– Амма вайн школин программина а, хьехархошна хьалха лаьттачу декхаршна а йукъадогІуш дац партин а, правительствон а сацамаш школашкахь бийцаребар. И халкъаш партин а, правительствон а сацамца махках даьхна. Дисинчух хьо кхеташ хир ву моьтту суна.
Николай Кузьмич хьаллагІеттира.
– Делахь хІета, кхоьру-кх хьо? – кІоршаме Іоттар йира цо Рахманкулна. – Ленински кхайкхамца партин могІаре хІоьттина, Ленинан весеташ кхочушдан дуй биъна, хьо шира большевик а йухаваьлча, партехь боцчу хьехархошка дийца сан хІумма а дац!
Оцу шен моханца аравала дагахь дІаволавелла иза сацийра, вагийча санна, цІеххьана хьала а иккхина, бІаьргех долу куьзганаш катоьхна дІадаьхна, сурт даккха санна, цуьнан бІаьргаш чу вогІавеллачу Рахманкула. ТІера массо чо а боьжна, хІоа санна, цІанбелла корта, лекха, шуьйра хьаж, хьекъале, гІайгІане ши бІаьрг, оза, йеха йуьхь, ло санна, кІайн маж, йуккъера даьІахк ца хаалуш, ведбелла, кхоьссина тІелатийча санна, шуьйра мара…
БархІ шо хьалха горга йуьхь-марш, Іаьржа маж-мекх а долуш цхьана буса меттара а гІаттийна вигна элдарчу дегІара Рахманкул, кхо бутт балале, набахтехь къежвина, букар хьовзийна, йуьхь эрча а йаьккхина, Колыме хьажийра. Дуккха а дехарш, аьрзнаш диначул тІаьхьа, тІом болабеллачу шолгІачу шарахь цуьнан аьтто хилира цигара дІа фронте ваха. Амма Рахманкулан шершинчу кого иза меттахІотта ца вуьтура: цо дакъалаьцначу дуьххьарлерчу тІамехь луьра чов хилла иза, вехха госпиталехь Іиллинчул тІаьхьа цІа а вирзина, кху школехь тийна болх а беш хан токхуш вара.
Николай Кузьмич валлал дохковаьллера ша ойла ца йеш аьллачу дешнашна. Цунна гора Рахманкулан лекхачу хьаьжа тІе оцу минотехь хьацар тухуш.
– Накъост Бороденко! Со большевикийн партин, советски даймехкан кІант ву, – элира Юсуповс лохачу озаца, амма сацамболлуш. – ХІаъ, ас дуй биъна Ленинан весеташ кхочушдан. И дуй бара сан дахарехь хала даьхкинчу деношкахь суна ницкъ а, собар а, къонахалла а лург. Хаалахь, партина, халкъана тешаме хилла со лаьттан кийра воьрзург хилар!
Рахманкула, охьа а хиъна, шен хьаьжа тІе а, коьртах а йовлакх хьаькхира.
– Гечделахь суна, ойла а ца йеш, ас и дешнаш аларна, – бехказвала гІоьртира Николай Кузьмич. – Кхетий хьо, Рахманкул Жапарович, сан чIогІа дог лозу оцу нохчех… Тахана хилларг дуьххьара хилла гІуллакх ма дац. Айса иза иштта Іаддитахь, суна сайх чекх са гур ду. Вай-х, советски адамаш хилла ца Іаш, хьехархой, коммунисташ ду. Хьуна-м суначул а дика хаа ма йеза къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика.
Николай Кузьмич луьйчура сецча, цуьнга хьала а хьаьжна, догцІена велакъежира Рахманкул.
