахь а аьлла, наха хьалххе шайн догIмаш цIандира. Цхьаберш Басса чохь лийчира. ОххIай, ма шийла де дара иза! ХIетте а лийчира уьш шийлачу хи чохь! Цхьаболчаьргахь шайна кечдина марчонаш дара. Дукханнийн – каралаьцна Къуръанаш. Зуькарца, Iасанашна тIе а тийжаш, кху арахула гIопе буьйлабелира уьш. Цаьрца вара со а, Соип а. Моьттура, хьалха санна, хIумма а ца хуьлуш, тхаьш цIа доьрзур ду. Бакъдерг аьлча, гIопал арахьа хIиттина гIашлойн, дошлойн эскарш а, йаккхий тоьпаш а гича, Соип кхеравелира, со шек а вацара! Цхьамзанаш хьалха а лаьцна, салтий дуьхьалбуьйлабелча, со йухаийзавора Соипа, амма суна ца лиира, хIун хуьлу хьажаза, йухавала. Салтий гергагIоьртича, нахах цхьаммо мохь а туьйхира: «Ма кхералолаш керстанех, церан тоьпан молханах латта хилла, уьш Дала иэшор бу тахана! ГIазот даккха, кIентий!» Ткъа дошлой, тарраш даьхна, хаьн тIехула гуо лаца богIура. ТIаккха йукъ-йукъа нехан маьхьарий девлира: «Йа АллахI! Йа устаз! Киши-Хьаьжи!» Йаккхийчу тоьпашна уллорчу салтийн карахь кIур туьйсура милташа. Салтий гуттар а гергагIоьртича, шаьлтанаш а йаьхна, нах царна чухьаьлхира. ТIаккха сой, Соиппий йухаведира. ТIейетта йолийра кегий а, йаккхий а тоьпаш. Адам йухадаьлча, xIapa аре йуьззина Iохкуш декъий, чевнаш хилларш а бара.
Оцу дийно дегнашна йиначу чевнашна моьнаш хьовзазчу Аьрзун а, Маккхалан а кийра цIе кхерстира. Цаьршинна карлабелира Кунта-Хьаьжа лаьцна вигначу деношкахь Эвтарахь хиллачу кхеташонера шайн къовсам.
Кунта-Хьаьжа лаьцначу йукъах пайда а эцна, бенойн Солтамурд а, зумсойн Залма а, гиххойн Вара а гIаттам дIаболо беза бохуш, оцу тIехь сецира, ткъа Кунта-Хьаьжин герггара векалш молланаший а, хьаьжой а бара. Цара бохура, устаз муьлххачу а тIамна дуьхьал ву, вайна пурба дац адамийн цIий Iено, и дечул, цхьаьна а кхетта, Кунта-Хьаьжа йухавалар доьхуш, адам инарлина тIедаха деза.
Хинболчу гIаттаман къоначу тхьамданашна Берсина а, Маккхална а, Аьрзуна а шера гуш дара гIаттам кхиамца чекхбериг цахилар. Берсас бохура, кхечу пачхьалкхашца Россин тIом ца болабелча, толам баккха вайн ницкъ кхочур бац, хIетталц гIаттам болор хьехо ца оьшу. Цул сов, Маккхала бохура, Россина чоьхьа хуьлучу оьрсийн ахархойн гIаттаме хьажош боло беза тIом. Кхааммо а бохура, дехарца паччахьан Iедалера маршо йаккхалур йац, иштта адам гулделла де цIий Iаноза доьрзур дац.
– Оьший ткъа цхьана Кунта-Хьаьжин дуьхьа адам хIаллакдар? Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш стаг ву, иза лацар а Делан лаам бу. Шун гIуллакх дуй ткъа, Делан кхиэл йохо гIерта? ГIаттамехь дакъалоцучу нехан Iалашо бусалба дин чIагIдар йац. Адамашна латтий, маршой оьшу. Цундела тхуна лаац, Кунта-Хьаьжа лацарх доьзна, цхьа а кечам боцуш, цIеххьана гIаттам боло. Иза цхьана-шина дийнахь хьошур бу. Эрна цIий Iенар ду. Баьччанаш лецна Сибрех бохуьйтур бу. ХIинццалц хьегна къа дов. Цул сов, тхо цхьадерш дуьхьал ду паччахьан Iедале дехаре даха а. Герзаций бен, дехаршца даккхалур дац вайга латта а, маршо а, – бохура Маккхала.
ГIаттаман тIеман тхьамданех Солтамурд а, Залма а, кхин масех стаг а Берсиний, цуьнан бартахошний тIетевжира. Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь цIий Iанийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь цIийIанор чекхдаьлча, паччахьан Iедало дIалийцира хинболу гIаттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу Iеламнах. Маьрша бисинчех дуккха а коьртахой, тайпанийн тIеман тхьамданаш а, кхерабелла, севцира.
ХIинца дерриг а йухадоло дезара.
