– Вай схьа ца йаккхахь, лур йац. Цуьнгахьа къийса деза.
– Къийсарх гIуллакх хир доцийла, хиъна вайна. Йуьхьанца вешан маршо ларйан гIерташ, тIаккха, иза ваьшкара дIайаьккхича, йухаерзо гIерташ, масех бIешарахь тIом бина вай а, вайн дайша а. Дерриг а эрна хили. Нийсса ах къам оцу къийсамехь хIаллакьхили. Вай лаьмнашка а лаьхкина, керстанаш вайн мехкан дегайуккъе охьахевши. Вайн махкахь цхьа а керста воцчу хенахь уьш чугIоьртича а ца ларийна вай, хIинца муххале а ларор дац. Керла тIом болабахь, дисинарш а хIаллакьхир ду вай. Ткъа делла дуьненара дIадаьллачу халкъана маршо ца оьшу.
– Ас тIамна гIовтта ца боху, Янаркъа. Со дуьхьал ву тIамна. Керла тIом болабахь, ахь ма-аллара, нохчийн къам хIаллакьхир ду. Кхин тайпа, машаре некъаш а ма ду вайна вешан маршо йухайерзо. Вай оьрсашна, керстанашна дуьхьал тIом бийр бац. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел, вай санна, лоллехь, Iазапехь латтош, дуккха а къаьмнаш ду Россехь. Нохчийн къомал уьттазза, бIозза даккхий, керста а, бусалба а къаьмнаш. Царалахь уггар доккха къам оьрсийниг а долуш. Оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а нохчийн халкъана бинчу бохамашна дерриг а оьрсийн халкъ бехке дора вай, цуьнца мостагIалла а дара вайн. Оьрсийн халкъана ца оьшура шен паччахьаша, хьоладайша нохчашца бина тIом, ца лаьара шайн кIентий, вежарий кхузахь бойъийла. Амма паччахьаша а, хьоладайша а шаьш дийриг халкъе хоьттуш ца до. Оьрсийн халкъ а ду паччахьийн, хьоладайн кога кIел, Iазапехь, лоллехь. Царна дуьхьал дукхазза а гIеттина оьрсийн халкъ, амма даим а къинхетамза хьаьшна цуьнан дуьхьало. Оьрсийн паччахьаш а, хьоладай а Россехь дехачу дерриг а къаьмнийн къехойн йукъара мостагIий бу. Вовшех къесташ, ша-ша, цхьацца гIиттарх, паччахь а, цуьнан Iедал а дохалур дац халкъашка. Иза данне а далур дац нохчийн жимачу къоме. ХIетте а, нохчий даим а девнна хьалха гIиртина, цундела царна даим бохамаш а хилла. И хьалхенаш йохур йац вай кхидIа. Вайл даккхийчу а, вай санначу а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, хьалха а ца гIерташ, тIехьа а ца лечкъаш, йуккъера меттиг схьа а лаьцна, къуьйсур ду вай вешан маршонехьа. Оцу къийсамехь керста оьрсий, гуьржий, эрмалой, хIирий, кхидолу къаьмнаш а вешан мостагIий хилийта ца деза вай, ткъа накъостий хилийта деза. Церан гIоьнца вохор ву вай вешан йукъара мостагI, церан гIоьнца йухаерзор йу вай вешан маршо.
ХIетталц ладоьгIуш Iийна Хьуьса-Молла къамела йукъавуьйлира:
– Маржа Овхьад йаI, оцу керстанашна йуккъехь даьккхинчу ткъе ворхI шаро хаза кхоччуш тиларчу вигна-кх хьо! Айхьа дуьйцург хIун ду, хаьий хьуна? Керстанах ма теша, иза доттагI а, накъост а ма лаца, цуьнца гергарло а ма леладе, боху Дала Къуръан чохь. Керстанашна а, бусалбанашна а йуккъехь барт а, машар а хир ма бац цкъа а. Хила йиш а ма йац. Керста доттагI, накъост лаьцнарг Делах ма волу, Делерчу къинхетаме дог дохийла ма йац цуьнан!