– Суна хІунда дуьйцу ахь иза, Николай? – элира цо хьала а гІеттина, тІевахана, Николай Кузьмичан белша тІе куьг а диллина. – Суна дика хууш ма ду уьш дерриге а. Хьо жима ву, цундела сиха а ву. Сихалла дика ма йац, цо стаг хІаллакво. ТІехула тIе, стеган ларлуш хилар кІиллолла а ма лара цкъа а. Суна гинарг хьайна гинехь, ас лайнарг айхьа лайнехь, хьо а хир вара ларлуш. Стенна оьшу, цхьанне а пайда а боцуш, эрна хІаллакьхилар? Co лоцучу шарахь сол хьалха сан накъостий лийцира. Царна йукъахь бара берахь дуьйна соьца цхьаьна кхиънарш а, дуккха а хенахь соьца балхахь цхьаьна лаьттинарш а. Халкъан мостагІий бу аьлла, лецнехь а, партина а, халкъана а тешаме, хьанала нах уьш хиларх тешна ву со даим. Ас, цаьргахьа гІодоккхуш, бакъдерг элира. ТІаккха со а туьйхира царах дІа. ХІинца цкъа царах хилларг цхьанне а ца хаьа. Цхьанне а ца хаьа, цхьа а тайпа баьлла бехк боцуш, тхо бехкедина хилар а. Халкъан мостагІий ду аьлла, адамашна хьалха тхуна тІе кхоьллина цІе хIинца а дІайалаза йу. Партина, халкъана, даймахкана хьалха со цІена хилар, суна санна, нахана а хаахьара, тахана а со валарх шеквер вацара со. И де цкъа тІекхочург хиларх теша со, хІунда аьлча сайна тІехь хІоттийначу харцонна ас бехке ца йо парти. Империализман гуонна йуккъехь дохку вай. Партин могІаршка, партин, советийн органашка балха нисбеллачу мостагІийн болх бу иза. Амма партин а, халкъан а бекхамах кІелхьарбевр бац уьш. Со хьоьга хІун ала гІерта аьлча, хьо ларлуш ца хилча, и сайх хилларг хьох а хиларна кхоьру со. Вайшиннан вовшех къайле йац, цундела дуьххьалдІа боху ас хьоьга: нохчий Даймахкана йамарт хилла, уьш бандиташ бу бохуш, и эладита ша-шаха кхолладелла дац. Къайлах даржош ду. Иза хьуна хьайна а хаьа. ХІетте а ву хьо даррехь нохчий реабилитировать бан гІерташ. ХІан-хIа, Николай, дуьхьал ву со и Берсин гІуллакх педсоветан заседане хІотторна. ТІех шуьйра публика йу иза. Суна а ма хаьа оцу халкъашна тІехь йинарг ирча харцо йуйла. Амма вайша тховса, хьехархой а гулбина, цІенна дІадийцахь, вайша кхана сарахь цІахь-м хир вац. Иза бакъдерг ду хьуна. Вайша хIаллакьхилча, нохчий шайн махка боьрзург хилча-м, вайша, бІаьрнегІар ца тухуш, лийр ма вара. Вайша хІаллакьхир ву, ткъа нохчашкара бала цуьрриг а байлур бац.
«Машас дуьйццург ду-кх хIокхо дуьйцург а, – ойла йора Николай Кузьмича, – школерчу дешархошна йукъахь орам тосуш шовинизм йу, ткъа со, школан директор, коммунист, йуьстах а ваьлла Іен веза. ХІан-хІа, иза хуьлийтийла дац…»
Николай Кузьмича, гІанта охьа а хиъна, доккха садаьккхира.
– ХІета, берашна йукъахь шовинизман ун а доржуьйтуш, цуьнга биэндоцуш хьоьжуш Іийр ву-кх вайша. Иштта бохий ахь соьга?
– XIaн-xIa, Николай, ас иштта ца элира хьоьга. Ас-м, ларлуш хила, бохура. Ахь, тховса хьехархой а гулбина, къаьмнийн доттагІаллин хьокъехь долу гІуллакх царна хьалха а хІоттийна, оцу агІор берашна йуккъехь кхетаман болхбар царна тІедожорах вайн нисдала хІумма а дац. Хьан приказ, йа педсоветан сацам кхочуш-бархьама, берашца къамелаш деш цхьана дийнахь цхьацца бахьанаш лело а мега цара. Амма шайн къамелашкахь цара нохчий бакъ беш дош а эр дац, йа ала а баьхьар бац. Йа цара хьуна луъучу тайпана берашца къамелаш дича а, оцу берийн дегнаш чохь хьуна йита луу лар а йуьсур йац. Оцу хьехархошка, цаьргахула берашка а, шайгга ойла йайта йеза оцу гІуллакхан. Уьш шайн синкхетамца тешийта беза, ахь ма-аллара, вуон, зуламе халкъ дуьненахь цахиларх, хила йишйацарх, советски халкъийн бертахьчу доьзалан членех и цхьаъ хилар а, массеран йоллу бакъо хила иза хьакъхилар а. Амма муха дан деза иза? Кхузахь жимма ойла йан йеза. Ас сайна хетарг эр ду хьоьга. Гой хьуна, Николай, хьо украинец ву, хьан зуда оьрси йу, со узбек ву. Тайп-тайпанчу къаьмнех долу вай кхоъ оцу нохчийн бала кхаьчна хьийза. Кхечу агІор хила йиш а ма йац иза. Вайн советски халкъийн цхьа Даймохк а, цхьа Іалашо а, цхьа некъ а бу. Цундела советски халкъийн доьзалехь муьлххачу а халкъана хилла бохам, лазам вукху дисинчийн дагах кхета.
