Оценить:
 Рейтинг: 0

ЧIир. Роман

Год написания книги
2022
<< 1 ... 6 7 8 9 10 11 12 13 >>
На страницу:
10 из 13
Настройки чтения
Размер шрифта
Высота строк
Поля

– Дика ду, товарищ подполковник!

– Дика хIун ду? Соьга тега боху ахь? – забар йора командира.

– Ца боху дера, товарищ подполковник. Айса тоьгур йу ас.

ХIетахь дуьйна ден а, кIентан а санна тешаме, йовха йукъаметтигаш кхоллайелира царна йукъахь. Ма-дарра аьлча, Гундарев массо а саьлтийшца вара тIекаре а, дика а.

Командир волчура керлачу погонашца араваьлла Дадиев гича, Гончаров цецваьллера.

– Хьоьгара суна цхьа шиша йогIу хьуна, Дадиев.

– Дика ду, товарищ капитан, амма со ца кхийтира…

– Кхетта йа, ца кхетта?

– Ца кхетта, товарищ капитан, стенна йогIу соьгара шиша?

– Хьо вуо лелла аьлла командира суна дов дина, ткъа хьоьх сержант вина. Нийсо мичахь йу?

Гончаровна моьттура цу забарах Дадиев велалур ву, амма иза бос байна лаьттара.

– Дадиев, хIун хилла хьуна?

– Ойла йира ас… нагахь санна Рыжийн вада аьтто ца баьллехь хIун хир дара? ХIетахь цунна тIекхаьчна ма ваьллера со, оцу мIаьргонехь цу капитана со сацийна ца хиллехь. ХIетахь къаьсташ хилла-кх сан кхане а, сан дахар а – корта оллийна, вистхилира Руслан.

– Хьо сацийна волу капитан Власов тIеман училищера дуьйна сан хилла накъост ву, цундела тхойшинне йан йеза ахь шиша. И боьха хIума массо а хIуман тIехь соьл тоьлла йу, рота а йу цуьнан дикаллица цIейаххана. Бакъ дерг дийцича сан санна къаркъа мала ницкъа-м ца тоьу цуьнан – Русланан самукъадаккха гIертара Гончаров. – амма хIинца со тешна ву, вайн рота уггаре а тоьлла хир йу аьлла а, иштта мокъа деношкахь ротехь вовшийн батош йохор йоций хууш паргIат садаIа сайн аьтто хир бу аьлла а. Ларор вуй хьо, Дадиев?

– Ларор ву, товарищ капитан! – жоьпаллица дIахьедира Руслана.

– Масех де даьлча, аса Рыжий дIавоккхур ву вайн ротера. Цунна бIаьрахьалха ца нисвала хьажа. Кхин цхьаьнца а девне а ма вала. Дика дуй, Руслан?

– ДIа ма ваккха Рыжий вайн ротера. Масане хуьлу, бийца мотт каро а мега тхуна.

– Карор бац хьуна цуьнца бийца мотт, Руслан. Хьуна иза адам ду ма моьтту, ткъа иза адам ма дац. Хьоьгахь санна адамалла ма йац цуьнгахь. Ахшо хьалха вехна а волуш, цхьаьна саьлтичун Шелеповн пхьарс чуьрабаьккхинера цо. Къарс аьлла иза каглуш массарнна а хезинера. Иза ротехь а волуш паргIат наб кхетар йац суна. Хьо цуьнца кхин девне ца валахь а, амма иза чIогIа мекара ву, цундела шуьшиъ цхьаьна ротехь вита мегар дац, ткъа иза аса сайна тIелоцу.

Капитана ма-аллара, итт де даьлча, Рыжий кхечу роте дехьаваьккхира. Массара а доккха са даьккхира, ткъа Руслан отделенин куьйгалла дан волавелира. ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Дадиев а шена тIекхайкхира Гончаровс.

– Накъостий сержанташ! Вайн коьрта бала ротера дIабаьккхина вай, амма кхин цхьаъ биссина – шун йукъаметтигаш. Суна шина къонахчо санна дош дала деза аш таханлерачу дийнахь дуьйна вовшашна гIо дийр ду аьлла. Кхеттий шуьшиъ? – ши сержант вистхуьлуш вацара.

– Кхеттий шуьшиъ? – мохь туьйхира Гончаровс.

Сержанташа цхьаьнаэшшара жоп делира:

– Кхетта, товарищ капитан!

– Дика ду! Кравцов, хьо эскарехь тIеман декхара дIакхехьна валлалц замкомвзвода вуьссуш ву хьуна.

Кравцов хазахеташ вара, хIунда аьлча иза кхоьрура Руслана шегара дарж схьадаккхарна. Шена иза хууш долу дела Гончаровс хьалхе барт бинера цу хьокъехь Русланаца.

Цу дийнахь дуьйна ротера дахар маьрша а, самукъне а хорше дирзира. Цхьаммо а цхьанне а ницкъ ца беш, вовшийн ларам болуш къахьоьгура саьлтийша. Сарахь массара а цхьаьна пхьор диначул тIаьхьа, гитара лакха охьаховшура саьлтий. Амма массо а сингаттаме вара Рыжийх лаьцна цхьацца хабарш хезаш хиларна. Цо дуккхозза а аьлла бохуш дуьйцура ша Руслан вуьйр ву. Гончаровна хазахеташ къамелаш дацара уьш, хIунда аьлча цунна хаьара маларах кхетча, мел чIогIа хьерволуш ву Рыжий.

Амма Рыжийца дерг а кестта муха къаьста а ца хууш къаьстира. Кочегарки чохь виъ саьлтий велла карийнера. Бахьана – маларах даьлла дIовш. Беллачарна йукъара цхьаъ Рыжий вара.

ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Руслан а Гончаров волчу вахара.

– Товарищ капитан, оха йерриге а ротин барт хилла Рыжийн нанна ахча гулдина. Тхуна иза мичахь Iаш йу ца хаьа, цундела ахь хIара ахча дIатесча дика хир дара.

Гончаров хьалагIаьттира:

– Хьанна дагадеанера иза, Дадиев?

Руслан вистхуьлуш вацара.

ТIаккха Гончаровс Кравцове хаьттира:

– Кравцов, дийца хьанна дагадеана иза?

– Дика ду иза, йа вуо ду тхуна дагадеанарг?

Гончаров вист ца хуьлуш лаьттара. Кравцовс шен дагахь сацам бира, ма-дарра ша дерриге а дIадийца, хIунда аьлча кхара динарг вуо хIума а дацара.

– Русланна дагадеанера иза.

– Цу тIехь сан шеко йацара, хIете а хаьттира ас. – элира Гончаровс. Дадиев, хьо ма тамашийна стаг ву. И хьан махкахо а вацара, хьан къомах а вацара, йа накъост а вацара, мелхо а хьан мостагIа вара иза, шен аьтто баьллачу мIаьргонехь хьо вен дош делла волу. Стенна деш ду ахь хIара гIуллакх?

– Товарищ капитан, цуьнан къена нана ша цхьалха йиссина аьлла хезнера суна.

– Ткъа хьан нана йанне а ма йац, йа къона а, йа къена а. Хьоьх дог лозуш вуй цхьа а кху дуьнен чохь?

– Товарищ капитан! Соьца цуьнан хилла йукъаметтигаш йийца ца оьшу. Цуьнан нанна вуо деана, и ахча цунна карор ду. Бакъ долуш иза вуо вара массаьрца а, зуламе а вара, амма вай хила ма ца деза ишта. Со къинтIера ваьлла цунна…

Кестта, биргIанийн ротах тIеман декъан дозалла хилира. Массо а гайтамашкахула уггаре а тоьлла йара иза, ткъа тIаьхьарчу йалха баттахь цхьа а бохам а ца хиллера. Гундаревс воккхавеш масалийна йалайора Гончаровн рота.

Кравцов а, кхин болу дембелаш а цхьаьнаэшшара дIабахара эскарера. Цабезам а, гамо а хуьлуш меттигаш нислора хьалха, амма Руслан кхуза веанчу дийнахь дуьйна, йерриге а рота цхьа доьзал санна бертахь йара. Эскарера дIабоьлху дембелаш марзонца, дегайовхонца новкъабехира бухахь биссинчу саьлтийша. Массара а баркалла олура Русланна кхузара хьал низаме далорна. Массара а гулдина ахча, шегара жимма тIе а диллина, Руслана Семенов Сергейга дIаделира. Якутин къомах волу иза Рыжийн йуьртхо вара. Иза йуьстахваьккхина, Русланна цхьанна а ца гуш, цуьнан кисана таIийра ахча:

– ХIара ахча Рыжийн нене дIалолахь, дика дуй?

Руслан дIаваха волавелча, якута куьйг лаьцна сацийра.

– Русик, собар дехьа. Хьоьга цхьаъ дIаала дезаш вара со. Сан да а, деда а шаманаш хилла, ма-дарра аьлча хIума хууш нах хилла уьш. Сан дедас ша лечу хенахь аьллера шен похIма суна дехьадер ду аьлла. Суна иза цкъачуна ишта чIогIа хаалуш дац, амма хIете а гIенаш го суна тамашийна. Рыжийца тхойшиъ цхьаьна эскаре кхойкхучу хенахь, масех бутта балале суна иза велла гIенах гира. Иза дукха хьалха дара, тхо салагаш долчу хенахь. Ас дийцира цуьнга, амма цо иза тергал а ца дира. Ткъа цунах хилларг хьайна гуш ду хьуна.

– Дика ду, ткъа соьга стенна дуьйцуш ду ахь иза?

– Кхетий хьо, Русик. Суна хьо а гинера гIенах, верриге а цIийх вуьзна Iуьллуш, йа дийна а, йа велла а воцуш.

– ДIавалахь кхерамаш ца туьссуш. Массо а мацца делла а, лийр долуш ду вай, хьуна гIенаш ца гича а.

– ХIан-хIан, Русик. Суна хьо хIинца санна къона волуш гира, саьлтийн духар а долуш тIехь, цхьаьна буьрсачу ломахь Iуьллуш. Доцца аьлча, ларлолахь. – Сергейс къевлина маравоьллира Руслан.
<< 1 ... 6 7 8 9 10 11 12 13 >>
На страницу:
10 из 13