Цуьнан ойла йора Маккхалий, Аьрзуссий, хаддаза цхьаъ дуьйцучу жимачу Болате ла а доьгIуш.
Сту Бийна Аре а хадийна, Бесачу-Берда тIе хьала а девлла, ЭгIашта боьдучу новкъа хьуьнха доьлча, Болат луьйчура сацийра Аьрзус.
– ХIан, Болат, тоьур ду ахь тхуна дийцинарг. Хьуьн чохь чIогIa дийца ца мега хабар ду хьайниг. Хьанна хаьа, вайга ладоьгIуш цхьаъ хилахь… Хьоьга ладоьгIначо цхьаммо а эр дац, хьо шозза лам чохь хилла. Самонна дика ца Iамийна хьо къеначу Залмас.
Шен гIалатна бехкалвахана Болат, иэхь хетта, корта а таIийна, вист ца хуьлуш сецира.
– Мичхьа соцу тхойша? – хаьттира Аьрзус Болате.
Болата, саца а сецна, охьа чу пIелг хьажийра.
– И дIо лаьтта ши поп гой шуна? Царна кIел шовда ду. Говрашна церг хьакха бай а бу цигахь. Шуна ца гуш стаг тIевогIийла а дац. Ший а цигахь саца, со сихха йухавогIу.
Коьртара схьабаьккхина бIегIаган куй кара а лаьцна, шен хеча лаккха хьала а оьзна, дIаиккхина Болат, берзинчу когашца ченан кIур гIаттош, цхьа бIе гIулч дIа а вахана, тIаккха некъах дIакъаьстачу цхьана гIашлойн новкъа хьуьн чохь къайлавелира.
Лакха гу тIе хьалаваьлча цхьана зоьрталчу попа тIеваьлла иза, гIa дуькъачу шалгонна тIе а хиъна, дIатийра. Цигара цунна дика гора ша Аьрзуй, Маккхаллий тIехьажийна шовда а, лаьхьа санна, сетташ ломах охьабогIу гIашлойн некъ а. Оцу новкъа схьаван везара Берса. Амма гуш хIумма а дацара. ГондIа бIаьрг бетта кIордийначу Болата шен эттIачу гIовталан чухула хечин борчах йоллу тапча схьайаьккхира. Вуьшта а цIеначу цунна леррина бIегIаган куй хьекхна, мокхазан иралла а зийна, цхьацца хIуманна нийсалла хьежо велира иза. Амма цо сих-сиха бIаьрг тухура гIашлойн новкъа хьала, охьа, шовдане.
Дукха хан йалале гIашлойн новкъахь гучувелира цхьа бере. Урх тесна йитина цуьнан говр меллаша йогIура. Коьртах хьарчийначу башлакхца, тIекхоьллинчу вертанца цунна тIера бере, цхьа а хIума тергал ца деш, кIорггерчу ойланаша лаьцна хеталора.
Болатна бIаьрг ма-кхийтти бевзира кIайн сет а, кIайн когаш а болу Берсин расха дин. Даим гIайгIане, ойлане Берса вовза а дацара цуьрриг хала. Иза гергакхача воьлча, попах схьабаьккхина кIожам бага а лаьцна, гIодаца охьа а веана, лахарчу гаьн тIехь сецира Болат.
Попа кIелхула волучу Берсина букъах цхьа хIума кхийтира. Болат бIаьрнегIар тоха кхиале, Берсин белшех кхозу верта говран гоа тIе дуьйжира, карахь къегира йуьйлина ши тапча.
– ЭхIе-хIе! Кхеравелин хьо! – мохь белира шен забарх там хиллачу Болатан. – ХIоппIахь! XIapa-м со вай!
Ша тIехь Iачу гаьннах кхозалуш, лаьтта охьаиккхира Болат.
– Болат! Хьий, йилбаз, йаI! Хьуьн чохь иштта забар йан мега ткъа?! – барт бетта хIоьттира Берса. – Мила ву а ца хууш, ас, тоьхна, къиг санна, чуваийтинехь, хIун хир дара? ДанчIин кIант хир вацара, сан доттагI а, жима тIемало а вовр вара! Низам талхорна таIзар дан деза хьуна.
Кхеравеллачу Болата шен кIесаркIога мIараш хьаькхира.
– Олла ма ло! Ма тIемало а ву, цIулла серах а кхералуш! Мичахь бу вайн хьеший?
– Шала-Iинехь.
– ДIавало. Амма таханлера гIалат йуха далийтахь…
– Ас кхин йийр йац забарш…
– Дукха хан йуй хьо соьга хьоьжуш Iен?
– ХIан-хIа. Ах сахьт гергга, – кхерам тIехбаьллий хиъна, Болат йуха а векхавелира. – Хьо, паччахьан эпсар хиллехь а, ледара обарг ву, ваши.
Берса, вела а велла, кIанте хьаьжира.
– Со-м ма вац обарг.