Стоьла тІехь лаьттачу графина чуьра хи стака дуьззина чу а доьттина, дІа а мелла, шен сирачу мекхех дайн куьг хьаькхира Юсуповс.
– И нохчий, кхуза схьабалабаллалц, цкъа а суна гина адамаш дацара. Къилбаседа Кавказехь бехаш нохчий, гІалгІай буйла а, церан шайн автономни республика йуйла а хаьара суна. Амма кхин дІа царах лаьцна хІумма а ца хаьара. Ткъа нохчий схьабалочу хенахь, кхузахь дуьйцура, уьш бандиташ, разбойникаш, къуй бу, цара, котам йуьйчул башха ца хеташ, шаьлта а хьокхий, стаг воь бохуш. Со а, со саннарш-м а ца тешара оцу эладитанех, амма тешарш а дуккха бара. Хьуна ма хаьа и дерриге а. Суна хетарехь, адмийн исторехь хилла йац дийнна халкъ бехкедеш, дийнначу халкъана тІехь таІзар деш меттиг. Нагахь хиллехь а, суна ца хезна. Ткъа, бала а бина зударий, бераш а, къена нах а кхуза охьатийсича, меца, гІийла, махках бовларна дегнаш доьхна уьш сайна гича, оцу суьрто соьга ойла йайтира. ХІара хІун къам ду-те, сил луьрачу таІзарна кІел дожа, кхунах хІун бехк баьлла-те аьлла, дагадеанчу ас, цкъа районе вахача, библиотеке а вахана, справочни литература кегийра. Доцца аьлча, йоккхачу советски энциклопеди тІера Кавказски тІамах а, нохчех а, церан республикех а лаьцна статьяш йийшира ас. Дуьззинчу шина бІе шарахь цара турпала къийсам латтийна шайн къоман маршонехьа паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Оцу шина бІешеран къийсамехь паччахьан инарлаша къиза хІаллакбина уьш. Байъина, Сибире хьийсийна, эзарнаш доьзалш Турце кхалхийна. Со чІогІа цецвуьйлу и халкъ дуьззина хІаллак ца хиларх. Шайн коча доьллинчу олаллица машар бан ца туьгуш, турпала къийсам латтош, Октябрьски революцина тІе а баьхкина, уггар хьалха революцигахьа а бевлла, шайн махкахь советски Іедал а хІоттийна, социализман толамехьа жигара къахьегна цара. Сайна хиъначо соьга кхин а кІорга ойла йайтира. Шайн къоман маршонехьа, мехкан бозушцахиларехьа дуьненахь а уггар йоккхачу, нуьцкъалчу империна дуьхьал иттаннаш шерашкахь къийсам латталур ма бацара бандиташка, къизачу, йамартчу халкъе. Революцин хьалхарчу деношкахь цуьнгахьа а бевлла, шайн махка тІехь советан Іедал хІоттор дарий-те бандиташа, йамартхоша? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхура ас. «ХІан-хІа, царна тІехь йинарг ирча харцо йу, – бохура ас сайга. – Царна йукъахь йамарт, зуламе нах хилла хир бу. Уьш хІор а халкъах бовлу. Амма йамарт, зуламе халкъ хилла а дац, йа хила йиш а йац. Адам доьхна лелачу кху тІеман заманах пайда а эцна, партина а, халкъана а ца хууш, йа парти а, халкъаш а Іехийна, халкъан мостагІаша дина гІуллакх ду иза. Цуьнан шеко йац. Иштта, бехк боцуш бехке ца вира со? Иштта, бехк боцуш бехке а бина, хІаллак ца бина партина, халкъана тешаме сан накъостий, доттагІий?» Амма сайн и ойланаш ас лачкъийра. Кхераме йу иштта ойланаш. ХІун дан деза аьлча, оцу гІуллакхна дуьхьалдІа маІашца тІе а ца гІерташ, флангехула тІеваха веза. Хьехархошна, берашна и халкъ довзийтича, церан цуьнга безам гІуриг хиларх дог тешна ву со. Историн урокашкахь теманаш йу Кавказски тІамах, Шемалах лаьцна. Оьрсийн сийлахь-баккхийчу йаздархоша нохчех лаьцна боккхачу безамца йазйина произведенеш а йу. Урокехь а, урокал арахьа а царах пайдаэцча?