– Стомара гуламехь-м иштта ма ца элира ахь, Хьуьса, – накъосташка бIаьрг а таIош, кхоссар йира Янаркъас. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, царна а, церан Iедална а муьтIахь хила деза, царна дуьхьалверг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву бохуш, ма дийцира ахь. И оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бац ткъа, бисина оьрсий санна, керстанаш?
– Паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, муьжгий а цхьаъ бац! Муьжгий цхьа а дин доцуш, Делах ца тешаш адамаш ду, xIapa ДошагIар, ХьомсуркъагIар санна, къуй, талорхой! Уьш доттагIий а, накъостий а лаца мегар дац.
Нахана йуккъехь белар иккхира.
– Делахь, Хьуьса, со Iеламстаг а вац, суна Iаьрбийн мотт а ца хаьа, – элира Овхьада. – Со Бакохь волуш, цхьана воккхачу Iеламстеган кертахь петарехь Iийна со. ТIаьхьа, Сибрехь волуш а, гIезалойн къомах волчу цхьана Iеламстагаца а масех шо хан цхьаьна йаьккхира ас. Цара дуьйцуш а, сан хеттаршна жоьпаш луш а, бусалба динах дуккха а хиъна суна. Пайхамара Маккарчу керстанашна дуьхьал ша тIом бечу хенахь, цаьрца мостагIалла долчу, цхьана а динехь боцчу Iаьрбийн тайпанашца барт а бой, цаьрца цхьаьна Маккарчу керстанашца тIом беш хилла. Пайхамара бусалбанашна, бусалба динна аьттонна цхьана ханна динарг, вешан маршонан дуьхьа вай дан хIунда ца мега? И цхьаъ ду. ШолгIа, сан вашас Iабдис, керстачу оьрсийн махка а воьдуш, керстачу оьрсийн совдегаршца гергарло а лелош, цаьргара товар а оьцуш, кхуза схьа а дохьий, шуна духку. Йуьртден СаьIадан вежарий бу оьрсийн пурстоп а, округан начальник а. Оьрсашна полицехь хьалха гIуллакх дина Инарлас а, ЧIонакъас а. ХIинца изза деш бу цушиннан кIентий а. Шу хьолахошна а, динадайшна а хIунда мега керста оьрсий доттагIий а, накъостий а леца а, цаьрца гергарло лело а, царна гIуллакх дан а, ткъа къен-мискачу нохчашна хIунда ца мега?
– Э, Овхьад, шена уьстагIа белча, моллас жен-жIаьла кешнашка дIадолла магийна бохуш, ца хезна хьуна?
– Делахь, Хьуьса, и керста оьрсий вайн мостагIий бу бохуш, ахь питане хьехамаш бича, хьан Iедало могуьйтур дуй-те хьуна?
Цхьана йукъана воьхна хьаьвзира Хьуьса.
– Ас буьйцурш, тIамца кхуза а баьхкина, нохчий бойуш, йарташ йагош лелла муьжгий бу…
– Паччахьо а, хьоладайша а герз кара а лой, нуьцкъах нохчашна тIелоьхкура-кх уьш а. И салтий а, вай а тIамехь хIаллакьхуьлура, ткъа цара а, вай а Iенийна цIий, деши а хуьлий, паччахьийн, хьоладайн кисанашка Iенара.
– Овхьад, хьо тиларчу вахана стаг ву, – Хьуьсигахьа гIoдаккха гIоьртира Панта-Хьаьжа. – И тайпа хабарш дуьйцург хьо схьавеанчу йуха дIахьажаво кхузарчу Iедало. И хаалахь, хьайна йуха а Сибрех ваха ца лаахь. Ткъе ворхI шо Сибрех даьккхича мукъана а, кхета мегар дара!
– Сан гIайгIа ма белахь, Панта-Хьаьжа. Оцу ткъе вopхI шаро мелла а кхетаме валийна со. Дуккха а мехкаш, халкъаш, адамаш девзина. Суна цхьаъ хаьа. Дала ша хIокху дуьнен чу даьхна адамаш а, къаьмнаш а цхьатерра, цхьанийсса бакъонаш йелла кхоьллина. Вовшех леташ, вовшийн дойуш, цхьакIеззигчара дукхахдерш дацаде, лоллехь, Iазапехь латтаде, вовшийн мостагIий а хилий даха аьлла, ца кхоьллина, вовшашлахь бертахь, машаре даха, харцонаш, йамартлонаш ма лелае, аьлла кхоьллина. Оьрсий керстанаш бу, ткъа нохчий бусалбанаш бу. Амма керстачу оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а цхьатерра Iазапехь латтабо шайн керста оьрсий а, бусалба нохчий а. Изза хьал ду керстачу гуьржийн а, эрмалойн а, бусалбачу туркойн а, гIажарийн а мехкашкахь а. Дуьненан массо а мехкашкахь а. Массанхьа а къечу, мискачу, гIийлачу адамийн а, халкъийн а йукъара цхьа мостагI ву паччахьаш а, хьоладай а, церан гIоьнчий а. Ткъа массо а динадайша, Дала а, пайхамарша а, Товрато а, Забуро а, Инжило а, Къуръано а гайтинчу некъашна тIера йуьстах а буьйлуш, паччахьийн, хьолахойн аьттонна дIахьийзадо. Кхузахь изза до aшa а.
ОьгIазвахана Хьуьса-Молла, кхузара дIавала дагахь хьалагIатта вуьйлира, амма Панта-Хьаьжас, чоин тIам озийна, охьахаийра.
2
Вовшашна весаш йан гергабахана и къийсамаш севцира, урамо голатухучохь дегIана лекха, зоьртала воккха стаг гучуваьлча. Ханна воккха велахь а, хIетта сирйала йоьлла, йоцца лергина маж а, хаза тодина даккхий мекхаш а, цIен бос бетталуш беснеш а йара цуьнан. Атлазан гIовтална тIехула тIедуьйхина дато бустамаш долу Iаьржачу исхаран чоа а, гIодайукъ къевлина дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а дара. Кхузткъе итт-пхийтта шо хан хир йара цуьнан, амма тIехьаьжча, оцу шен хенал къона хетара иза. Лекха хьаж дIакъовлуш, дуькъачу цIоцкъамашна тIегIортийна тиллинчу месалчу куйнна бухара схьахьоьжучу хьекъалечу бIаьргаша а, дукъ тIе а даьлла, хьаьвзинчу боккхочу меро а бертаза лерам кхуллура цуьнга хьаьжначун дагахь.
Воккхачу стагана тIаьххье гучуйелира тIехь ахьарх а, демах а дуьзна масех гали а долуш, тIаьхьатесна берстина боккха сту а болуш, стерчийн салаз. Воккха стаг, соцунгIа а хилла, салаз шена тIаьхьа а кхиийтина, стерчийн йуьхь лаьцна вогIучу жимачу стаге вистхилира:
– Салаз, чоьхьа а йаккхий, дIахIоттае. Iусмана а, ахьа а оцу старина сихха шаьлта хьакхий, иза тилабе.
Оцу стагана тIе тидам бахара Iелин а, амма бIаьрса гIийла долчу цунна иза генара ца вевзира. Цуьнца салаз йалош веана жима стаг сийсара вевзинера Iелина. Иза Айзин кIант Дауд вара. ХIета, и воккха стаг Акхболатан Ахьмад бен хуьлийла дацара. Iелина хааделира кхузахь долчу дерриг а адамийн тидам цунна а, шена а тIебахана хилар. Ша хиъна Iачуьра хьала а гIеттина, цунна дуьхьалвахара Iела.
– Ассаламу Iалайкум! Хьо марша вогIийла, Iела! – Iелин куьг а лаьцна, мараиккхира Ахьмад. – Эзар балех волийла, кхин керстанан буйна воьдучух Дала ларвойла хьо!
ХIинца, уллора хьаьжча, шеко йоцуш Ахьмад вевзира Iелина. Дуккха а хан йаьллехь а, хьалхалера васташ ларделлера цуьнца.
– Дела реза хуьлда хьуна а, Ахьмад! – шаьшшиъ маракхеттачуьра дIасакъаьстича, куьг дIа а ца хоьцуш вигна, иза шена улло охьахаийра Iелас. – ТIаккха, Ахьмад, гезалойн арахь айхьа со, Iожаллин багара а ваьккхина, хошкалдахойн хьаннашка вигна де дицделлий хьуна?
Ахьмад воьхна хьаьвзира.
– Ца дицделла. Дицлойла а дац оцу шерийн денош.
– Оцу дийнахь со кIелхьарвоккхуш чов хилла пхьарс сакхт бисира хьан…
– Ас динарг вай массара а динарг дара, Iела. Накъосташа со Iожаллех кIелхьарвоккхуш а, ас накъостий кIелхьарбохуш а меттигаш хуьлура. ТIамехь иштта ма хуьлу. Эзарнаш байъина, эзарнаш заьIап бисина. Суна хилларг-м хIумма а доцург дара. Цул дийцахьа айхьа лелийнарг, хьо цIа муха веана?
– ХIун дуьйцур ду? Сибре гена, шийла мохк бу. Ткъа и каторга дуьненан жоьжахати йу. Цигахь хьоьгуьйтучу Iазапо стаг хеназа къанво, Iожалла йо. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а йалале Iожалло дIабаьхьира сан накъостий. ТIаьххьара а соьца висина бено Илес а кхелхира шуьйтталгIачу шарахь. Йисина ткъе йалх шо хан, вайнехан стаг бIаьрга ца гуш, йаьккхира ас. Бакъдерг аьлча, ас дог диллинера со кху махка воьрзур ву, вайна вовшийн гур ду бохучух.
– Хьайна тоьхна итт шо хан текхна ваьлча, цIа ца хийцира хьо?
– ХIан-хIа. Цигахь ваха маьрша витира, амма цIа верза бакъо ца лора. ХIунда сецавора, суна сайна а ца хаьара. Схьахетарехь, Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хиллачу нохчийн гIаттамо йахйирий-те, моьтту суна, цигахь сан хан. Мосазза а вада гIоьртира со, амма хIоразза а, схьа а лоций, хан тIетухура. ТIаккха, къанвелча, маршонах дог а диллина, цигахь вала сецира. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь цхьа шатайпа тутмакхаш кхийла болийра со волчу. Царах революционераш олура. Вуьшта аьлча, паччахьан Iедална дуьхьал нах бара уьш. Со цига муха кхаьчна а, муха Iаш ву а хиъначу цара, сан гIайгIа беш, паччахьна тIекхаччалц аьрзнаш а йаздина, маршаваккхийтира со. Цаьрца вара, Николаз цIе йолуш, гуьржийн цхьа жима стаг, цуьнан хан чекхйалар а, со маршаваккхар а цхьаьна нисделира. Шеца цIа валийна, со Соьлжа-ГIалахь охьа а воссийна, Гуьржех вахара иза. ХIинца со шуьца цIахь ву. Иза ду-кх, доцца дийцича, ас лайнарг.
– И гуьржи хьайца схьавало везаш хиллера ахь, Iела. Вай хьошалла дийр ма дара цунна, – элира Янаркъас.
– Iойла дацара цуьнан. Хетарехь, даккхий гIуллакхаш вовшахдетташ бу уьш цигахь. Aмма цо дош-м делла шен аьтто баьллачу хенахь хьошалгIа ван.
– Ткъа и ахь буьйцу тамашийна цIe йолу тутмакхаш хIун нах бу, Iела? – хаьттира Янаркъас.
– Уьш хьекъале, майра, догдика, доьналле адамаш ду, Янаркъа. Паччахьна а, хьоладайшна а дуьхьал бу уьш. ХIинцца хIокху Овхьада дийцинарг дуьйцура цара а. Паччахьан, хьоладайн Iедал мел ду, халкъашна маршо хир йац, Россехь дехаш долчу дерриг а къаьмнийн къехой, маршо йезарш, цхьабарт болуш, цхьа вежарий а хилла, хIокху Iедална дуьхьал гIовтта беза, тIаккха бен халкъашна маршо йаккхалур йац, бохура цара. Паччахьера, хьолахошкара Iедал схьа а даьккхина, иза халкъан кара дала, адамашна, къаьмнашна йуккъехь цхьа а дов, тIом ца хуьлийла, уьш цхьа доьзал санна машаре, бертахь, маьрша дехийла, лаьа царна. Цундела Iедало, схьа а лоьцуш, набахтешка кхуьйсу, Сибрех лоьхку уьш.
Йуха а хьалхалерниг долалуш доллийла хиъна, Хьуьса-Молла а, Панта-Хьаьжа а, хьала а гIеттина, дIавахара. Дисина адамаш, вовшийн дIаса а тоьттуш, Iелина тIегулделира.
– Уьш тамашийна нах хилла!
– Ткъа кестта хир дуй-те цара дуьйцург?
– Кестта хир ду, бохура. Цара иза муха дийр ду-м, ца хаьа суна. Вайн хьекъалийн ницкъ кхочур бац оцу гIуллакхийн кIорге ган. ЦIa вогIуш бехачу новкъахь цIерпошта тIехь соьца нисбеллачу оьрсаша дуьйцуш хезна суна, шегарчу Iазапна а, Японица тIом болорна а реза доцу оьрсийн халкъ Россин йаккхийчу шахьаршкахь паччахьна дуьхьал гIуьттуш ду бохуш. Ткъа ас бийцинчу тутмакхаша олура, Россера дерриг а халкъаш цхьаьна а кхетта, цхьабарт болуш ца гIевттича, цхьана къоме шегга паччахьера, хьоладайшкара маршо йаккхалур йац. Оцу гIаттаман коьртехь Россехь уггар доккха долу оьрсийн халкъ хила деза. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша Россерчу кегийчу къаьмнашкара дIайаьккхина маршо царна йухаерзо декхар ду оьрсийн къоман. И декхар кхочушдан оьрсийн къомана гIo дан деза дисинчу къаьмнаша массара а. Оцу тIехь и тутмакхаш бакълуьйш санна хета суна.
Iелас дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iачу Ахьмада, иза сацо гIерташ, мосазза а муьшка йира цунна. Шен къамел цо ца сацадойла хиъча, хьалагIеттира Ахьмад:
– ХIан, цкъа дIасадовлал, делкъан ламаз дийр ду вай. Схьаоьхучуьра адамаш лагIделлачуьра, Iелас жимма садоIур.
3
Лулахойн цIа чу а вахана, ламаз дина, вирд даьккхина, шаьшшиъ паргIатваьлча, оцу къамелана тIе йухавирзира Ахьмад.
– Вайша ваьшшиъ волччуьра, хьоьга цхьаъ ала лаьара суна, Iела. Оцу нахана йукъахь ахь дукха майра хабар дийцира. Хьо сацо гIерташ, хьуна муьшкаш а йира ас, хьо ца кхийтира. ХIaрa Iедал тIедеача, хьалхалерчу къонахийн зама дIайаьлла. Iедало шайна сом делча, шайн да-нана а духкур долуш дукха нах бу. Нахана йуккъехь айхьа къамел деш, ларлуш хила веза.
– Иштта нах хир буйла, хаьа суна. Цхьаммо хаттар дича, жоп ца луш Iойла а, жоп луш бакъдерг йа сайна хетарг ца олуш Iойла а ма дац. Шалхонаш лело ца Iемаш, къанвелла со.
