– Бакъду иза, Iела. Иза керста хилчахьана, муьлххачу а къомах стаг вешан мостагI хетара вайна. ХIинца а хета.
– ХIинца мукъана а, хьалха ваьш бинчу некъе йуха а хьаьвсина, ваьш, галдевлла, бердах, цIерга мичахь, муха, хIунда лилхина а хьаьвсина, тIейогIучу хенахь оцу гIaлатех лардала деза вай. Оьрсийн мехкан а, оьрсийн паччахьан ницкъан а боккхалла, оьрсийн къоман дукхалла со Сибрех вахча хиъна суна. Нохчийн мохк церан уггар жимачу губернел а бац. Россехь масех бIе шахьар йу, йарташ хьехор а йац ас, церан цхьана шахьарахь болу оьрсий а бу берриг нохчел алсам. Гена гIиртина хIун до, хIокху вайн махкахь а бу уьш-м нохчел алсам. Нохчийн къам жима ду, цуьнан мохк а, ницкъ а кIезиг бу, тIамца иза ша цхьаъ ларор дац Россица, паччахьан Iедалца. Цундела, Ахьмад, ас ца боху нахе герз карахь паччахьан Iедална дуьхьал гIовтта. Иза олучарна а дуьхьал хир ву со. Оцу Овхьада ма-аллара, вай санна, паччахьан Iедалан лоллехь дохкучу Россерчу, вайл даккхийчу бусалба а, керста а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, царалахь хьалхенаш а ца йохуш, тIехьа а ца соьцуш, йуккъера меттиг дIа а лаьцна, цара дийрриг дан деза вай а. ХIинццалц санна, вешан ницкъ а, мостагIчун ницкъ а ца хууш, герз карахь дуьхьалонаш йахь, вайн къам эрна хIаллакьхир ду. Дала тоьхна цхьа де хир ду вайн аьттонна.
– Оцу айхьа дийцинчух нохчий кхето, церан ойла цу aгIop дIахьовзо ницкъ кхочур буй-те хьан, Iела?
– Дера, бац. Вайн къам Iилманна, кхетамна тIаьxьaдисина. XIopa стеган, xIopa къоман кхетам Iилманца бу. Дала а боху бусалбанашка Iилма Iамаде. Пайхамара а аьлла, шаьш аганара гIевттичахьана дуьйна, кошан лахьте дерззалц Iилма Iамаде. Нохчашна ца лаьа Iилма Iамо. Нохчийн дерриг хьекъал бIаьргаш чохь ду. Нахана Iилма Iамo а, нах кхето а вайшингахь Iилма а, хьекъал а дац, и ший а вайшингахь хилча а, и болх бан хан а йац вайшиннан. Амма нах кхето гIертар, нах зенех-зуламех, бохамех ларбан гIертар, нах эрна хIаллак ца хилийта гIepтар декхар ду вайшиннан, цхьана дийнахь бен дуьненахь ца вахахь а. Ткъа сан бала а кхаьчна, гIалатех со ларван гIортарна баркалла хьуна. Со ларлуш хир ву.
– Къаьсттана Хьуьса-моллех а, Iабдих а ларло. Цаьршиннан бIаьргаш а, лергаш а, меттанаш а ду нахана йукъахь къайлах лелаш.
– Iабди хьенан, мила ву?
– Совдегар ХортIа дагавогIий хьуна? Цуьнан кIант ву-кх.
– Овхьад а вац ткъа ХортIин кIант?
– Ву. Амма иза шен доьзале ца хьаьжна. ХортIа а, Iабди а вицвийр волуш, кхин цхьа кIант а вара ХортIин. ТIаьххьара тIом болуш, йурт тало а, йаго а чубаьхкинчу салташна хьалхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийра иза.
– МIаьчигах а, Васалах а хIун хилла?
– МIаьчиган цIа чу а къовлавелла, тIом бира цаьршимма оцу дийнахь. Дуккха а салтий байъира цаьршимма, и шиъ а вийра.
– Дала декъалвойла и шиъ. ГIийла, къен-миска ши стаг вара и шиъ, амма майра а вара доза доцуш.
Хьеший баьхкина аьлла, веанчу Дауда дIавигира и шиъ.
4
Iела ган догIу йуьртара а, арахьара а адамаш севцира. Шайн цIа дирзира Ахьмад а, Айза а. Шен къаьхьачу ойланашца йаьссачу хIусамехь цхьа висира Iела.
Амма цул а холчохь дара Ахьмад а, Айза а.
Пхьуьйра ламаз а дина, суьлхьанаш дохуш, поппаран маьнги тIехь голаш тIе йуьхьар а вахана хиъна Iapa Ахьмад. Цуьнан ойланаш дукха гена йара ша Далла йечу Iамална. Цуьнан хIусамнана нехан стеган цIаpтIexь зуда ма йу. Iела дийна хиларх массара а догдиллинчул тIаьхьа, ткъа шо даьлча, йалийна. Ахьмада ша дагаваьлла а ца йалийна. XIapa, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висча, цхьана наха, вовшашца дага а бевлла, йалийна. XIoкху шиннан а бертаза. Ахьмадан декхар дацара Iелех йисина зуда йало. ДIора гepгapa дацахь а, доттагIалла ма дара цаьршинна йуккъехь. Цул сов, вовшийн чIогIа сий деш ши къонах ма вара и шиъ. Амма нахана карийра Ахьмад а, Айза а бертадало бахьанаш а, некъаш а. Йуьрта баьхкинчу салташа воккхахволу кIант а вийна, цIенош а дагийна, кертахь мел долчу хIуманах а йаьккхина, пхийтта шо долчу Iусманца йисинера Айза. ЦIа-цIe а доцуш, керт-ков а йоцуш. Къаналло а, цамгаро а кIелвитина да воцург, доладан кхин верас а воцуш. Ахьмад а ца хьистинера дахаро. Доьзалхо а воцуш, къанвеллачу хенахь хIусамнана а йелла, цхьа висинера иза а. Къанвелла, цамгаро лаьцна кIелвисарна а кхоьрура. ТIаккха шен дола дан верас цахиларна а кхоьрура. Айза шега йеача, Iусманах шен верас хиларе дог а дехира, цIа-цIе а, керт-ков а доцуш дисинчу ненан а, кIентан а ша дола дича, цаьршимма шен доладаре а, ша цушиннан дог эцча, Дала иза цхьана йоле дилларе дог а дехира. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел лелла, рицкъанаш а хилла, цхьаьнакхийтира и шиъ. Йуьхьанца шийла лаьттира цаьршиннан йукъаметтигаш. Айзас къайлах дог ца дуьллура Iелех. Амма кIант хиллачул тIаьхьа, Iелех дог а диллина, Ахьмадана дика а, муьтIахь а хIусамнана хилира Айзех.
Массара а велларг лерина, вицвина Iела, ткъе берхIитта шо даьллачул тIaьxьa, хIинца цIa веана. Эхартара веача санна. Цуьнан зуда Ахьмадехь марехь йу. Нахана дуьйцу хезна xIyмa а ма дац xIapa. Нехан цIартIехь маре йахана зуда а, иза йигнарг а – ший а дуьйш Iадат ду нохчийн. Ткъа хIокху шинна йукъахь лелларг шатайпа гIуллакх ду. ХIуьттаренна-гамонна дина а дац. Доьналла доцчу, оьзда боцчу наха мостагIалла а хьедийр долуш, оьздачу къонахаша машаре а дерзор долуш, дерзо бусалба динехь некъаш а долуш, хилла гIуллакх ду. Сибрех ваххалц Iелел оьзда а, майра а, къинхетаме а, доьналле а стаг вацара хIокху Яьссин тогIица. Махках а ваьлла, халкъах а хаьдда ткъе берхIитта шаро амалш, гIиллакх хийциний-те цуьнан? Дардиний-те цуьнан дог? Дицдиний-те цо шен къоман оьзда гIиллакхаш а? Дегнаш боьхачу адамийн мотт-эладитанаша дIовш дуттурий-те цуьнан даг чу?
Ши-кхо де хьалха уллохула тIехволуш, Iабдин туькана чувирзира Ахьмад. Чохь Iабди а, Хьуьса-молла а бен, кхин адамаш а дацара. ХIара нeIapx чоьхьаваьлча, шиннан а велавалар иккхира.
– Ахьмад, шариIато цхьана стеган йиъ зуда хила магадо. Амма, цхьана зудчун ши майра хила магийна бохуш, ца хезна цхьанна а. Айза хьоьгахь марехь йу, ткъа наггахь Iелин кIант волчу а йоьду. Шуьшиннах муьлхачун сте йу иза? – хаьттира Хьуьсас, вела а къежаш.
«Кхи-кхи-кхих», – аьлла, велавалар иккхира Iабдин а.
Вист ца хуьлуш, вахана неI тIе а чIаьгIна, чухула гIуй а боьллина, Хьуьсина тIе а веана, шен нуьцкъалчу куьйга цуьнан атлазан гIовталан кач а лаьцна, ветанаш лоьлхуьйтуш, озийна, иза шен мера кIел валийра Ахьмада:
– Кхахьпано дина кхахьпа! Хьакхин хотIах даьлла хьакха! Ирс хили хьан, йукъах йихкина шаьлта а йоцуш, со кхуза нисвелла. Амма хаалахь, нагахь санна ахь диканна а, вонна а Iелин а, Айзин а, сан а цIе йаьккхина бохуш, суна хазахь, хьайн хьакхин корта дегIах къаьстарг хилар! Стен а, боьрша а доцу гIизби!
Кхеравелла, ши бIаьрг схьаэккха санна, хье тIе баьлла Хьуьса, хьала а айъина, гIопастанал дехьахь вегош лаьттачу Iабдина тIе а кхоьссина, аравелира Ахьмад.
Ахьмадна хаьара и тайпана мотт-эладитанаш йуьртахь даржош лелаш цхьа нах буйла. ХIокху гIуллакхан цхьа йист йаккха сацам бина иза, къайллах арентIарчу цхьана воккхачу Iеламстагана тIе а вахана, цунах дагаваьллера. Цо дийцарехь, майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а, итт де а даьлча маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа гена махка мехе, тIаме вахана, йийсаре вигна йа кхечу бахьанашца доьза вайначу майрачух дог диллина зуда кхечу стаге маре йахча, ткъа и хьалхара майра, xIapa Iела санна, цIа верзахь, и зуда йигначо, шариIатехь йита а йитина, хьалхалерчу майрачунна йухаерзо йеза. Ткъа оцу хьалха хиллачу майрачо, нагахь санна и зуда шена йезахь, иза цуьнга йухайан реза а йелахь, дуьххьара йалош санна, шариIатехь цуьнца мах а бина, шен дола йаккха йеза. Иза йухайало шена ца лаахь, йа йухайан и зуда реза йацахь, шена луъучу маре йаха маьрша йита йеза. Нагахь санна зудчунна хене йала рицкъа а, духар а, кхин оьшург а ца дуьтуш, майра генна мехе, тIаме, йийсаре лаьцна йа Сибрех вахана биъ бутт а итт де а даьлча, иза дийна велахь а, маре йаха бакъо йу зудчун.
ШариIатехь-м иштта дара, амма нохчийн къоман гIиллакхашца ца товш, лело оьзда доцуш а гIуллакх ду-кх иза. Делахь а цхьана агIор ца листича ца долу. Амма муха?
5
Товханна хьалха кхакханах бинчу кIедачу миндар тIе охьа а хиъна, иштта суьлхьанаш а дохуш, оццy ойланаша дIалаьцна Iapa Айза а. МаьркIажал тIаьхьа товхана йиллина ножан стомма гуьйриг алу хилла йаьгна чекхйаьллера. Терхи тIе хIоттийна чуьра мехкадаьтта лахделла чиркх а серлонна гIелбала боьллера.
