Яах1ума юучо бисмал ца даьккхинехь, шайт1ано цуьнца цо юуш ериг юу. Амма ша бисмал ца даькхний дага а деъна, вицвелча даккха ма дезар бисмал даккхахь шайт1ано ша йиънарг хьала1аьттайо. Цундела, шена дага деъча даьккхина а, ша яах1ума йиан валле даккха деза, шайт1ига цо йиънарг хьала 1аьтта яйтархьам, иза дуза ца деш.
4) -АЬТТО Я АЬРО АГ1ОННА Т1Е ДУКХ Т1ЕХЬ ПАРХАТ ВОЛУШ Д1АТАЬ1НА ЦА ХИЛАР
Яах1ум юуш аьтто я аьро аг1онна дукх т1ехь пархат воккхучу кепара т1е таь1на яар дика лаьрра дац динехь, иштта ца яар мелехь лаьрра ду вайн динехь.
Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:
«Амма аса д1атаь1ина волуш яах1ум ца юу[5 - – Бухарий: 5398.]»
Дукха т1ехь сов д1атаь1ина волуш яах1ум яаро, стаге цуьнан дег1 хьаште долчуллаъ сов йоуьйту, цундела, дика ца лаьрра бусулба дино д1атаь1ина яах1ум яар. Т1къа сов яаро стаган совнах дилха т1е дуьллуьйту. Имам Иброх1ийм Аннахо1ис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:»
<<Д1атаь1ина болуш яах1ум яара ца дезара царна (хьалха хилчу дикачу нахана), шайн гайнаш даккхий хиларан кхоьруш>>».
Иштта т1аьхь сов д1атаь1ина лоруш ву букъ т1е д1авижина а волуш яах1ум яар, иза дика дац.
5) -ЯЪХ1УМА ХЬАНАЛ ХИЛАР
Шен юух1ума хьанала хилийтара бусулбачу стега декхар ду,
Дала цунна т1едиллина долу. Х1ора адмана т1ехь ду хьанал риц1къ даар, хьарам риц1къах лардалар. Лекха а, Сийлахьчу Дала къуръан чохь аьлла:
«<<Х1ай ийман диллийнарш, Оха шайна делла хьанал риц1къ даа[6 - – (Аль-бакъара, аят: 172).]>>.
Цундела, стага шен риц1къа хьарам долчух, я шеконе долчу риц1къах хилийта мегар дац. Ткъа хьарам риц1къа дуучуьн до1ан Дала жоп а ца ло, маьлла кхиъ дуккху зенаш а хуьлу цунна цунах.
Иштта хьарам риц1къ доккхуш волчу стаг волчехь риц1къ даар хьарам ду, цуьнгара саг1а а, совг1ат а схьаэца а хьарам ду. Иза хьарам ду, нагахь санна цуьнан дериге риц1къ хьарам далахь. Амма цуьнан риц1къ ийна делахь, цхьадерг хьанал долуш, важа хьарам долуш, т1аккха и волучехь яах1ума яа мегар ду, амма ца йиича дезох ду. Иштта, цуьнгара саг1а а, совг1ат а схьаэца мегар ду, амма ца аьцчча дезох ду.
6) -ШЕН РИЦ1КЪАНА РЕЗА ХИЛАР
Дала шена делчу риц1къана реза хилар бусалбачу стега декхар ду.
Дала шена делчу риц1къана пусар дар, Цунна хастам бар декхар ду бусалбачу стега, иза дукх аделахь а, я къезиг делахь а. Шен риц1къан реза воцуш шен даг чохь х1ума хаалахь, шегахь долчуллаъ шайгахь доцучаьрга хьожийла иза, т1аккха хуур ду цунна Дала шех бина къинхетам.
Яах1уманна оьг1аз эхар, моханаш яр, сакхаташ дийцар магийна дац Дала.
Абу х1урайрас (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла:
«Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) ц1аллигора ц1а, яах1уманна сакхташ ца дийцина, шена иза езахь юура, шена иза ца езчи 1адда юьтура[7 - – Бухарий,3063. Муслим,2064.]».
Цундела, пайхамарха (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) масал эца деза шена яах1ума дика ца реза воцучо.
7) -НИЙСА-ОЬЗДА ОХЬА ХААР
Яах1ум юуша бусалба динехь г1иллакхехь охьахаар шина кепара деъна вайн пайхамаригар (Делера салават а, маршала ахуьлда цунна).
Хьалхарнаг: Ши ког буха бахийтина, цу шинна т1е охьахаар, ламазехь аттахьийят доьшуш санна.
Шоллаг1наг: Аьтто ког д1аа хоттийна, аьро ког буха бахийтина, цунна т1е охьа хаар.
