Оценить:
 Рейтинг: 0

Йеха буьйсанаш

Год написания книги
2023
Теги
<< 1 ... 16 17 18 19 20 21 22 23 24 ... 28 >>
На страницу:
20 из 28
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

Цигара йухавирзина вогIучу Iелина урамехь дуьхьалкхийтира тIехула ховшийна бераш а, тIаьхьатесна йетт а болуш сал-палах йоьттина йогIу стерчийн ворда. Стерчий геннара девзира цунна. И шиъ Жаьнтамаран ши сту бара. Жаьнтамар а, цуьнан ши кIант а тIаьхьа вара, шаьш новкъадохучийн Iодика йеш соьцуш.

– Шуна хIун дагадеана, Жаьнтамар? – хаьттира Iелас воккхачу стаге, шаьш тIеттIакхаьчча, салам а делла.

– Тхо-м йуьртах довла ма дохку, Iела, – гIийла жоп делира Жаьнтамара.

– Гена?

– Генна доьлху. Шина Терка йуккъе.

– Ой, шу доьлху бохуш, хьехош а ма дацара? – цецвелира Iела.

– Оха xIapa хьехо-м дукха хан йара, амма барт хIинцца бен ца тайн тхан.

Iелин чам байра. Вуьшта а кIезиг бара йуьртахь бисина нах. Белларш-м денлур бацара, ткъа xIapa дийна бисинарш мукъа а йуьртахь биса лаьара цунна.

– Даха ца дезара шу цига, – реза ца хилира Iела. – Цхьажимма йахь хила ма йеза ткъа. Вешан латта гIалгIазкхашна а, вешан эпсаршна а далийтина, хIинца иза йолах йа йукъахь лело, цига эха дуьйладелла-кх вай.

И дешнаш шега кхечо аьллехь, оьгIазгIyp вара Жаьнтамар. Амма цунна дика вевзара кураллех чо шен дегIаца боцу догдика Iела. Хаьара, цо хIуьттаренний, гамонний дош эр доцийла.

– ХIун дийр ду ткъа, Iела, – доккха садаьккхира Жаьнтамара. – ВаллахI Делора, ца доьлху хьуна тхо цига хазахета-м. XIapa цIоз кхузахь хене даккхалац. Ткъа тхан долахь тIе верта даржжол а латта дац. Хьун хьакха а ницкъ бац. Стохка, ши кIант эцна вахана, цигахь xIapa шуьстий, йеттий денбинера ас. Ia тIeдаллац болх а бина, тхаьшна хене довла рицкъа а гулдина, цIа догIур ду боху ойла йара-кх.

– Хьайна дика хаьа хир ду-кх хьуна. Марша гIойла, некъ дика хуьлда шун! – Жаьнтамарна мараиккхира Iела. – Дала шайн даго боххург нисдина, могаш-маьрша цIа дерзадойла шу!

– Дела реза хуьлда хьуна а, марша Iойла! Далаза дисахь, гур ду вайна…

Жаьнтамар ша Гати-Юьртара вацара. Ткъех шо хьалха Соьлжан йистера йа Теркацара веанера хаац, цаьршиннах цхьанхьара-м йагийначу шайн йуьртан метта гIалгIазкхийн станица йиллича, доьзалца Нохчмахка веана, кхузахь сецира иза.

Иштта хьалабаьхкина доьзалш Iаламат дукха бара Нохчмахкахь.

Вуьшта а гаттехь бохкучу кхузарчу бахархошна лаьттан къоьлла йаьллера оцу адамех. Цара сатуьйсура, тIом толамца чекх а баьлла, шайн махка йухадерзаре. Кхузахь гуттаренна а совца ойла йоцчу церан дог ца летара хийрачу йуьртах, адамех. ТIом болчу хенахь церан догъоьцура бухарчу наха. Иза чекх ма-беллинехь дIагIур болуш, цкъачунна тIебаьхкина хьеший лорура уьш. ТIом чекхбелира хIорш оьшуш. ГIалгIазкхийн йарташ йисира кхеран лаьтта тIехь, ткъа хьошалара бевллачу ЖаьнтамаргIеран сий дайра кхузарчу йарташкахь. Церан цIе – тIебаьхкина нах йара. Йуьртахоша боькъуш мехкан дакъа а, кхеташонехь куьйган бакъо а йацара церан. Дерригенан ойла йича, Iелас бехк ца буьллура царна кхелхина бахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг мохк наха дIалаьцнера. XIop а шарахь вовшахлетара, шунаш къуьйсуш. Хьалха-м, доьзалехь кIант кхиъча йа йуьртана тIе стаг веача, цунна дакъа доккхура, хьун хьокхий. ХIинца хьун хьокхур йу олийла а дацара. Йерриг хьун Iедало шен дола йаьккхинера.

Тахана Айза цIахь а йитина воьдура Iела шайн ирзе. Цигахь дан дезаш ладам боццу гIуллакх бен ца дисинера. ХьаьжкIаш йийна xIapa шиъ даьллера, оханна тIехулара бIаьллаш дохош, жимма латта шардичхьана, асаран хан тIекхаччалц мукъа дара. Цундела, Iуьйранна де шеллах ирзо тIера гIуллакх дIа а даьккхина, гIop ша Ахьмад волчу аьлла, Iаьрчхил дехьавелира иза.

Iаьрчхехь делкъан ламаз дина, Ахьмад волчу вахара Iела. Мекха дIахецна, стерчий дажа дIа а лаьхкина, кхура кIел бай тIехь агIорваьлла Iаш карийра цунна иза.

– Ассалам Iалайкум, хьекъийла хьан, Ахьмад! – тIехIоьттира Iела.

– Ва Iалайкум салам, Дела реза хуьлда хьуна а! Марша вогIийла, Iела, – каде хьалаиккхина, куьг а лаьцна, охьахаийра иза Ахьмада.

Могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа ша деана гIуллакх дийца вуьйлира Iела.

– Хьоьга цхьана денна шуьста беха веана со, Ахьмад, – элира цо, делкъана садаIа веана моьттуш, шега хIумма а ца хоттуш Iачу Ахьмаде.

– Ахь хIун до стерчех, хьайн ирзу дийна ца ваьлла хьо?

– Сайн ирзу дийна-м ваьллера, лулахо ву сан Iаламат вуочу хьолехь.

– Мила?

– Васал. Стохка а висина иза шен кха денза. Чохь йалх бер ду. Тховса лер, кхана йу ца хууш, кIелйисина меттахь Iуьллуш зуда а йу. Васал ша заьIап стаг ву. Чохь хьакхо рицкъа дац, кхушара кха денза бисахь, мацалла балар бен дац церан. Мел ойла йарх, уьш диэха хьоьгачул бIобулуш стаг ца карийна, веана со.

– Хаьа суна цаьргара хьал, – элира Ахьмада. – Ас айса а дукха ойла йина церан. Шина стараца ахалур долуш кха ма дац цуьнниг. Дукха хан йу иза ахаза Iуьллу.

– Сан а, Чорин а шуьста хир бу хьайчаьрца.

– И ша ду. Маца деза шуна?

– Хьан шуьста мукъабаьллачу дийнахь.

– Со-м тахана вер ву.

– Делахь хIета, кхана цуьнан урд аьхча, мел хир бара-кх вайна.

– Дала мукъалахь.

Хабарна тIера воцу Ахьмад Iелин хеттаршна доцца жоьпаш луш Iара. Iелин гIуллакх чекхдаьллий хиъча, гIеттина, кхуран генах кхозу таьлсаш схьа а эцна, оцу чуьра сискаллий, кIалддий схьайаьккхира цо.

– Делкъе йича, хIун дара-те вайша, Iела? Айсса xIapa Iийша дог ца догIуш Iара со.

– Со хIума кхаьллина ву, Ахьмад.

– ХIетте а, цхьаьний кхоллур вайша.

Кхин меца воццушехь, кIолде безам бахана, тIехилира Iела.

– Йалташ дIадуьйш-м дара вай, Iела. Амма, стохка санна, йокъа хиларна кхоьру-кх, – элира Ахьмада, хьала а хьаьжна. – Иттех де ду-кх вайна стигалахь догIанан марха ца гун.

– Далла лиънарг хир ду. Ирх-пурх а, йалта иэца деза. Ас-м цуьний бен ойла ца йо. Кертахь бежанаш, уьстагIий долчара-м оьцур дара иза, тхо цхьадолчара хIун дер хаац-кх.

– IocaгIap санна, кIа дийнехь тоьллера вайна а. Цара гурахь дийна кIа хаза тIедаьлла.

– Хаац, хIун хир. Цара дуьххьара дийна и вайн махкахь. Шортта латта долчара дийча тарло иза, амма, со санна, цхьа ирзон коржам бен йоцург, цу тIе кIа а дийна, охьахаа ваьхьар вац. Цул сов, эвсаре доцуш йалта а ду, хьаьжкIел иттазза-пхийттазза кIезиг долу а, боху, иза.

– Хуур ду-кх Iосин кхаш тIера хIун йолу.

– Цунна хир ду хьуна, тIулгаш тIе дийча а. Дала дуьне делла стаг ву уьш кхоъ.

– Амма эхарте даха дог-м дуй хьовха.

– Цигахь хиндерг хьанна хаьа. Устазаша шайна улло а уьш хийшабо, Iедало а уьш лоьру. Вай пекъаршна дуьне а доьхна, эхартахь хиндерг а хаац. Ши-кхо де хьалха Iоса веанера Васал волчу. Кха дохка бохуш, хьийзаво цо иза.

Сискал Iуьйшучуьра а сецна, Iелега хьаьжира Ахьмад.

– Баккъаллий? Резахуьлий ткъа важа?

– ХIан-хIа.

– Хьай, жIаьла-йаI! – карара сискалан йуьхк охьа а йиллина, дIатевжира Ахьмад. – Ша санна, вохкалуш, иэцалуш ву моьтту-кхий цунна массо а. Цхьанне а цуьнан боьха цIий шена тIелаца ца лууш, кху хене йаьлла и хьакха.
<< 1 ... 16 17 18 19 20 21 22 23 24 ... 28 >>
На страницу:
20 из 28

Другие электронные книги автора Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Другие аудиокниги автора Абузар Абдулхакимович Айдамиров