– Обарг вацахь а, амма лечкъаш-м лела хьо. Велахьара-м, цхьамма тоьхна вожор вара йа мостагIаша дерзинчу куьйгашца а дIалоцур вара.
– И хIун ду?
– ХIун ду! Хьо санна лелачу стеган лергаш сема хила деза, лаьттахула зингат доьду а хезаш. Мел йуькъачу а хьуьнах чекх са гуш, бIаьрг сирла хила беза. Йовза йеза акхаройн, олхазарийн амалш, лараш. Ткъа хьан тидам ца хилира со волчу гуонаха тийна хиларан. СхьадогIу олхазар, со а гой, охьахууш, ца хууш, додий, дIадоьдура. Ас тамаша ца бо хьуна уьш цагарх. Хьо, вертанна йуккъе воьлла, коьртах башлакх хьарчийна, наб йеш ма вогIурий. Топ а кхозу вертанна чухула йуьхьар а йерзийна, кочахь. Хьо иза схьайаьккхина валале, дара хьуна цIен-кIайн ло доьлхур. Топ, йуьхьиг хьалха а йерзийна, каралаьцна йа шена хьалха пурхашха охьайиллина хила йеза. Лергаш, бIаьргаш, марий баьстина хила беза, мел шийла йелахь а. Хьо кхузахь сацал, новкъахь адамаш дуйла хьажа со.
Ведда вахана, новкъа а иккхина, хьала-охьа бIаьрг а тоьхна, Берса тIевоьхуш, куьг ластийра цо.
– Со-м, цхьанхьа со тергалвеш хьо вуйла хууш, парггIат вогIурий, Болат. Амма ахь дийцина сан гIалаташ нийса ду. Хьан Iамийна хьо иштта? – хаьттира Берсас, шаьшшиъ, ЭгIашта боьду некъ хадийна, дехьаваьлча.
– Зумсойн Залмас, – дозаллица жоп делира Болата. – Стохка аьхка а, дIадаханчу Iай а Органца хьала лаьмнашкахь ши бутт баьккхина ас. Цхьа бIе гергга вара тхо цо Iамош. Аьхка-м хаза дара цигахь. Йуькъа, сийна хьаннаш, шовданаш, олхазарш, акхарой. Доллучул хаза дара Орга. Чехка, буьрса! Уггар хи чехка долчухула неканца а, говрашкахь а дехьадийла Iамийра тхо. Нека-м сиха Iемира суна, амма бедарш, герз а коьрта тIехь, уьш ца дашош, хих вийла хала дара. Тоьпан а, тапчанан а лергара молха тIунделлачунна хIума тухура Залмас. Дечгаш вовшахтуьйсуш, бурам бан а, цуьнца хи тIехула лела а Iамийра. Доллучул самукъане дара акхарой йойъуш, церан цIокарчех катташ дар.
– Уьш стенна оьшура шуна?
– Стенна оьшура! Дусий, уьш пхи-йалх вовшахдоьхкий, Органах довлура тхо-м царна тIехь. ГIуллакх дIадаьлча, чуьра мох дIа а хоьций, таьлсаш чу дохкура. Бурмана дечгаш хедош, уьш вовшахтуьйсуш, уьйъуш лелочул атта а, самукъане а дара иза. БIаьста-м йаа хIума а карайора, миччахьа охьавижа а мегара. Амма Iай хала дара. Тхаьшна даа а, йа говрашна дала а рицкъа доцчу дигира тхо. Лаьмнашкахь каро дезара тхуна дерриг а. Йуьхьанца Iаламат хала дара. Шело, мацалла! Лайн саьнгарш, шан тархаш! Цхьажимма а ког шершина, галваьлча, къакъарашт аьлла бухарчу дуьнена гIyp вара хьо. Амма тIаьхь-тIаьхьа атта хилира. Лай кIел говрашна йао буц карайора, толлуш, тхаьшна напхина таро а йалора. ОххIай, ма сатийсира оха сискале! Амма сатоха дезара. ТIамехь иштта меттигаш дукха нисло, боху. Хало-м, дера, лайра оха, делахь а, тхох цхьа а дохко ца ваьлла цигахь Iай, аьхкий цхьацца бутт баккхарх.
Нохчийн божабераш физически кхиорах лаьцна оьрсийн эпсарша дуьйцуш дукха хезнера Берсина. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа цхьана-шина шарахь тесна йитина и шатайпа школаш дIадаханчу шарахь дуьйна йуха а болх бан йолайеллера. Ламанца йолчу йарташкара итт шарера йалхитта шаре кхаччалц долу бераш, рогIехь аьхка а, Iай а цхьацца баттана лаьмнашка а дуьгуш, тIеман гIуллакхна Iамор тайпанийн тIеман тхьамданашна тIедиллинера хинболчу гIаттаман куьйгалхоша. Церан болх муха дIабоьду хьожуш, цкъа Берса ша а хиллера ломахь. Цо самукъадолуш ладоьгIура Болата дуьйцучунга.
– Кхин хIун Iемина хьуна?