ХІетталц кхоьлина, гІайгІане хилла Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира.
– Баркалла хьуна, Рахманкул Жапарович, – тIe а вахана, Юсуповн чІоггІа куьг лецира Николай Кузьмича. – Со гІалатах ларварна а, суна нийса некъ гайтарна а, баркалла хьуна. Тховса цхьа план а хІоттийна, йуха а цкъа хьох дагавер ву со.
«Ой, и дагадан-м ма дезара суна! – ша-шех цецвуьйлура Николай Кузьмич тІаьхь-тІаьхьа а. Баккъалла а аьлча, приказца тIeтeІopax нислур долуш хІума а ма дац хІара. Приказ – приказ ду. Рахманкула ма-аллара, коьртаниг – цара шаьш дийриг кхеташ, шаьш дечух тешаш дар ма ду. Рахьманкула дуьххьал схьа ца аьллехь а, йеккъа мершок а йу со. Амма дика болх а хилла-кх Машас со хІокхунна тІехьажийна…»
…Багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, буса вехха Іийра Николай Кузьмич оцу гІуллакхан ойла йеш. Уггар хьалха цо схьалаьцнарг иссалгІачу классан учебника тІера дІадаханчу бІешеран кавказски ламанхоша паччахьан колонизаторшна дуьхьал латтийначу къийсамах лаьцна тема йара. Оцу къийсамехь йоккха меттиг дІа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. Маркса, Энгельса, оьрсийн прогрессивни интеллигенцис а оцу заманахь нохчийн халкъан лаккхара мах хадош аьлла дуккха довха дешнаш а ма ду. Ткъа граждански тІеман заманахь? Сталинан, Орджоникидзен, Кировн белхаш боьшуш, иза ду-кха тІe ма Іиттавелла цара нохчех лаьцна йаздинчу могІанашна.
Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира. Нохчийн халкъан истори а Іамийна, школехь дешархошца исторически суьйре вовшахтоьхча? ДуьххьалдІа, цхьа бахьана а доцуш иза дар-м дика а хир дац. Машас ма-аьллара, ас гІалат далийта а тарло. Нохчий реабилитировать бан гІертарг хир ву со. Дерриге а дІадоло деза иссалгІачу классехь. ТІекхочуш йолчу дІадаханчу бІешарахь ламанхоша шайн къоман маршонехьа латтийначу къийсаман темина тІера. Оцу урокашна дика кечам а бина, берийн тидам царна тІехьовзо беза. Кхузахь гІо далур ду Машега а. Оьрсийн йаздархойн дахар а, кхолларалла а Кавказца чIогІа йоьзна ма йу. Оцу дерригенах лаьцна йолу литература гул а йина, школан библиотекехь выставка йича?
…Массо а цецваьллера хьехош а йоцу педсовет директороцIеххьана гулйарх. Школехь болх а дика дІабоьдура, дерриге гул а делла, дийцар дан оьшуш гучудаьлла гІуллакх а дацара. Берриге членаш схьагулбелча, чувеанчу Николай Кузьмича, ша хиьна Іачуьра хьала а ца гІоттуш, цхьа а тайпа официале кепаш йукъа а ца йалош, хьехархошна дІадийцира оцу дийнахь берашна йуккъехь хилла дов.
– Шуна ма-гарра, сан Іалашо йац, и гІуллакх дийцаре а диллина, къамелаш дойтуш, заседани йахйан, – элира цо. – Вай советски хьехархой ду. Ас шуна хьеха оьшуш йац къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика. Йуьртахь хьалха а хезна суна, шуна хезна хила а тарло, лахара кхетам болчу цхьацца наха нохчийн халкъах лаьцна даржийна цхьа а тайпа бух боцу эладитанаш. Вайна цхьанне а хууш дац и халкъ махкахдаккхаран бахьана. Гитлеровски мехкашдІалецархойх вайн Даймохк маьршабоккхучу тІамехь дакъалоцуш ду вайн махкара дерриге халкъаш. Доккхачу халкъо, ша доккха хиларе терра, доккха дакъалоцу, жимачу халкъо, шен жималле хьаьжжина жима дакъалоцу. Амма массара а Іенориг цхьа цІий ду. Нохчийн халкъан дуккха а кІентий бу тахана а фронтехь майра леташ. Хьанна хаьа, оцу жимачу халкъана йукъахь цхьа йовссарш йевлла а хила тарло, советски Іедал ца дезаш, Даймахкана дуьхьал йамарт куьг айбина. Ишттаниш массо халкъа йукъахь а хилла, болуш а бу. Амма нийса хир дац, и йовссарш бахьанехь, вай дерриге а халкъ бехкедича. И бераш, зударий, къена нах хІуманна а бехке бац. Вуон, зуламе адамаш массо къомана йукъахь а ду; амма вуон, зуламе халкъ дуьненахь хилла а дац, хила йиш а йац. Халкъ – халкъ ду. Хила а хилла, хир а ду. Аш дика ойла йича, шуна хуур ду, нохчашна хилла бохам вайна массарначул a тlex беза a, хала а хилар. Цундела церан догъэца деза вай, церан деган чевнах хьакхадаларх лардала деза. Со парторг а, вайн коллективан куьйгалхо а хиларе терра, ас декхарийла до шу, деха а доьху шуьга, оцу эладитанех дешархой ларбар а, бахархошна йуккъехь и тайпа хабарш дуьйцуш стаг нислахь, иза, кхетош, нисвар а.
Хьехархой дІа а бахийтина, ша висина Николай Кузьмич, багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, вехха Іийра оцу гІуллакхан ойла йеш. Цо тоам ца бора ша накъосташка диначу къамелах. Приказ – приказ ду, амма коьртаниг цара шаьш лелориг кхеташ а, тешаш а лело дезар дара.
Школехь кхин долу гІуллакхаш дерриге Іадда а дитина, шолгІачу дийнахь районе ваханчу Николай Кузьмича и де дерриге а, партбиблиотекехь а, райбиблиотекехь а книгаш кегош дайъира. Цуьнан болх дІаболабелира тІаьххьара а арахецначу Советски йоккхачу Энциклопедин ткъе итталгІачу а, кхузткъе цхьаалгІачу а шина тома тІера. Царна тІера нохчийн исторех лаьцна статьяш йешча, цуьнан шен а боккха тидам тІебахара нохчийн халкъан историна.
Николай Кузьмича дагалаьцначу гІуллакх тІехь доккха гІо дира Мария Петровнас а. Классал арахьа урокашкахь дешархошца цо йоьшура Пушкина, Лермонтовс, Толстойс йазйина произведенеш, литературни кружокехь кІорггера довзуьйтура оцу сийлахь-баккхийчу йаздархойн Кавказца доьзна дахар а, кхолларалла а.
Цул тІаьхьа цхьанне а цкъа а ца хезира нохчийн берашна тІехбеттамаш беш а.
Оцу хьелашкахь тасаделира Николай Кузьмична а, Берсина а йукъахь и шатайпа доттагІалла…
IV
ТІаьххьара бисина болх а теллина, дегІана жимма йал йан дагахь дІатевжинчу Николай Кузьмична сема наб озийра. Амма иза самаваьккхира велха волавеллачу Вовас.
– Ца оьшу тхуна дечиг, бабушка, ца оьшу! – хезара цунна уьйтІахь хІусамнанас цхьаьнга бен латкъамаш. – Шу дийнахь цхьа-шиъ веана Іийча а, цхьа хІума дара, шу-м масийтта вогІий. Ас хІун лур йу шуна? Бац-кх сан аьтто!
«Йуха а нохчий бу-кх, мисканаш!» – аьлла, доккха садаьккхира Николай Кузьмича. ТІаккха, хьала а гІеттина шен протез цІийзош, неІаре а вахана, арахьаьжира иза. Гихь тІедачу дечиган кегийра маххьаш а долуш уьйтІахь догІанехь лаьттара ши зуда.
– Маша! Схьа чукхайкхахьа и шиъ.
Дуьхьал жоп ца луш, чуйеана Мария Петровна неІарехь а сецна резайоцуш майрачуьнга хьаьжира.
– ХІун дан воллу хьо, и шиъ чу а йалийна?
– ХІун дан воллу бохург, хІун ду? Вайн йерг цаьрца йоькъу-кх.
– ХІан-xIa, сан хьомениг, тоьар ду. Вай ваьш а ду халла лол бетташ хене довла гІерташ. ТІехула тІе, ас оццул хала кхиийна йалх котам а лачкъийна сан цара. Сийсара тІаьххьара йисинарг а йаьхьна.
– Оцушимма лачкъийна хьан котамаш?
– Хаац суна. Нохчаша-х лачкъиний уьш.
– Иштта долуьйту-кх стага шех гІалат! Хьанна хаьа, нохчийн халкъана йукъахь цхьа масех йовсар йаьлла хила тарло, уьш бахьанехь дерриг халкъ махках даьккхина. Уьш бахьанехь халачу таІзарна кІелъэгна бехк-гуьнахь а доцу зударий, бераш, къена нах а. Хьо а гІерта изза дан. Цхьамма хьан котамаш йаьхьна, хІинца хьо кхузарчу берриге нохчех бекхам эца гІерта. Ахь йийриг нийсо йац, Машенька! Кхузахь мел дина къола оцу мискачу нохчашна тІетоьтту. Амма цхьа нах зовкх хьоьгуш бу-кх, дерриге а царна тІе а тоьттуш.
– Цара бен ца лачкъийна сан котамаш. Суна дика хаьа иза.
– Сан Дела, ма доккха зиэн дина-кх ахь тхуна! Йалх котам! Дийнна йалх котам! – гуттар беламе йуьхь а чІачкъийна, корта хьийзабора Николай Кузьмича.
– Виэла хьо. Хьо виэла а мегар ду. Хьайна хьалха йиллинарг йиъчахьана волуш волу, – дегабаам бира Мария Петровнас.
– ДІайалахьа, Машенька, йалх котам бен йуй уьш? Йалх нал йайча а хьийзар ма вац, хьо санна, бІарзвелла. Дика лачкъайо! Мацалла бала-м ца беза уьш? Цхьа хало тІеІоттайелча-м, вала охьавожа ца везий, ткъа шен дахарехьа къийса деза. Хьуна баккъала а ала лаахь, сан безам бу оцу нохчашка. Хьуна хьайна а ма хаьа церан истори. Цхьана а заманахь, цкъа а ца севцца уьш боьхна. ХІан-хІа, Машенька, оьрсийн гІарабевллачу прогресивни кІенташна уьш безар эрна ца хилла! Шаьш ма-йарра ламанан аьрзунаш йу! Ткъа хІинца, ара а йалий, чукхайкха и шиъ. ГІиллакхехь а ма дац, и ши миска уьйтІа, догІане а хІоттийна Іар!
Шен йайна котамаш дагайаьхкича, Мария Петровнина цІеххьана тІейеана моха иштта сиха дІайайра. Ша барта хІуъу дийцахь а, дагахь кхин дара цуьнан. Цхьа диканиг дан шена дагадеача, шеначул а тІех майрачунна изза лууш хиларо йоккхайейора иза.
Шайн гира маххьаш охьа а дехкина, хотташа йуьзна чуйеана ши зуда, халла къаьсташ маршалла а хаьттина, ийзалуш неІарехь сецира.
– Ой, Зану, хьо йац иза? – цецваьлла, хьалагІеттира Николай Кузьмич. – Маша, хьуна ца йевзира хІара? Бехк ма биллалахь, Зану, хІокхунна хьуо ца йовзарна. Іаламат хийцаделла хьан йуьхь-сибат. Машенька, кхин а цхьа гІант хІоттадехьа стола улло!
ХІусамнанас стола улло хІиттийна гІанташ неІарехьа а оьзна, царна тІе охьахиъна ши зуда ийзалуш чухула дІасахьаьжира. Муха ца ийзало, хІокху цІа чохь цІена дара, ткъа и шиъ хотташа йуьзна, тІадийна лашкайаьлла йара. Царна и шиъ жерга хетахь? Ца хетийла а дац. Довхачу цІа чохь малйеллачу мачашна тIера, даьтта санна, лелина цІун, кегийра Іаьмнаш хІиттош, цІенкъа Іийдалора. КІамлора дегІ а, амма мІараш хьакха йиш йацара. ОххІай, ма дохкойаьллера-кх и шиъ чуйарах! ХІусамдай чохь цІена Іаш, догдика, оьзда нах бу. ГІиллакхна цара чуйола аларх, йогІуш хуьлу ткъа? Хьанна хаьа, церан дагахь дерг хІун ду? ХІун гІуллакх дара, хІокхарна хІара гатто йан? Амма хаза-х ма ду кху довхачу цІа чохь. ХІетта деттинчу бепиган хазачу хьожано, дагна там беш, цергех хи туьйсуьйтура. Mepo схьалецира хи чу йоьхкинчу наьрс-помидорийн хьожа. Ма дика хир дара-кх хІусамнанас цаьршинна цхьацца цастар бепиг а, цхьацца наьрс а йелча…
Ткъа дохлуш долу догІмаш тІетта тІе кІамлора.