– Бакъдерг ца деза цхьанна а. Суна хетарехь, Дала адамаш дуьнен чу кхоьлличхьана дуьйна схьа цкъа а бакъдерг тоьлла а дац, нийсо хилла а йац. Бакъдерг оьшу, харцдерг тоьлу. Бакъдерг дуьйцучунна иза шена бале, бохаме, зуламе долу. Хьоьга шалхонаш лелае, ца боху ас. И бакъдерг айхьа аьлча, иза хьайна бале, бохаме, зуламе дер долуш хилча, вист ца хуьлуш, IаддаIе, боху. ЦхьакIеззиг бехкбаьлларг йа бехк-гуьнахь а доцург нехан маттаца хIаллакво хIокху заманахь. Хьо къанвелла, Iела. Йуха Сибрех воьду хан йац хьан. Вахча, йуха а вогIур вац.
– Делахьа Ахьмад, ма дика хаьа-кх суна иза. Сибрехь айса лайна ткъе берхIитта шо-м хьехор а дацара, оцу хьалхарчу цхьана шарахь а со дийна висарх цецвуьйлу. Къона хиларна лайна хир йу-кх ас и халонаш. Ткъа нахана йукъаваьлча, сайга хаттар дича, йа цхьаммо гуш лаьтташехь харц, питане хабар дуьйцуш, вист ца хуьлуш, пхьагал санна, дIа а тебна муха Iен веза? Ала дезачохь бакъдерг дуьххьал дIаала, боху Дала.
– ХIета, со пхьагалх тарви-кх ахь! – велавелира Ахьмад. – КIилло а хилла ца ваьлла со маршонехьа къийсамна йуьстах. Вайн къийсам а, оцу къийсамехь хIаллакьхилар а эрна хиларх кхетта со. Хьо лаьцначул тIаьхьа, Симсарара Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, гIаттам хилира Нохчийчохь, коьртачу декъана – хIокху Нохчмахкахь. Хьекъале, майра кIант вара иза. ГIаттаман коьртехь хилла кхойтта стаг Соьлжа-ГIалахь ирхъоьллира, гIаттам хьошуш, дуккха а байъира, эзарнаш Сибрех бахийтира. Доцца аьлча, нохчийн къомана пайда ца бира оцу гIаттамо. Бохам бира.
– Дукхахболу бохамаш а, эшамаш а вайн вешан бехкенна а хилла, Ахьмад. Шемалан заманахь дуьйна схьа вайн баьччанаша кхеташ йа кхетамза дийлийтинчу гIалаташа а бина вайн гIуллакхна дуккха а эшамаш. Хьо керта вале оцу Овхьада Iаламат хьекъале къамел дира, амма цо дийцинчух нах ца кхийтира, моьтту суна. Нохчийн баьччанаша хьалха а, тIаьхьа а дийлийтинчу коьртачу гIалатех цхьаъ, суна хетарехь, бусалба динехь доцу лулара а, генара а къаьмнаш вайн мостагIий ларар, царна дуьхьал гIазотан тIом кхайкхор дара. Вайца тIом бечу оьрсийн эскарехь керста гуьржийн, эрмалойн, хIирийн, кхечу къаьмнех а инарлаш, эпсарш хилча, цаьрга цабезам а, мостагIалла а гуьржашна, эрмалошна, хIирашна тIедаржадора вай. Ткъа и къаьмнаш шаьш а, оьрсийн къам а ма дара паччахьан Iедалан лоллехь, Iазапехь. Царна а ма ца дезара и Iедал. ТIаьхьа хиира суна, вай паччахьан эскаршна дуьхьал тIом бечу xeнаxь и гуьржий а, хIирий а, оьрсий а хилла герзаца Iедална дуьхьало йеш. Ткъа вайна, цаьрца цхьабарт а бина, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна а, хьоладайшна а – дуьхьал гIовтта ца лаьара йа иза дан хьекъал а, кхетам а ца тоьура. Иза дан, керста къаьмнийн къехошца цхьаьнакхета ца лаахь а, уьш вешан мостагIий кхайкхо ма ца безара вай, дIакъехко, дIакъесто ма ца безара. Цундела хуьлура вайн цхьаболу эшамаш.