– Сан коч яра иза лакхара чуйоьжна.
– Ткъа коч лакхара чуйоьжча мохь хьакхар хуьлу ванах? – хаьттина вукхо.
– Х1ай 1овдал! Со цу кучана чохь хилча, со а ца хуьлу чувоьжна? – жоп делла
стага.
6. Цхьана дийнахь ч1ог1а мох баьлла. Т1аккха нах кхерабелла Деле до1анаш
дан, тобанаш дан буьйлабелла. Т1аккха цхьана стага мохь туьйхира:
– Х1ай нах! Сиха ма ло тоба дан, х1ара мох х1инцца д1абер бу шуна.
7. Цхьана стеган х1усамна улло лулахоша дуккха а латта доьхкина хиллера.
Т1аккха цу стага шен к1анте аьллера:
– Х1окху лулахоша боккха болх баьккхина суна, х1ара латта д1адаккха доккха г1о деза суна, ткъа соьгахь иза дац, айса х1ун дийр ду ца хаьа суна.
К1анта элира:
– Г1у яьккхина цу чу кхуьссур ду-кх.
8. Цхьана стага шен деман гали мехах д1адахьа стаг лаьцна хилла.
Д1ахьучу хенахь и стаг деман гали а эцна ведда. Т1аккха масех де даьлча цунна гина шен дама лачкъийнарг. Иза шена гича, цунах д1алечкъина иза.
Т1аккха цуьнга хаьттина:
– Хьо х1унда лечкъа цунах, и ма ву хьан дама лачкъийнарг?
Стага жоп делла:
– Цо шен балхана мах д1абехарна кхоьру со.
9. Цхьана стага шен ахча лаьттах д1адоьллина хилла стиглара мархана бухахь ахча д1адоьллина меттиган билгало марха а лоцуш.
10. Цхьана стега да велла хилла. Т1аккха цуьнга аьлла:
– Вало, хьайн дена марчо эца.
Стага аьлла:
– Со марчо эца вахча, кхуьнан докъан ламазе со т1аьхьависарна кхоьру со.
11. Цхьана дийнахь базарахь нахана цхьа стаг гира ведда воьдуш, цара цуьнга хаьттира:
– Ахь мила лоьху?
Стага элира:
– Басар йина маж йолуш цхьа йо1-м ца яхара кхузахула д1а?
12. Цхьана стага аьлла:
– Ма хаза бу-кх бутт!
Цо и олуш хезначу стага элира:
– Дер бу-кх, къаьсттина буьйсана хазо бу иза.
13. Цхьана стагана бераша делла аьрзу
[3 - – Орёл]
ловзош гинера. Цо иза цаьргара соьмах эца а эцна ц1а даьхьира. Ц1ахь цуьнан нанас хаьттира цуьнга:
– Делла аьрзу х1унда эцна ахь, х1ун дан воллу хьо цунах?
К1анта элира:
– Ахь х1ун дуьйцу? Х1ара дийна делахьара б1е соьмах эцалур дацара хьоьга.
14. Цхьа стаг хьаж дан Макка ваха араваьлла хилла. Цуьнан 1одика еш цуьнан к1анта аьлла цуьнга:
– Дукха хье ма лолахь ц1а ца вог1уш. Хьайн ницкъ кхачахь г1урбан дийнахь ц1ахь хила хьажалахь г1урбан урс хьокхуш
[4 - – Г1урбан дийнахь хьаж чекхдалаза хуьлу, г1урбан дийнахь хьаж деш верг Маккахь хила везаш ву.]
.
15. Цхьана стага аьлла:
– Шина куьйга т1е охьавоьжна ши куьг бехдина ас. Аса и шиъ эзарза дилча а, и шиъ ц1анлур ма дац, аса шозза диллалц.
16. Цхьана стага б1ар кагдича, б1аран чкъуьйриг кхоссаелла д1аяхна. Цо элира:
– Ла ила?х1а иллалло?х1, ма доккха х1ума ду-кх, х1ор х1ума 1ожаллех йоду-кх, чохь са доцург а.
17. К1ант веана хилла карахь котаман к1орни дохьуш:
– Хьовсийша кху к1орнига, шен ненах ма тера ду х1ара!
Цул т1аьхьа юха элира цо:
– Цуьнан нана сте ю те, я боьрша ю те?
18. Цхьана стеган нана д1аяьлла, цуьнга кадам беш гулбелла нах хилла.