Iела а, Ахьмад а боккхачу балехь вуйла, хаьара Айзина. Амма цаьршингахь берг бала бацара, Айзин кийрахь кхехкачуьнца буьстича. Iелина тIедеанчу эхьана бехке, Айза йоцург, цхьа а вац. Ахьмад ванне а вац. Шега йеача, зуда йигна цо. ХIокху бохамна бехке иза ша цхьаъ йу. Сибрех доьза вайна майра а волуш, маре йахана. Ткъа шо даьлча хIун дара? Iийр йара-кх кхин а ткъа шарахь а, йаллалц а. ЦIa-цIе а, керт-ков а цахиларх хIун дара? Цхьа бун а йина, caгIa а доьхуш, кIант а кхобуш Iийр йара-кх. ТIаккха, воккха хилча, кIанта иза а кхобур йара. Ша йаллалц. И сацам бинера Айзас. Iелех дог ца дуьллуш. Амма цамгаро кIелвитинчу къеначу дас бохийра цуьнан сацам. Ша дуьненара дIакхалха герга ву, бохура цо. Хьан а, кIентан а йиша-ваша дац, гергара нах бац. Шел тIаьхьа хьо кIантаца цхьа йуьсу. ЦIа-цIе, керт-ков доцуш. Доладан верас а воцуш. КIантана зуда йало йеза. Зуда йалийча, шуна цIенош, бежана, сту-ворда дезар ду. Ахьмад хьекъале, оьзда, къинхетаме, доьналла долуш, наха лоруш, сий деш стаг ву. ГIеххьачул таро йолуш а ву. Цо дола дийр ду шуьшиннан. КIантана цIенош дийр ду, кертахь оьшург а тардийр ду. Цул совнаха, нагахь санна Дала азаллехь йаздинехь, хьо Ахьмаде йахча, Iусманна йижарий, вежарий хир бу. Вайн устаз соьга вистхилийта ойла йолуш бу Ахьмадан гергара нах. Устазан дехар йухатоха бакъо йац вайшиннан. Iелех дог ца дуьллу, боху ахь? Мел хьуна ца лаахь а, Iелех догдилла деза ахь. Ткъа шо даьлла цуьнан цхьа а хабар доцу. Дийна велахьара, цхьа кост ца кхетош, Iийр вацара иза. Тоьур ду ахь ткъа шарахь ладегIча. Хьо хIинца а къона йу. Шен де тIекхаьчча, массо а ву вала везаш. Амма дийна верг ваха веза. XIapa сан тIаьххьара дехар ду хьоьга…
Дела ву-кх и дерриг а хууш. Iела вицвелла а, маре дагадеана а ца йахара иза. Ша къона йелахь а, цунна майра, маре ма ца оьшура. Къона йолуш а цуьнан аьтто ца хиллера безамах марзо эца. Сихха цIа воьрзур ву аьлла, Хонкара вахча, кхо шо даьлча, цIа веара. ТIаккха дукха хан йалале лаьцна, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира. ТIаккха бархI шо даьлча, салташа Iумар вийра. Иза вийна а ца Iийра. ЦIенош а, керт-ков а дагийра, церан миска йийбар а йагийра, халла кхиийна ши сту а, йетт а дIадигира. XIapa жимачу Iусманца йерзинчу стигала кIел йисира. Маре а, майра а дагадогIучохь йара ткъа иза? Цунна минотана а ца вицлора Iела. Шен дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Iусманан а, шен къеначу ден а дуьхьа резахилир-кх. Ахьмаде безам бохург хьехочохь а дацара. Шена а, Iусманна а иза мел дика велахь а, цуьнга даг чохь йовхо ца гIоттура. Iусманна цIенош а дира Ахьмада. Ши сту а, бежана а ийцира. ХIетте а Iела дагара ца волура, Ахьмадах безам ца летара. Йуьхьанца кIант, тIаккха йоI хилча, шен кхолламна къера а хилла, кIелсецира. Даг чохь керла безам ца кхоллабеллехь а, Ахьмадана муьтIахь, тешаме, дика хIусамнана хилира цунах. Амма Далла дика хаьа-кх Айзина майра а, маре а оьшуш хилла цахилар. XIapa хир дуйла хиънехьара…
– Айза, – лохха кхайкхира Ахьмад.
– ХIун боху ахь? – гIийлла йистхилира Айза.
– Iела цIa веачахьана ойланаша хьере дина вайша. Иштта Iийна девр дуй-те вай?
– XIyн дийр ду ткъа?
– Вайшиннан кхоллам муха хилла, хаьа-кх хьуна. Бакъдерг аьлча, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висинчу суна хIусамнана оьшура хIетахь. Амма хьо майра оьшуш а, маре дагадогIуш а йацара. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел кхочушхуьлуш, вайшиннан рицкъанаш цхьаьна нисделла. Ахь дина йоI а, кIант а ду сан. ХIинца Iела цIа веана. Iеле а, вайшинга а дуьхьал схьа ца алахь а, тIaьxьaшxa лелаш нехан питане мотт-эладитанаш ду. ХIун дича бакъахьа хета хьуна?
– Хаац суна. Хьоьга йале йа Iела цIа вале со йеллехь, дика хир дара. Далла ца лиъна-кх иза а.
Цхьана ханна цIа чохь тийналла хIоьттира.
– ХIокху дуьненахь цкъа а ирсан чам ца хууш, къанвелла Iела. Дала кхоьллинчу цхьана а стагана ца лабаллал баланаш, халонаш, бохамаш лайна цо. Сол а декъаза стаг ву иза. Бусалба динехь а, адамаллин гIиллакхехь а, хьайна лаахь, цуьнга дIайаха бакъо йу хьан. Кхин xIyсамнана а йалийна, цуьнца ваха хаа къанвелла иза. Ахь мукъана а дог ца эцча, къанвеллачу хенахь иза хьанах, стенах Iехалур ву?
Айза йист ца хуьлура. ХIун аьлла хила йеза? Ахьмада дийриг оьзда къамел ду, цо лелориг оьзда гIиллакх ду. Амма Айзин иза дан бакъо йац. Цуьнан кхоъ бер ду. Цигахь – кIант, кхузахь – кIант а, йоI а. Iела а, Ахьмад а – ший а дика хилла Айзина. Амма даим дIа цуьнан даг чохь лаьттинарг Iела ву. Айзин дуьххьарлера безам. Масех шо хьалха дIабаьлла иза, деган кIоргехь сийсаш цхьа гIийла суй буьтуш. ХIокху къизачу кхолламо къинхетамза бийна. Айзин бIаьргех комаьрша дуьра хиш хьаьлхира.
– Ахь жоп хIунда ца ло, Айза?
Айза хецайелла йилхира. Цуьнан дог хьаъалц вист ца хуьлуш, дикка Iийра Ахьмад.
– Алахьа, Айза, хьайна хетарг…
– Берриг а бехк сан бу… Хьоьга йеана. Даго хьоьхура суна, Iела дийна ву, велла вац бохуш… Массара дог диллича а, ас дог ца дуьллура цунах. Маре гIyp йу бохург цкъа а дага а ца догIура. Вала гергаваханчу къеначу дена луург а дина, байлахь висинчу, верас воцуш висинчу кIентан ойла а йина, йеара хьоьга. Хьайн дикалла, ахь дола а дира тхойшиннан. Иза тхойшинна дицделла йа дицлур ду, моьтту хьуна? Амма хIетахь мацалла дала диси делара тхойша…
– Уьш дIадевлла, Айза. Ас кхочушдинарг бусалбанан декхар ду. ХIинца вай дохкодийларх а, делхарх а, нисдала хIумма а дац. Бехкениг а ца лоьхур вай. Лелларг Делан кхел йу. Iелин дагахь хIун ду-те?
Айза, букъ нисбеш хьала а таьIна, Ахьмаде хьаьжира.
– Суна муха хаьа цуьнан дагахь дерг? Цуьнга и хоьттуш со лелар йоцийла, ца хаьа хьуна?
– ГIаддайна хоьттура ас-м.
Цхьа хан йелира, и шиъ дист ца хуьлуш.
– Ахьмад, хилларш а, лелларш а хьуна дика хаьа. Iелин кIант Iусман а, хьан Дауд а, Седа а ас бина йиша-вежарий бу. Шуьшиннах цхьанна хилла лазам оцу кхааннан дегнех чекхбер бу. Со-м хьехор а йацара вай. Цхьанна-шинна хиъна хIума, кхечу-кхечуьнга дуьйцуш, дуьне ма-дду кхарста долу. ТIедетташ, дестош. Шуьшиъ наха лоруш, хьекъале, оьзда, цIена бусалба ши къонах ву. Нах йукъа а ца бохуш, хаза ший а цхьаьний охьа а хаий, хIара гIуллакх машаре дерзо бусалба динехь а, нохчийн гIиллакхехь а цхьа некъ лахийша…
Ахьмад йуха а, голаш тIе йуьхьар а вахана, суьлхьанаш даха вуьйлира.