Иштта охьахаар вайна билгалла дина, стаг кура сеттина охьа ца хаийта ша яах1ум юуш, х1унда аьлча, бусулба стаг ша яах1ум юуш нахах къаьста ца г1ерташ, оьзда хиина 1аш хила везаш волун дера.
Кху шина кепара охь хаара деза ду, вуьшта, муьлхачу кепара охьа хаа мегар ду, аьтто я аьро куьйга т1е таь1ина ца хилчахьан лакхахь хьахдина ма хилар.
8) -ГАЙ Т1ЕХЬ ВИЖИНА ВОЛУШ ЯАХ1УМ ЦА ЯАР
Гай т1ехь вижина волуша яах1ума яара, яах1ум яаран бусулба динан г1иллакхашах дац.
Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна) дика ца лаьрра иза.
1абдуллах1 ибн 1умаро (Аллах1 реза хуьлда цаьршинна) дийцина:
«Пайхамаро (Аллах1ера хьаставар а, маршо а хуьлда цунна) ца магинера ч1аг1ар т1ехь долу стоьла хьалха охьа хаар а, гай т1ехь д1а а вижина яа х1ума яр а»[8 - – Абу давуд,3774, Ибан Мажах1,3370.].
Гай т1ехь яах1ум яар хьарам ду бохург дац и, делахьаъ, дика дац из, мелехь дац, бусулба динац дог1уш дац. Нийсох а, мелехь а дерг лакхахь хьахдина ма хилар охь хиъна волуш яар ду.
9) -ЯЪХ1УМА ЮУШ ЦХЬАНА КХЕТТА ГУЛБАЛАР
Деза г1иллакхех ду яах1ума юуш берш гулбелла, цара цхьаний яах1ум яар, х1орамо ша-ша а ца юуш, х1унда аьлча, цхьаний яах1ума яаро юучу х1уманан беркат са доккху дера.
Цхьаболу асхьа?баша (Аллах1 реза хуьлда царна) пайхамарига (Делера салават а, а, маршо а хуьлда цунна) элира: – «Оха яа х1ума юу, делахь а, тхо дуза ца дузу». – «Аш яах1ума цхьаний вовшах кхетта юуш хира яц»? – хаьттира цаьрга Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда царна) – «Цхьаний ца юу оха» – элира цара. – «Шаьш яах1ума юуша вовшах кхаьтта цхьаний яа, биссмал а даккха, Дала беркат дийра ду шуна шун яах1умангахь, – элира пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна).[9 - – Абу давуд, 3764.]»
Цундела, цхьан х1усамехь болу наха, я цхьана гулбеллачу наха х1орамо ша-ша а ца юуша, цхьаний вовшах кхетта яара вай динан г1иллакхах ду, мелехь ду, юу х1ума алсам беркате хиларх а ду.
Иштта пайхамаро (Аллах1ера хьаставар а, маршо а хуьлда цунна аьлла):
«Цхьана стега яах1ума шинна тоьара ю, шинний яах1ума веана тоьар ю, веани яах1ума бархана тоьара ю[10 - – Муслим,2059.]».
И бохурга, яах1ума къезиг ялахь а, иза юуш гулбалар дика хилар ду, къезиг ялахьаъ вовше екъар а ду.
10) -ЯАХ1УМА КЕЧ А ЙИНА, НАХ КХАЙКХАР
Мелехь ду нах яах1умане кхайкхара. Яах1ум кеч йина кхойкхийла цо уьш, я цхьанна яах1ума юу меттиге кхойкхийла цо уьш.
Яах1ума наханна яа яр Аллах1ана дезаш х1ума ду, ял хуьлуша х1ума ду иза.
Алах1ано боху къуръан чохь:
«Аллах1ана муьт1ахь хуьлуш болучара яах1ума яа йо, шайна и езашехь а, шеш цуьнга хьаште болушехь а, мискачу стагана а, буо берана а, йовсарна а. Цара олу, оха шуна яах1ума яа йо Аллах1ан дуьхьа, шуьгара бекхам а, баркалла а ца оьшу тхуна[11 - – Аль-Инсан, аят: 8—9.]»
Цу аятехь Алах1ано гойту вайна, яах1ума яош волучунна ният ц1енна Аллах1ан дуьхьа хила дезаш хилар, ша дечу дикачу х1уманехь адамигара цхьанне х1уманга сацатийсар.
Нахерга яах1ума юийтуша волучунна, пайхамарийн (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна) сунната ч1аг1дарна а, даржадарна а яьл хуьлу.
Вы ознакомились с фрагментом книги.
Приобретайте полный текст книги у нашего партнера: